Лысов, Иоанн Фёдорович
Лысов Иоанн (Иван) Фёдорович (эстон. Joann Lõssov; вина 1921 шеран 10 сентябрехь, Таллинехь, Эстони — велла 2000 шеран 3 августехь, Таллинехь, Эстони) — эстонин а, советийн баскетболхо а, баскетболан тренер а. Левзина ловзар дӀахьо турслочун позицехь.
Лысов Иоанн | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
эстон. Joann Lõssov | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Файл:Иоанн Лысов.jpg | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | Ловзар дӀахьо турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 174 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() ![]() |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1921 шеран 10 сентябрь | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Таллин, Эстони | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 2000 шеран 3 август (78 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Таллин, Эстони | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Шозза Европин чемпион, 1952 шеран Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1947).
ССРС зударийн гулйина командин лакхара тренер волуш йаьккхина 1954 а, 1956 а шерашкара Европин чемпион. ССРС хьакъ долу тренер (1957).
БиографиНисйе
Клубан карьераНисйе
Лысов Иоанн баскетболех ловза волавелла таллинан «Русь» клубехь 1935 шарахь, Балтикайист ССРС схьатоьхча левзира таллинан эпсарийн цӀийнан клубехь[1].
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъахо, гӀуллакхехь вара 7-гӀа кхийсархойн дивизехь[2], совгӀат дина ЦӀечу Седанан орденца[1], Даймехкан тӀеман II тӀегӀанан орденца (06.04.1985)[3].
ТӀом чекхбаьлча Лысов левзира таллинан «Калевхь», цунна йукъахь хилира тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьара хьалхарчу мехкан чемпионатан борзанан совгӀатхо[1]. Цул тӀаьхьа, 1949 – 1951 шерашкахь левзира тартун УСК йукъахь, цуьнца хилира ССРС чемпионатан чемпион а, детин совгӀатхо а. ТӀаьхьа йуха а левзира «Калевгахьа»[4], карьера чекхйаьккхира 1958 шарахь[1].
КхиамашНисйе
Ловзархо волушНисйе
КомандинНисйе
КлубанНисйе
- ССРС чемпион: 1949
- ССРС чемпионатан детин совгӀатхо: 1950
- ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1945
Гулйина командехьНисйе
- Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо: 1952
- Европин чемпион (2): 1947, 1951
- Дерриг дуьненан студентийн ловзарийн толамхо (2): 1949, 1951
Шен кхиамашНисйе
Тренер волушНисйе
- Европин чемпион (зударий) (2): 1954, 1956
- Дуьненайукъара кегийрхойн доттагӀаллин спортан ловзарийн толамхо (3): 1953, 1955, 1957
- Дерриг дуьненан студентийн ловзарийн детин совгӀатхо: 1954
ХьажоргашНисйе
- Joann Lòssov Архивйина 2016-03-03 — Wayback Machine — Olympic medals and stats(ингалс.)
- Иоанн Лысов — олимпийн статистика сайт тӀехь Sports-Reference.com(ингалс.)
- Joann Lõssov — Arhiiv Delfi(эст.)
- Профиль на ESBL
БилгалдахаршНисйе
- ↑ 1 2 3 4 Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 199—200.
- ↑ Lõssov, Joann (эст.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). ESBL. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 12 сентябрехь. Теллина 2012 шеран 17 февралехь.
- ↑ Лысов Иоанн Федорович 1921 г.р.
- ↑ Хавин Б. Н. Всё о советских олимпийцах. — М.: Физкультура и спорт, 1985. — С. 7—8.