Гӏойтӏа[1]схьадаьлла нохчий «гӏой» дашах — эскар) — Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан кӀоштан эвла . ГӀойтӀин йуьртан меттиган административан йукъ[3].

Эвла
нох. Гӏойтӏа[1]
оьрс. Гойты
Сурт
43°09′46″ къ. ш. 45°37′13″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Хьалха-Мартанан
Йуьртда Бакашев Сайд-Селим Мохьмадан воӀ
Истори а, географи а
Дуьххьара хьахор 1785 шо
Хьалхара цӀерш 1944 кхаччалц — ГӀойтӀа
1957 кхаччалц — Свободное
Центран локхалла 214 м
Климатан тайпа барамера
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 18 939[2] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87145
Поштан индекс 366502
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО код 96234813001
Картин тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]
нох. Гӏойтӏа[1] картан тӀехь
нох. Гӏойтӏа[1]

Географи Нисйе

 
ГӀойтӀин йуьртан меттиг ТӀехьа-Мартанан кӀоштан картин тӀехь

Эвла лаьтта ГӀойтӀа эркан (Соьлжин аьтту га) шинне бердаца а, Промышленни татолаца а. Соьлжа-ГӀалин 12 км къилбехьа а, федералан «Кавказ» автонекъан 7 км къилбехьа а, ТӀехьа-Марта гӀалин 3 км къилбаседа-малхбалехьа а лаьтта.

Уггаре гергара нах беха меттигаш:ТӀехьа-Марта къилба-малхбузехьа, Ӏалхан-Йурт къилбаседа-малхбузехьа, Шовдане къилбаседа-малхбалехьа, Йоккха АтагӀа малхбалехьа, Доулт-Мирзан-КӀотар, ГӀой-Йист, Олхазар-КӀотар къилбехьа.

Истори Нисйе

Эвланах болу дуьххьарлера хаамаш бу 1785 шарахь, Кавказан тӀеман исторех лаьцна, цигахь ду, шейх Мансура ГӀойтӀара зуда йалийна аьлла.

1822 шарахь ГӀойтӀа а, ТӀехьа-Марта а эвланаш хӀаллакйира полковника Грековс. Кхин а эвланах хаамаш бу инарло Фрейтага хьуьнан йукъахула «ГӀойтӀин некъ» баккхарх (1846 шеран 16 декабрехь — 5 январехь).

1918-19 шерашкахь эвлахь йара Советийн Ӏедалан гӀолаьцна Эльдарханов Таьштамар куьйгаллехь волу Нохчийчоьнан Халкъан кхеташо. ГӀойтӀин кхеташоно кхоьллира баьччаллехь Шерипов Асланбек волу Нохчийн ЦӀен эскар. 1919 шеран февралехь Соьлжа-ГӀала инарла Шатиловн оьрсийн эскарша мукъайаьккхича, Гикало Николай куьйгаллехь волу цӀенэскархойх бисинарш, бевдира Соьлжин дехьа. ГӀойтӀин Халкъан кхеташоно цӀенаш дӀа а ца белла, къиза дуьхьало йира РКъТӀН дакъошна. 1919 шарахь, ГӀойтӀа йолчохь, Гражданийн тӀеман муьрера БӀе дийнан тӀемашкахь, хӀаллакдира инарла Деникинан эскар.

1944 шарахь нохчийн къам арадаьккхинчул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхира, йуьртан цӀе хийцира Свободни (нохчех маьрша). 1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа эвлан историн цӀе схьайелира.

Бахархой Нисйе

Бахархойн дукхалла
1939[4]1979[5]1990[6]2002[7]2010[8]2012[9]2013[10]
5886896610 40213 22116 17716 66117 016
2014[11]2015[12]2016[13]2017[14]2018[15]2019[16]2020[2]
17 37117 83118 01418 25118 53418 81618 939

Инфраструктура Нисйе

Эвлан йуккъехь лаьтта XIX бӀешарахь диллина доккха маьждиг. Эвлахь болх беш йу 5 ишкол, цхьа могӀа дешаран меттигийн филиалаш. Совхоз а, цхьа могӀа промышленностан предприятеш а йу.

Галерей Нисйе

Билгалдахарш Нисйе

  1. 1 2 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  2. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
  3. Гойтинская сельский округ (сельсовет)* (Урус-Мартановский район)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 8 февралехь. Теллина 2011 шеран 18 сентябрехь.
  4. Кеп:Население/1939AI
  5. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 29 декабрехь. Теллина 2013 шеран 29 декабрехь.
  6. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  7. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь.
  8. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  9. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  10. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  11. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.