Исламехь маликаш
Делан омранаш кхочушдеш йолу садолухӀуманаш
(Маликаш исламехь тӀера хьажжина кхуза)
Малик (Ӏаьр. مَلَكٌ малак), д. т. маликаш (مَلَائِكَةٌ мала̄икат) — уьш Дала нуьрах кхоьллина садолухӀуманаш йу. Уьш сийлахь долу леш ду, Делан омранашна Ӏеса ца хуьлу уьш, шайга омрадинарг кхочуш а до цара. Уьш боьрша ду йа сте̄н ду аьлла сурт ца хӀоттадо царна. Цара йаа а ца йуу, мала а ца молу, зуда а ца йалайо, са а ца гатло, гӀелла а ца ло, АллахӀ воцучунна уьш дукхаллехь мел ду а ца хаьа. Царех тешар ийманан арканех шолгӀа рукна йу.