Мария-Луиза Австрийн
Мария-Луиза Австрийн (нем. Marie-Louise von Österreich; 1791 шеран 12 декабрехь, Вена — 1847 шеран 17 декабрехь, Парма) — 1806 шарахь Австрин император хилла волчу Франц I-чун, Сийлахь Руман империн императоран Франц II-гӀачун йоӀ, Мария-Антуанеттин вешийн кӀентан йоӀ. Наполеона I-чун шолгӀа зуда, 1810—1814 шерашкахь Францин императр-аьзни. Наполеона дарж дитича — Парман, Пьяченцан, Гвасталлан герцог-аьзни.
Мария-Луиза Австрийн | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
фр. Marie-Louise d'Autriche нем. Marie-Louise von Österreich | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Жозефина Богарне | ||||||
Когаметтаниг | Мария Амалия Неаполан | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Фердинанд I | ||||||
Когаметтаниг | Карл II | ||||||
Дин | католикин килс | ||||||
Йина терахь | 1791 шеран 12 декабрь | ||||||
Йина меттиг | Вена, Австри | ||||||
Кхелхина терахь | 1847 шеран 17 декабрь (56 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Парма, Итали | ||||||
ДӀайоьллина | Императоран маьлхан кешнаш | ||||||
Тайпа | Габсбург-Лотарингин цӀа | ||||||
Да | Франц II | ||||||
Нана | Мария Тереза Бурбон-Неаполан | ||||||
Майра |
1-ра: Наполеон I 2-гӀа:фон Нейпперг Адам Альберт 3-гӀа: Карл-Рене де Бомбель |
||||||
Бераш |
1-чу марех: кӀант: Наполеон II 2-гӀа марех: йоӀ: Альбертина ди Монтенуово кӀант: Вильгельм Альберт ди Монтенуово |
||||||
Динлелор | Руман-Католикийн килса | ||||||
Автограф | |||||||
Монограмма | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанТӀом чекхбаьлча 1809 шарахь Наполеона, Жозефина Богарне йитина, шен зуда хаьржира Мария-Луиза, 1810 шеран 1 апрелехь церан мах бира кардинала Феша Парижехь. Австрийн векал Шварценберг волчохь, ловзар чекхделира цӀейаларца.
1811 шарахь Мария-Луизас кӀант вира Наполеон, цунна императоро руман паччахь дарж делира.
1812 шарахь Мария-Луиза йахара Наполеонца Дрездене монархийн гуламе. Императоро Россехь тӀом бечу хенахь, иза императоран декхарш кхочушдеш йара Парижехь; латтийра регенталла 1813—1814 шерашкахь а. Париж йаккхале, 1814 шарахь император-аьзни кхелхира Блуа. Наполеона дарж дитича уьш бехира Шёнбруннехь. Историко Андре Кастелос шен жайнахь «Наполеонан кӀант» дийцарехь, императорца къаьстинчул тӀаьхьа шен кӀант кхиорехь кӀезиг терго йора, иза шен дех тера ву бохуш. ТӀаьхьо иза йист а ца хуьлура цуьнга, наггахь кехат йаздора Пармера Вене.
Цуьнан обер-гофмаршал хӀоттийра австрийн инарла граф фон Нейпперг Адам Альберт, Наполеон даржехь волчу хенахь дуьйна а цуьнан везар хилла волу. 1817 шарахь цуо йоӀ йира, ткъа 1819 — кӀант (хӀара хаамаш а балийна Андре Кастелос). КъуотгӀала бераш дар йехачу хенахь лечкъийра австрийн императорах а, Мария-Луизин дех. Наполеон велла 1821 шарахь, тӀаккхий бен Мария-Луизега мах ца банбелира Нейппергца 1821 шеран 8 августехь.
1816 шарахь Мария-Луизас тӀелецира шена Фонтенблохь бинчу бартаца йелла императоран сийлаллин титулца Парман, Пьяченцан, Гвасталлан урхалла. Парме кхелхина, цуо шен долара гӀала йира, шортта безарш болуш. Граф Нейпперг веллачул тӀаьхьа (22 февраль 1829 шо) Мария-Луиза кхин цкъа а мааре йахара графе Карл-Рене де Бомбеле (17 февраль 1834 шо). Пармехь цуьнан урхаллин муьрехь тӀайнаш, дарбанцӀенош, ишколаш йира. Театр йан йолийра, гӀалин бахархой хӀинца а баккхийбеш бу цунах. Мария Луиза йисина жимачу герцогаллехь нахана уггар дукха йеза урхалча.
Литература
бӀаьра нисйан- de:Franz Herre. Marie Louise — Napoleon war ihr Schicksal. Köln, 1996.
- Gigi Beutler. Die Kaisergruft. Wien, 1992.
- Андре Кастело. Сын Наполеона. Париж, 1967.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Мария-Луиза, жена Наполеона I // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.