Лусима́р Ферре́йра да Си́лва (порт.-браз. Lucimar Ferreira da Silva; 1978 шеран 8 май, Бразилиа), гӀолехь вевза Лу́сио (порт.-браз. Lúcio цӀарца) — Бразилин футболист, йуккъера турсло.

Футбол
Лусио
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Лусимар Феррейра да Силва
Вина терахь 1978 шеран 8 май({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})[1][2] (45 шо)
Вина меттиг Бразилиа, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Германин байракх Германи
Локхалла 188 см
Позици юккъера турсло
Кегийрхойн клубаш
1995—1997 Бразилин байракх Планалтина
Клубан карьера[* 1]
1997  Бразилин байракх Гуара 1 (0)
1997—2000 Бразилин байракх Интернасьонал 49 (6)
2000—2004 Германин байракх Байер 04 92 (15)
2003  Германин байракх Байер 04 II 1 (0)
2004—2009 Германин байракх Бавария 144 (7)
2009—2012 Италин байракх Интернационале 96 (3)
2012 Италин байракх Ювентус 1 (0)
2013 Бразилин байракх Сан-Паулу 10 (1)
2014—2015 Бразилин байракх Палмейрас 25 (2)
2015—2016 ХӀиндин байракх Гоа 19 (0)
2018 Бразилин байракх Гама 0 (0)
2018—2019 Бразилин байракх Бразильенсе 17 (1)
Къоман гулйина команда[* 2]
2000—2011 Бразилин байракх Бразили 105 (4)
СовгӀаташ а, мидалш а
Дуьненан чемпионаташ
Деши Корей/Япон 2002
Конфедерацийн кедаш
Деши Германи 2005
Деши КъАР 2009
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Вевза «Интернасьонал», «Байер», «Бавария», италин «Интер» йукъахь ловзарца. 2002 шеран дуьненан чемпион, 2010 шеран Чемпионийн лигин толамхо.

Биографи нисйе бӀаьра

 
Лусио «Интер» йукъахь

Лусион карьера йолаелла «Планалтинин» йукъахь, левзира тӀелатархочун позицехь. 1997 шарахь иза дехьавелира «Гуаре». Оццу шарахь Бразилин кедан «Гуарин» а, «Интернасьоналан» а йукъара матч (0:7) чекхйаьлчи, Лусиога кхайкхира «цӀечарна» йукъа. Турсло сехьавериг «Интернасьонала» делира 300 эз. крузейро (100 эз. Евро гергга). Керлачу шеран хьалхарчу шарахь керла командехь Лусиос йаьккхира Риу-Гранди-ду-Сул штатан чемпионат. Порту-Алегрин командехь иза левзира 3 шарахь.

2000 шарахь Лусио дехьавелира леверкузенан «Байер 04» йукъа, цунах 8,5 млн евро делира. Хьалхарчу шарахь командехь левзира 15 матчехь, чутуьйхира 5 гол. Хьалхейаккхарехь «Байер» йаьккхира 4 меттиг, цуо бакъо йелира клубан Чемпионийн лигехь ловза. ШолгӀачу шарахь чемпионатехь «Байера» йаьккхира 2 меттиг, Германин кедехь финале йелира, ийшира «Шальке-04» командин. Оццу шарахь кхечира Чемпионийн лигин финале, цигахь ийшира мадридан «Реалан» 1:2 чоьтаца; немцоша тоьхна цхьа буьрка Лусиос туьйхира 13-гӀа ловзаран минотехь. Дика левзинчул тӀаьхьа, Лусион тӀаьхьа терго йан йуьйлайелира коьрта европин клубаш. 2003 шеран июлехь цунна контракт кховдийра «Ромас», амма цунах гӀуллакх ца хилира[3].

2004 шарахь Лусио дехьаваьлла мюнхенан «Бавари» йукъахь, 3 шеран контракт йаздина. Трансферан мах хилира 12 млн евро. 2005 шарахь барт кхин дӀа а бахбира. «Баварин» йукъахь Лусио левзира 5 шарахь, 189 матчехь, чутуьйхира 11 гол. 2008 а, 2009 а шерашкахь Лусио вара командин вице-капитан. «Баварица» цуо йаьккхира Германин чемпионат, баьккхира кхоъ Германин кад а, шиъ Немцойн лигин кад а.

2009 шеран 16 июнехь «Баварица» болу барт бохийна, дехьавелира 3 шарна контракт дина, миланан «Интернационале», шеран алапа 4,5 млн евро дара[4]. Трансферан мах хилира 7 млн евро[5]. Мюнхенхошна йукъара бразилхо дӀавахаран бахьна хилира керла тренер, Луи ван Гал, цуо элира, бразилхо стартан хӀоттамехь ловзур вац аьлла[6]. Хьалхарчу шарахь керлачу командехь бразилхо левзира 48 матчехь, чутуьйхира ши буьрка. Цуо клубан гӀодира чемпионатехь, Италин кедехь, Италин Суперкедехь, ткъа иштта Чемпионийн лигехь.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Lúcio // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. LUCIO lucimar da silva ferreira // (unspecified title) (исп.)
  3. Comunicato Stampa in merito alle trattative riguardanti il giocatore Lucio(ТӀе цакхочу хьажорг)
  4. Lucio verlässt den FC Bayern
  5. Профиль на transfermarkt.de. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 16 мартехь
  6. Lucio verlässt die Bayern. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 16 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 19 июлехь