Маташ Хамзатханович Мазаев (1908, Лакха-Невре — 1942, Мали Чапурники) — советийн танкист[1][2], капитан, БАЦӀЭ Польше йахаран а, Ӏьанан тӀеман (1939—1940) а, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман а декъашхо[3][4][5][6]. «Прометей в танковом шлеме» цӀе йолу Р. А. Белевинтевс йаздина жайнин турпал[7][8].

Маташ Хамзатханович Мазаев
Псевдоним Дед Мазай
Вина терахь 1908({{padleft:1908|4|0}})
Вина меттиг Лакха-Невре, Теркан область,
Российн импери
Кхелхина терахь 1942({{padleft:1942|4|0}})
Кхелхина меттиг Мали Чапурники, Сталинградан область, РСФСР, ССРС
Пачхьалкх  ССРС
Эскаран тайпа танкийн эскар
Дарж капитан
ТӀемаш
  • БАЦӀЭ Польше йахар;
  • Ӏьанан тӀом (1939—1940);
  • Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом.
СовгӀаташ
орден Красного Знамени

Жималлин шераш

бӀаьра нисйан

Мазаев Маташ вина 1908 шарахь Теркан областан Лакха Неврехь МазаевгӀеран Хьамзатханан а, Балин а доьзалехь. 1918 шарахь теркан гӀазакхийн латташ Ӏедало схьадохучу хенахь доьзалан латта делира Эна-Хишкахь (Михайлскехь, Серноводскехь), цига дӀакхелхира. Цигахь Маташа ворхӀ шеран ишкол чекхйаьккхира, шен доттагӀашца Ибрагимов Ӏелица а, Казалиев ИбрахӀимца а йуьртахь дуьххьарлера комсомолхо хилира[9].

Партин гӀуллакх

бӀаьра нисйан

Оцу хенахь Къилбаседа Кавказехь лакхарчу тӀегӀанера обаргалла хилла, рожехь нислора комсомолхой байар, обаргаш къола дора маьхкдаьттан промыслашна, тӀелиетара цӀерпоштана. Мазаевс кхоьллира комсомолхойн ша куьйгаллехь волуш тоба, обаргашна аьттонца тӀом бора цара[9].

Цуьнан политикин кечаман мах хадийна, комсомолан райкомо Мазаев хьажийра советийн партин ишколе, 1926 шарахь иза чекхйаьккхина, шен дахар партин белхаца дихкира цуо. Амма Москвохара Соьлжа-ГӀалин обкоман меттиг белира Н. Э. Бауманан цӀарахчу Москвохан Лакхарчу Техникин училище. ССРС коьртачу шахьарехь Нохчийчоьнан комсомолан векал хаьржира Мазаев Маташ. Иза Москвоха дӀа а вахана дешарна чувуьйлира[9].

1929 шарахь Мазаев ШРКП(б) йукъа вахара[9].

ТӀеман гӀуллакх

бӀаьра нисйан

1930 шарахь, училище чекхйаьккхича, эскаре кхайкхира, цигара Киевн бронетанкин училище вахара. 1935 шарахь училище[10] чекхйаьккхича, Мазаев Маташ Киевхь лаьттачу механизаци йинчу йаккхий тоьпийн разведкийн бригадан взводан баьчча хӀоттийра. Иза бахьна долуш, иза цхьана баттана мукъавалийтира, и бут цуо цӀахь баьккхира, иза цӀа варна лерина той хӀоттийра[9].

ЦӀера схьавеача Мазаев билгалвелира киевн йаккхийчу манёврашкахь, иза бахьнехь совгӀатна цӀарца долу сахьт делира Киевн тIеман гуонанн баьччо шен куьйгара. Оццу шарахь иза хӀоттийра Староконстантиновера 26-гӀа танкин бригадан бронеразведкин баьчча. Бригадан йукъахь дакъа лецира БАЦӀЭ Польше йоьдуш, тӀехьа хьажийра Ленинграде курсашка баьччийн состав туойархьама, уьш чекхйаьхча кхоссархойн дивизица хьажийра Ӏаьнан тӀаме батальонан баьччан гӀовс даржехь[9].Тупури-сари кӀоштехь Маннергейман могIанах бовлуш Мазаев къаьстира, Турпал цӀе йала дахьийтира кехаташ, амма совгӀат ца дира. 1941 шеран мартехь Мазаев дехьаваьккхира 8-гӀа механизаци йинчу корпусан йукъахь 34-гӀа танкан дивизин танкан батальонан баьчча дарже[9].

Сийлахь Даймехкан тIом Мазаев Маташан болабелира Карпаташкахь[11]. ТӀеман хьалхарчу сахьташкара дуьйна дакъа лецира тӀемашкахь Перемышлан уллохь, оцу тӀамехь цуьнан батальона делла доза лардина ца Ӏаш, аьттонца тӀе а лиетара Берестечко а, Лешнев а агӀора. Кхин а, тӀеман хьалхарчу деношкахь, цуьнан корпусан аьтту белира йоццучу хенан Польшин латан тӀехь плацдарм дӀалаца, 1939 шарахь дуьйна немцойн оккупацехь йара иза[12][13]. Иза бахьнехь Мазаев шолгӀа а Турпал цӀе йала дахьийтира кехаташ[9], амма йелира ЦIиен Байракхан орден. ТӀемашкахь човйира когах а, гайх а кхетна[14][15].

 
1941 шарахь аьхка йохийна Советийн танк Т-26. Оцу кепарчу танкаш йара капитан М. Х. Мазаевн батальонехь.

Дубно йоккху тӀамехь капитан Мазаев чӀогӀа вагийра йогуш йолчу танки чохь, амма госпитале ваха реза ца хилира, танке «Ӏадикайан воллу» аьлла чу а хиина батальон тӀелеташ куьйгалла дира замполит йукъалелаш, лакхарчу хьаькмех лечкъаш. ТӀом чекхбаьлча гучувелира корпусан замполитан Попелан, Турпал цӀе йала дахьийтира кехаташ кхуззалгӀа а, госпитале дӀа а хьажийра[16]. Амма тӀаккха а лакхара совгӀат ца делира[9].

1941 шеран декабрехь Мазаев йуха а кхечира госпитале — хӀинца когана човйина. Вермахт чуйарна госпиталь Мариуполера дӀайаьхьира Соьлжа-ГӀала, араваьккхинчул тӀаьхьа 1942 шеран аьхка иза хӀоттийра Соьлжа-ГӀаларчу лахарчу баьччийн хӀоттаман курсийн дешаран декъан хьаькам[17]. Амма сихха фронтера хьал хийцаделира, училищан курсантех кхоьллира курсантийн полк, цуьнан цхьана батальонан баьчча вара Мазаев. 1942 шеран 13 июлехь полк дозаллийца дӀайахара Сталинградан фронте[18], хӀоттийра иза Васильевкан уллохь мостагӀан вермахтан 4-гӀа танкан эскар дехьа ца далийтархьама. 1942 шеран августан тӀемашкахь полкан даккхий зенаш хилира кхелхинчаьрца а, чевнашйинчаьрца а, кхелхинчарна йукъахь вара Мазаев Маташ а[9]. «Танкан шлем тиллина Пхьаьрмат» жайнахь Белевитневс дуьйцу Мазаев кхалхарх лаьцна, цуьнца Соьлжа-ГӀалин курсантийн полкехь хиллачу накъосто дийцарх:

Мазаевн броневик, тарх санна дуьхьалъелира мрстагӀийн танкийн Ӏоврашна, дӀасабийкъира уьш, гуонаш бохуш цу чохь. Гитлерхой дӀасахьевдира цунан уллора, меттиг йассош, амма оцу хенахь машенан агӀон тӀе хӀоа кхийтира, чӀогӀа кхийтира цунна, сацийра. ТӀеххье шолгӀа хӀоано бӀов дӀайаьккхира цуьнан. Тарасенко кхин а цхьана хенахь хьийжира, догдохура, хӀинц-хӀинца Мазаев йа танк лелориг араоьккху машен чуьра… Амма цхьан а цу чуьра ара ца иккхира, эккха а лур вацара…

Официалан Мазаев, кхин дуккха а болу Соьлжа-ГӀалин курсантийн полкера кхелхина тӀемлой санна, тӀепаз вайна лерира[19].

ТӀеман гӀуллакхехь лаьцна дакъа

бӀаьра нисйан

Ӏаьнан тӀамехь Тупури гӀайре йоккхуш танки Мазаевн куьйгаллехь йолу танкаш къаьстира тӀелатаран сихоллийца — лакхара сихалло таро йира лахарчу харжашца финнийн позицешка чулелха. ТӀехьуо, иштта манёврах «Мазаевн» маневр ала буьйлабелира[9].

Сийлахь Даймехкан тӀеман хьалхарчу деношкахь Мазаевс вермахтан танкан зайланашна дуьхьала флангашкахула тӀелета тактика кхоьллира. Кхин а Мазаевс батальонехь ишкол кхоьллира танкийн эскаршна сихха тӀемлой кечбеш йолу[9].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

Цхьаболчу талламхоша дийцарехь, Мазаев Маташан кхузза Турпал цӀе йала дахьийтина кехаташ, амма Дешийн седица цунна совгӀат ца дира[9].

