Делкъ-ламаз
бусалбанаша хӀора денна дечу пхеа ламазах шолгӀаниг
Делкъ-ламаз, зухӀр-ламаз (Ӏаьр. صَلَاةُ الظُّهْر, салатуз-зухӀр) — иза хӀора гӀеметтахӀоьттинчу бусалбачу стагана тӀедиллинчу пхеа ламазах шолгӀаниг ду. И хӀотталуш ду деа ракаӀатах, ткъа цуьнан хан: малх делкъенга баьллачул тIаьхьа хуьлуш йу, иштта цхьана хӀуманан ӀиндагӀ оцу хӀуманах терра дӀахӀоьттича а. И меллаша доьшу ламаз а ду. И до кӀиранан массо а дийнахь делкъхенахь, пӀераска доцург, тӀаккха цуьнан метта рузба до маьждиге вогӀучо. Пхи ламаз тӀедиллинчул тӀаьхьа, Мухьаммад пайхамаро ﷺ дуьххьара дина ламаз а ду иза[1][2].
Хьосташ
бӀаьра нисйан- ↑ مصنف عبد الرزاق (1 / 453).
- ↑ مجمل, فريق صلاة الظهر (Ӏаьр.). مجمل (2020 шеран 12 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 17 май.