Массачусетан айманера колони
Массачусетан айманера колони (инг. Massachusetts Bay Colony) — Керла Ингалсан британин колони, кхоьллина 1630 шарахь Массачусетан айманан компанис Карл I-чун хартица. Цуо бакъо елира компанин колони йан Чарльз а, Мерримак хишна йукъара латтанех. Дуьххьарлера мухажираш хилира коьртехь Уинтроп Джон волу эзарнаш пуританаш. Уггаре йаккхий колонин гӀаланаш йара Бостон а, Сейлем а хӀинцалерачу Массачусетс штатехь йолу.
Плимутан а, Лондонан а компанех къаьсташ, уьш тойеш бара Плимутан а, Виргинин а колонеш, Массачусетсан айманан колони декхарийлахь йацара декъашхойн гулам Ингалсехь бан, цундела компанин урхалла дора Бостонера йа Сейлемера. Паччахьо сагатдора колонин теократин правительствон тӀекхеташ йолчу паргӀатонна, 1684 шарахь дӀадаьккхира цуьнан устав. 1691 шарахь колони цхьаьнатоьхна Плимутан колоница а, Мэн колоница а кхоьллира Массачусетс провинци.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйан
ХӀара АЦШ исторех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |