Литвахойн Советийн Социалистийн Республика

Литвахойн Сове́тийн Социалисти́йн Респу́блика (лит. Lietuvos Tarybų Socialistinė Respublika, Lietuvos TSR) (ЛССР, Советийн Литва) — Советийн социалистийн республикин союз. 1940—1990 шерашкара СССР республикех цхьаъ, мохк а, дозанаш а 1946 шарахь дуьйна нислора мехкаца а, дозанашца а таханлера Литван Республики (Белоруссица хилла кегийра дозанера хийцамаш боцуш). ЛССР лаьттара ССРС европин декъан малхбузехь, къилбаседехь доза ду Латвин ССРца, къилбехахь а, малхбалехь а — Белоруссийн ССРца, къилба-малбузехь РСФСРн Калининградан областца а, Польшица а. Малхбузехь Балтикин хӀорд бу. Майда — 65,2 эз. км². Коьрта шахьар — Вильнюс. ССРС юкъахь и цхьа республика яра алсама католикийн бахархой болу. 1990 шеран 11 мартехь Литван ССР лакхара Совето закон даьккхира пачхьалкхан цӀе Литван Республика аьлла хуьйцуш[1] кхайкхийра Литван маршо меттахӀотторан акт[2]. 1991 шеран 6 сентябрехь ССРС Пачхьалкхан Совето къобал йира Литван маршо.

Историн пачхьалкх
Литвахойн Советийн Социалистийн Республика
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Шатлакхан илли: Литван ССР хӀост
 
Коьрта гӀала Вильнюс
Мотт (меттанаш) литвахойн,
оьрсийн
Официалан мотт Литвахойн мотт, оьрсийн мотт
Ахча ССРС сом
Майда 65,2 эз. км2
11-гӀа ССРС
Бахархой 3689 эз. ст.
11-гӀа ССРС
Урхаллин тайпа Советийн республика
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан