Лачкъор — иза пайдан Ӏалашонца дина бакъонца доцуш маьхза дӀадаккхар а, неха бахам бехкечун, йа долахочун харж йинчу кхечу стаган дола баккхар а. Ладаме ду билгалдаккхар тӀекхевдинчу бахаман кхо хӀума. Иза материалан аспект ю, цуо билгала доккху материалан дуьненан хӀуманна тӀекховдар, экономикин, шен мах хиларца, юридически, хьакхалуш долу доларчух.

Шнифераш кеггоран гӀирс. 1924
  • Лачкъош ерг — хӀуман хьесап долу, сурсатан мах болу бахам.
  • Лачкъор бакъонца ца хилар.
  • Лачкъор маьхаза хилар.
  • Долахочун харж яр.

Лачкъоран кепаш

бӀаьра нисйан
  • Къола — бахам къайлаха лачкъор.
  • Талор — ницкъ беш а, ца беш а йа бийр бу аьлла кхерам тосуш къайлаха а доцуш лачкъор, амма дахаран а, могашаллин а кхераме доцуш.
  • Курхалла — зулам хилларг Ӏехаварца йа иза тешарх зулам дина бахам лачкъор.
  • Доладаккхар — зуламхочух тешна цхьаьна Ӏалашонна бакъо йоцуш бахам а, ахча а шен долабаккхар.
  • Харж яр — лачкъоран ша йолу кеп, зуламхочух тешна болу бахам законца доцуш, байар, бохкар, бекъар, кхечарна балар.
  • ТӀеман талор — тӀеман заманахь дӀалаьцна мехкашкахь бахам лачкъор. Шуьйрачу маьӀнехь — чолхе хьал хиларх (техногенан бохам, Ӏаламан бохам, тӀеман агресси) аьтту беш муьлхха а лачкъор.
  • Ӏесалла — динан хӀума лачкъор.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан