Ахме́д Татарха́нович Мальса́гов (1912, Аьлти-Йуьртан административан гуо, Терски область — 1942 шеран 7 январь, Варваровка, Луганскан область) — советски кеманхо, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман хенахь — бомбардировщикийн звенон командир, майор. Российн Федерацин Турпал (6.07.1995, веллачул тӀаьхьа).

Ахмед Татарханович Мальсагов
ГӀуллакхан тайпа военнослужащий
Вина терахь 1912
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1942 шеран 7 январь({{padleft:1942|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})
Кхелхина меттиг
СовгӀаташ
Российн Федерацин Турпалхо
Российн Федерацин Турпалхо
ЦӀен Байракхан орден

Вина 1912 шарахь Альтиево юртахь (тахана — Несаран кӀошт). ГӀалгӀа.

1937 шарахь цо Сталинградан тӀеман авиацин школа тӀехдика чекхйаьккхина кеманхо-бомбардировщик хилира. ТӀом болабелча иза Ворошиловградан областехь вара. Оцу хенахь иза кеманийн звенон командир вара.

  • 1941 шеран 22, 24, 29 июлехь цо шен кеманца немцойн 10 танк а, пехотан 2 рота а хӀаллакйира.
  • 1941 шеран 5 августехь Первомайскан уллехь цо хӀаллайира 7 мостагӀийн танк.
  • 1941 шеран 6 августехь цо хӀаллакйира немцойн пехотан взвод.
  • 1941 шеран 18 а, 19 а августехь 8 бегӀийла тӀемавалар дира. И бахьнехь цунна фронтан буьйранчас баркалла кхайкхира.
  • 1941 шеран 20-22 августехь цо хӀаллкйира 10 танк а, пехотан рота а, шиъ зенитка.

1942 шеран 7 январехь цунна йелира ЦӀен байракхан орден.

Иза вийнера 1942 шеран 14 январехь. ДӀавоьллина Украинин Ворошиловградски областин Кременски кӀоштан Варваровка юртан уллехь. Цунна Советски Союзан Турпал цӀе йала йеза аьлла цуьнан хьакимаш шозза кехаташ кечдинера, амма цера гӀуллакх ца хилира.1995 шеран 6 июлехь Мальсагован йелира Российн Федерацин Турпалан цӀе.

Цуьнан жима ваша капитан Магомет Татарханович вара танкийн батальонан командир. 1942 шарахь цунна чолхе чевнаш йинчултӀехь иза госпитале дӀахьажийра. Кхоьчу ЦӀен эскаран эпсаршца цхьана цунна немцош тоьпаш туьйхира.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан