Сулаев, Магомет Абуевич

(Магомед Сулаев тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 13 январь).

Сула́ев Магоме́т Абу́евич (1920 шеран 20 сентябрь — 1992 шеран 11 ноябрь) — ночхийн йаздархо а, поэт а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, СССРн а йаздархойн Бертан декъашхо.

Сулаев Магомед Абуевич
ГӀуллакхан тайпа йаздархо, поэт, хирург, новеллист
Вина терахь 1920 шеран 20 сентябрь({{padleft:1920|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Вина меттиг ГӀойтӀа, Нохчийн къоман округ, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 1992 шеран 11 ноябрь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (72 шо)
Корматалла йаздархо, поэт
Гражданалла ССРС СССР
Да Абу

Вина 1920 шеран 20 сентябрехь ГӀойтӀахь. 1933 шарахь школа чекхйаьккхира цо. Шен хьалхара байт «Нохчийн илли» цо йазйира 15 шо кхаьчна волуш. Бакохь рабфак чекхйаьккхира цо. 1941 шарахь Сулаевс чекхйаьккхира Бакохь йолу Азербайджанан лоьран институт.

1943 шарахь цо кхоьллира шен хьалхар йоккха произведени — «Малх тоьлур бу» цӀе йолу поэма. Иза йазйина йара Советски Союзан Турпалхочун Ханпаша Нурадилован лерина. Нохчий цӀера бехначу хенахь цо йаздар ца дитира, амма цо йазйинарш ара ца хоьцара.

Иза вара республикин больницин хирург а, санитарин серлонан республикин цӀан коьрта лор а[1]. Цуьнга дика цхьанабалора лоьран болх а, йаздархон болх а. Сулаевс арахийцира масийтта поэзин а, критикин а, прозин а гуламаш.

Библиографи

бӀаьра нисйан
  • поэма «Солнце победит» (1943 шо)
  • роман «Тавсултан покидает горы» (1966 шо)
  • роман «Лаьмнаша ца дицдо» (1990 шо)
  • «Велларг денвар» (1959 шо)
  • «Даймехкан зӀаьнарш» (1961 шо)
  • «Октябро кхоьллинарг» (1968 шо)
  • «Йовшйоцу цӀе» (1970 шо)
  • «Бой за солнце» (1970 шо)
  • «Чинар на скале» (1972 шо)
  • «Бакъдерг» («Истина», 1973 шо)
  • «Лаьттан бос» (1978 шо)
  • «Адамалла» (1984 шо)
  • «Орлиной тропой» (1987 шо)
  • «Иду на зов»
  • «Искры из сердца»
  • «Песни любви»

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
Нохчийн маттахь
  • Айдаев Ю. ХӀунда воьду Тавсолта ломара дӀа? «Орга», 1967, № 3-4.
  • Чентиева М. Безаман эшарш. ДоттагӀалла, 1959, № 4.
  • Чентиева М. Тавсолта ломара дӀавоьду. «Ленинан некъ», 1967, 17 февраль.
Оьрсийн маттахь
  • Алироев И. Товсолтан уходит с гор. «Грозненский рабочий», 1967, 15 июня.
  • Мальсагова А. У., Туркаева Х. В. «Писатели советской Чечено-Ингушетии». 1969 шо.
  • Мамакаев М. Показать духовную красоту нашего современника. «Грозненский рабочий», 1961, 4 июня.
  • Мамакаев М. Поэты и современность. «Грозненский рабочий», 1964, 20 декабря.
  • Чентиева М. Черты нового. «Грозненский рабочий», 1962, 26 декабря.