 
Мазаев Маташан хӀоллам Соьлжа-ГӀалахь

Мазаев Маташ гӀаравелира дийна а волуш. Цунах лаьцна йаззамаш бевлира газеташкахь «Правда»[12] а, «Ленинан некъ» а[13] 1941 шарахь цуьнан ден цӀахь даиман а хьеший бара, баркалла олура доьзална, иштта кӀант кхиаварна. Меттигера бахархой рожехь богӀура колхозан партин кхолламан секретарь волчу, шайн турпалчу махкахочух болу йаззам бешар дехар деш[9].

Училищан баьччалла деш, цуо сих-сиха тӀеозабора курсанташ шен цӀарца[17].

Кхелхинчул тӀехьа Мазаевх хилира литературин кхолламийн турпал. Цунах лаьцна жайна йаздира «Танкан шлем тиллина Пхьаьрмат» цӀе йолуш[7][8], цунна лерина дара байташ Д. Кагермановн «Мазаев Маташан билгалонаш» а, Мамакаев Ӏарбин «Чевнаш хиллачу капитане». Кхин а, Мазаев Маташ шен танкан уллохь волуш даьхна кадраш, «Сийлахь Даймехкан» фильм йукъадахана[9].

Мазаев Маташан цӀарах урамаш ду Соьлжа-ГӀалахь[20], Устар-ГӀордойхь, ЧӀуьлга-Йуьртахь. Иштта Соьлжа-ГӀалахь Сийлаллин Аллейхь 2012 шарахь хӀоттийна хӀоллам — Т-34-85 экъана тӀехь йаздина: «Танкан шлем тиллина Пхьаьрмат», капитанан Мазаев Маташан а, тӀемлошна-танкисташна а, Сийлахь Даймехкан тӀамехь эгна болчу"[21][22].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Тотоев, 1972, с. 247.
  2. Le Huérou, Merlin, Regamey, Sieca-Kozlowski, 2014, p. 40, 52.
  3. Туркаев, 2008, с. 405.
  4. Боромангнаев, 2010, с. 290, 313, 338, 351 — 353.
  5. Чекалин, 1999, с. 502.
  6. Смирнов, 1967, с. 247.
  7. 1 2 Белевитнев, 1975.
  8. 1 2 Туркаев, 1983, с. 90.
  9. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 Р. А. Джакаева. Военные Чечни и Ингушетии. Грозный без формата (1 июня 2012). ТӀекхочу дата: 25 декабря 2015. Архивйина 25 декабря 2015
  10. Боромангнаев, 2010, с. 351.
  11. Ковалёв, Ковалевский, 2006.
  12. 1 2 Бутасов. Героические подвиги танкистов // Правда. — 1941. — 1 июлехь.
  13. 1 2 Турпалхо-танкист (чеч.) // Ленинан некъ. — 1941. — 26 июлехь.
  14. М. Ибаева. «Я честно выполнил свой долг перед Родиной!» Грозный-информ (8 мая 2013). ТӀекхочу дата: 28 декабря 2015. Архивйина 28 декабря 2015
  15. Пенежко, 1947, с. 23 — 39.
  16. Попель, 2001, с. 149.
  17. 1 2 А. С. Устарханов. Маташ ждал до рассвета. Народ и Власть (14 мая 2013). ТӀекхочу дата: 25 декабря 2015. Архивйина 25 декабря 2015 Архивйина 2015-12-25 at archive.today
  18. Н. В. Гафурова. Грозненский курсантский пехотный полк «Курсанты стояли насмерть». БВОКУ. ТӀекхочу дата: 29 декабря 2015. Архивйина 29 декабря 2015
  19. Кеп:ОБД Мемориал
  20. Н. Г. Щербаков. О чем говорят названия улиц. Groznycity.ru. ТӀекхочу дата: 25 декабря 2015. Архивйина 25 декабря 2015
  21. Памятник Маташу Мазаеву. Rutraveller.
  22. "Танк-памятник Т-34 в честь легендарного чеченского танкиста Маташа Мазаева и воинов-танкистов открыт в городе Грозном". Грозный-информ. 9 мая 2012. Архивировано 2015 ш. 25 ноябрехь. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 25 ноябрехь. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |accessdate= and |archivedate= (справка) Архивйина 2015-12-25 at archive.today

Литература

бӀаьра нисйан