Лаьттан бухара хиш
Ла́ьттан бу́халара хиш — тӀуьна, чӀогӀа, газкепара хьолехь дуьненан чкъоьран лакхарчу декъехь, ламанан породашна йукъахь дохку хиш[1][2].
Классификаци
бӀаьра нисйанШеш дахкаран хболашца лаьттан бухара хиш декъало масех тайпана[3]:
- хьена лаьттан;
- лаьттан;
- чкъоьрашна йукъара;
- артезианан;
- дарбане.
Хьена лаьттан хиш йузу лаьттан дакъолгашна йукъара деса меттигийн дакъа; уьш хила тарло маьрша (гравитацин), йозаллин ницкъан Ӏаткъамца дӀасалелаш йа молекулин ницкъашца совцийна йихкина.
Лаьттан хиш тӀехулонна тӀера охьа хьалхарчу хи чекх ца долуьйту чкъоьрехь кхуллу хи доллу анасиз. КӀоргехь ца хиларна лаьттан хин тӀегӀа дикка техка шеран заманашкахь: иза цкъа айало догӀанаш даьхкича йа ло дешца, йуха охьайолу йекъачу заманахь. Шийлачу Ӏай лаьттан хиш гӀоро тарло. И хиш дукхаха дерш бехделла хуьлу[3].
Чкъоьрашна йукъара хиш — лахахь лаьтта шина хи чекх ца долуьйту чкъоьрашна йукъахь доллу хи долу анасизаш[4]. Лаьттан хишшах къаьсташ, шина чкъоьран йукъара хин тӀегӀе алсама меттаха ца йолу заманан йохаллехь. Чкъоьрашна йукъара хиш алсама цӀена хуьлу, лаьттан хишшал. Ӏаткъамехь дохку чкъоьрашна йукъара хишша массара а йузу хи доллу анасиз, лаьтта гуттаренна а Ӏаткъамехь[5]. Ӏаткъамехь ду дерриг чкъоьрнашна йукъара чутаьӀна тектоникин структурашкахь дохку хиш.
Хи доллу чкъоьрнашкахула хи леларан хьелашца, декъало семса (гӀамаран, жагӀин, сицкъаран) чкъоьрнашкахь а, тархийн породин лелхарш чухула а лелаш долу лаьттан бухара хиш.
Лаьттаха дахкаре а хи чухоьу породийн йесаллин амале хьаьжна, лаьттан бухара хиш декъало[3]:
- херонийн — дохку, хьийза боьалгӀа муьран ӀаӀаршкахь: гӀамаршкахь, сицкъаршкахь, кхечу кегйелла породашкахь;
- дотӀанийн (пхенийн) — дохку, хьийза тархийн породашкахь (мокхазашкахь, гӀайракхашкахь);
- карстан (дотӀанин-карстан) — дохку, хьийза йешачу породашкахь (кир-маьӀданшкахь, доломиташкахь, гипсашкахь, кхин а).
Лаьттан бухара хин резерваш
бӀаьра нисйанЛаьттан бухара хиш — Дуьненан хин резервийн дакъа ду; дерриг лаьттан бухара хинийн резерваш 60 млн км³ сов йу. Лаьттан бухара хи маьӀда лору.
Лаьттан бухара хиш лахаран хьесапаш
бӀаьра нисйан- Меттиган геоморфологин маххадор,
- Геотермин талламаш,
- радонометри,
- талламан буру тохар,
- Буру чуьра даьккхина кхахьам, лабораторин хьелашкахь таллар,
- бурун чуьра зеран дуьхьа хиэцар,
- лаьттан тӀехулара талламан геофизика (сейсмоталлам а, электроталлам а) а, бурун каротаж а
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Подземные воды // Большой энциклопедический словарь / Гл. ред. А. М. Прохоров. — 1-е изд. — М. : Большая российская энциклопедия, 1991. — ISBN 5-85270-160-2.
- ↑ Лаьттан бухара хиш — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
- ↑ 1 2 3 К. Трубецкой. Горное дело: Терминологический словарь. — Litres, 2018-12-20. — 638 с. — ISBN 978-5-04-119548-9.
- ↑ Lev Solomonovich Gurvich. Вода - наш друг. — Знание, 1968. — 84 с.
- ↑ Oleg Vladimirovich Popov. Подземное питание рек. — Гидрометеоиздат, 1968. — 300 с.
Литература
бӀаьра нисйан- Подземные воды / А. А. Коноплянцев, Р. С. Штенгелов // Перу — Полуприцеп. — М. : Большая российская энциклопедия, 2014. — С. 547. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 26). — ISBN 978-5-85270-363-7.
- Ланге O. K. Подземные воды СССР, ч. 1-2, М., 1959—1963;
- Гидрогеология СССР. — М., 1971;
- Савцова Т. М. Общее землеведение, М., 2005.
- Почвенные воды // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Из БРЭ:
- Коноплянцев A. A., Cеменов C. M. Изучение, прогноз и картирование режима подземных вод. M., 1979.
- Классификация эксплуатационных запасов и прогнозных ресурсов подземных вод. M., 1983.
- Гольдберг В. М., Газда С. Гидрогеологические основы охраны подземных вод от загрязнения. М., 1984.
- Бочевер Ф. М., Лапшин Н. Н., Орадовская А. Е. Защита подземных вод от загрязнения. - М., Недра, 1979. - 254 c.