Малхбуз-ламаз
бусалбанаша хӀора денна дечу пхеа ламазах кхоалгӀаниг
Малхбуз-ламаз, Ӏаср-ламаз (Ӏаьр. صَلَاةُ العَصْر, салатул-Ӏаср) — иза хӀора гӀеметтахӀоьттинчу бусалбачу стагана тӀедиллинчу пхеа ламазах кхоалгӀаниг ду. И хӀотталуш ду деа ракаӀатах, ткъа цуьнан хан: малх делкъал тӀаьхьенга лестина, мажбала болабелча хуьлуш йу. И меллаша доьшу ламаз а ду.