МаргӀал
МаргӀал (лат. córmus) — лакхарчу ораматийн коьртачех вегетативан меже ю, лаьтта тӀехь гӀаш а, патарш а долчу гӀадах.
МаргӀалаш кеп хийцар (метаморфоз)
бӀаьра нисйанЛаьттан бухара маргӀалаш кеп хийцар
бӀаьра нисйанЛаьттан бухахь деха маргӀалаш, латтан тӀехулара Ӏаламах цӀеххьана къаьстачу хьолан комплексан Ӏаткъамца, дерриг аьлча санна фотосинтезан функци яйина, тӀеэцна кхин, цулла а кӀезиг ладаме йоцу дахаран функцеш, масала, гӀуо мур атта лар, даар гулдар, вегетативан карладалар, ораматаш дебар. Лаьттан бухара кеп хийцина маргӀалаш ду: орам, каудекс, лаьттан бухара столон, орамстом, орамкорта, орамстоьмакорта.
Орам, я ризом — лахара формацин пелаг кепара гӀаш, патарш, тӀетоьхна орамаш долу лаьттан бухара маргӀал ду. Стаммий, чӀогӀа даьржина текха орамаш хуьлу Ӏажаркхан, доца а, дилхала а — купенан, стелаӀадан, чӀогӀа стаммий — жовзанан.
Каудекс — дика кхиина, ораматан дахарехь лаьтта чӀун орам болу дукхашерийн бецийн а, ахколлийн а маргӀал кепара дукхашерийн меже ю. Орамца цхьаьна цунна чохь дӀадуьллу тӀаьхьлонан даар, шен тӀехь лелайо шортта карладаккхаран патарш, цхьа дакъа царех дижина хила тарло. Каудексан ораматаш дукха ду четаркепарчарна (бедренец, ферула), кхоьшкепарчарна (кхоткъа, люпин) юкъахь, чолхезезагдолчарна (баппа, юша, шога сендарг).
Лаьттан бухара столон — цхьаьна шеран дахдина дуткъа кхианза пелаг кепара гӀаш долу лаьттан бухара маргӀал. Ораматийн столонийн стаммий юьхьигашкахь, орамстом я орамкорта (картол, седмичник, адокса) беш, гулдала таро ю тӀехьлонан даар.
ГӀадан орамстом — сихха хебаш пелаг кепара гӀаш а, гӀашна, бӀаьргашна тӀехь кхуьуш патарш а долу, къаьсташа дӀаюьллу функцеш йолу, гӀад долу кеп хийцина маргӀал (картол, балга).
Орамкорта — лаьттан бухара (наггахь тӀехулара) чӀогӀа доца башха маргӀал, цунна чохь дӀадуьллу даар хуьлу гӀан Ӏаламан пелагаш чохь, ткъа гӀад хийцаделла хуьлу бухахь. Орамкорта — вегетативан карладаккхаран а, дебаран а тайпана меже ю. Орамкортош хуьлу цхьандекъан ораматийн жовзанкепарчеран (жовзан, алцӀендзӀам, хох), амариллискепарчеран (амариллис, нарцисс, гиацинт), кхин а доьзалера. Наггахь уьш хуьлу шиндекъачеран — муьстарган а, жирянкан а цхьайолчу кепийн.
Орамстоьманкорта — ораматстоьмакоьртан лахарчу агӀора тӀекхуьуш орамаш долу, тӀаьхьлон дӀаюьллу ассимиляташ йолу, стомма гӀад долу, кеп хийцина лаьттан бухара доца маргӀал, латтадо цхьаьна турсан чкъор хуьлуш долу бух тӀиера дакъаделла гӀаш (пардон пелаг). Орамстоьманкортош хуьлу безвременник, гладиолус, иксия, шафран.