Коло́ни (лат. colōnia «охьахевшин меттиг»[1]) — кхечу пачхьалкхан (метрополеш) Іедалан кІелара, политикин а, экономикин а Іедалан маршо йоцу бозуш болу мохк, урхалла до башха ражан бух тІехь. Дукха хьолехь колонин ражо гражданашна бакъонаш ца ло метрополитенан гражданашца йусталуш. Цу тІе метрополийн гражданийн алсама Іедал а бакъонаш а йу орамера бахархойл. Колонеш йахкар — империалистийн пачхьалкхийн (метрополийн) Іаткъам шорбаран коьрта гІирс бу.

Колонийн мехкийн карта. ХІоттийна, диллина Е. Вилькина
s:ru:ВЭ/ВТ/Колонеш», «Сытинан тІеман энциклопеди» йаззам йукъара; 1913)

Сурт хІоттор

бӀаьра нисйан

Колонеш йахкаран шортта хьесапаш ду: Іаламан ресурсашна тІаьхь терго хІоттор тІера серлонан-экспансионизман тӀекхаччалц.

Ламастан колонин урхалла дора метрополин адамийн дуткъа чкъоьро а, меттигера элито а, ткъа официалан мотт хуьлура колонизаторан мотт, наггахь колонин орамера бахархойн мотт а. Колонийн бахархошка хьоьжура тайп-тайпана кхоллам — берриш лолла бохкар (маьрша пачхьалк Конго), дискриминаци (Британин ХІинди, Японин Корей) йа метрополин бахархойн бакъонашка дІанисбо (Французийн Гвиана).

Колониализман дуьхьала болу орамера къаьмнийн къовсам а, и ойла метрополийн бахархойн хаза ца гар бахьнехь, ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлча йуьйхира хьалхалера колонийн импереш, деколонизацин бохь кхечира 1960-гІа шерашкахь. Бакъ ду, цхьацца меттигашкахь цуо дІа ца йехира маьрша йевлла пачхьалкхийн экономика агІора йацор, тІаьхьарчарна хІинца а хаало экономикин таІзар, церан политикин маршонан формалан амал — хьажа неоколониализм.

Метрополеша колонеш лецаран Іалашо

бӀаьра нисйан
Экономика, махлелор
  • Іаламан а, адамийн а ресурсийн эксплуатаци, цхьа могІа меттигашкахь — цигахь бен йоцу, кІезиг йолу ресурсашка кхачар (царна йукъахь транзит), цаьрца дуьненан махлелоран монополизаци йан гІертар;
  • Махлелоран некъийн, дІайохка базарийн оптимизаци, кхин оьздангалла йолу йукъалела атта боцу мехкаш дІабахар;
  1. Колония // Толковый словарь иноязычных слов