Литван историно (хӀинцалера Литвахойн Республикин мохк) дӀалоцу адам цунна тӀе охьахааран, вайн эрал хьалхара 10-гӀа9-гӀа а шерашкара, тӀера бехха хенан мур, таханлера хиламашка кхаччалц.

ЦӀе схьаялар нисйе бӀаьра

 
Дуьххьара Литва хьахаяр

«Литва» цӀе (Lituaeдол. дож. схьадаьлла Litua) дуьххьара хьахийна Кведлинбурган анналашкахь 1009 шарахь текъархоша миссионер Бруно Rusciae а, Lituae а дозанехь виеран хаамашкахь. Мехкан цӀе а, этноним а схьаялар кхетадо тайп-тайпана. Гипотезаш шорта хиларе хьаьжна ца Ӏаш, цхьан а царех йукъара тӀеэцна йац[1]. Уггаре чӀогӀа яьржинчу версешца, топоним схьаяьлла Нярисан га долу жимачу Летаука эрках[2]. Кхечу яьржинчу версица, термин схьайолу Аникщяйн кӀоштахула охьадогӀу Швянтойи эркан геннах Латава эрках, циггахь ю иштта цӀе йолу йоьхна гӀала[1]. Кхин а керлачу гипотезица, мехкан цӀе схьаяла тарлора этнонимах «леты» я «лейти», иштта олура гуонахьарчу латташкара литвахойн элийн дружинахойх (leičiai)[2][3][4].

ЧӀагӀдо, юьхьанца Марийна а, Суллина а юкъахь баьлла гражданий тӀеман заманахь, ткъа цул тӀаьхьа Цезарь Юлийн а, Сийлахь Помпейн а, церан когаметтачарна а юкъахь, уьш [литвахой а, самогиташ а], ерриг Итали хӀаллак хир ю вовшех байина аьлла тешна болуш, йитира шеш беха шайн шира меттигаш, даймохк. Зударшца, даьхнашца, цӀахь болчаьрца литвахой баьхкира акхарой бен кхачалур йоцу, шуьйра, еса аренашка, гуттаренна а шелонаш лаьтта, къилбаседа махка, цара цунах, даймехкан а, шира а [Итали] цӀарах элира Литали, тайпанна цӀе елира литалаш аьлла, хьалха цхьа элп «л» а тоьхна, иза италихоша хӀинца а туху шайн маттахь.

Ян Длугош, «Польшин истори»
  1. 1 2 Кеп:Книга:ВКЛЭ2
  2. 1 2 Эйдинтас А. и др. История Литвы. — Вильнюс, 2013. — С. 13.
  3. Дубонис А. Проблемы образования Литовского государства и его отношений с Галицко-Волынским княжеством в новейшей историографии Литвы Архивйина 2016-08-17 — Wayback Machine // Княжа доба: історія і культура. — 2008. — Вип. 2. — С. 156.
  4. Дини П. Балтийские языки. — М.: ОГИ, 2002. — С. 203. — ISBN 5-94282-046-5.