Лопес, Атилио
Ихи́нио Ати́лио Ло́пес Риве́рос йа Атилио Лопес (испан. Higinio Atilio López Riveros; 1926 27 февраль, Вильяррика — 2016 14 июль) — парагвайн футболист, левзина тӀелатархочун позицехь.
Йуьззина цӀе | Ихинио Атилио Лопес Риверос | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1926 шеран 27 февраль | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Вильяррика, Парагвай | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 2016 шеран 14 июль (90 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Парагвай | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | тӀелатархо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Биографи Нисйе
Футболистан карьера йолийна 1943 шарахь коьрта шахьран «Гуаранин» йукъахь, цуьнца кхин а йалх шо даьлча йаьккхина шен цхьаъ бен йоцу Парагвайн чемпионан титул. 1950-гӀа шераш долалуш парагвайн футболан седарчийн рангерчарех цхьаъ волуш вахара «Эльдорадо» муьрера Колумбе, цигахь левзира Калера «Бока Хуниорс» йукъахь. 1953 шарахь дехьавелира Перура «Атлетико Чалако», цул тӀаьхьа йухавеира «Гуарани» (дукхаха дерг, къоман командин тренеран штабан гуш хилийтархьама) кӀеззиг Ӏийна, дӀавахара Испане, цигахь дӀакхийтира мадридан «Атлетикох»[1].
1958 шарахь йухавирзира Къилба Америке — кхаа шарахь левзира эквадоран «Атауальпехь» а, «Аукасехь» а. ТӀаьхьарчу командица 1959 шарахь туьйлира официалан йоцучу Эквадоран чемпионатехь, иза къобал йина йацара мехкан Футболан федерацис а, ФИФАс а. Футболистан карьера чекхйаьккхира даймахкахь — «Насьоналехь» а, «Сильвио Петтироссехь» (Энкарнасьон) а[1].
Парагваййукъахь дакъа лецира 1950 шеран дуьненан чемпионатехь. Цхьа гол туьйхира хин болчу турниран кхоалгӀа совгӀатхошна шведашна (2:2). 1953 шарахь гӀо дира «альбиррохен» шен исторехь дуьххьара Къилба Америкин чемпионат йаккха. Лопес левзира тобанан муьрера йерриг йалх матчехь, ши гол туьйхира, ткъа кхин а дакъа лецира «дешин матчехь» Бразилица. Оцу матчехь Атилиос туьйхира шен кхоалгӀа буьрка турнирехь, 14-гӀа минотехь чот дӀайиллира. ЖамӀехь Парагвайс иэшийра мостагӀ чот 3:2 йолуш, иштта хилира керла континентан чемпион[2].
Футболистан карьера чекхйаьлча тренер болх бира, «Спортиво Лукеньо», «Гуарани», «Либертад» командийн коьртехь хилира.
2016 шеран 14 июлехь 90 шо долуш Лопес кхелхира.
Лопес дагалаьцна Парагвайн чемпионатан гергарчу турера йерриг матчаш йолийра тийна минотан тӀиера[1].
Кхиамаш Нисйе
- Парагвайн чемпион (1): 1949
- Къилба Америкин чемпион (1): 1953
Билгалдахарш Нисйе
- ↑ 1 2 3 Nicolas Sele Falleció el gran Atilio López, campeón de América del 53 (испан.). Ассоциация футбола Парагвая (2016, 15 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 21 августехь. Теллина 2017 шеран 27 январехь.
- ↑ Martín Tabeira Southamerican Championship 1953 (ингалс.). Rec.Sport.Soccer Statistics Foundation (2008, 18 апрель). Теллина 2017 шеран 27 январехь.
Хьажоргаш Нисйе
- Профиль на сайте ФИФА Архивйина 2017-09-06 — Wayback Machine(ингалс.)
- Профиль на 11v11.com(ингалс.)