Амина́т Масха́дова (Юлия Артемьева) (1985 шеран 21 август, Красноярск, Красноярскан мохк, Росси) — еза атлетикан а, паргӀата кепар латаран а йахьаллонашкахь дакъа лоцуш йолу хьалхара нохчийн йоӀ, Российн спортан говзанча, масийттуза Российн йеза атлетикин чемпионатийн а, турнирийн а толамхо а, совгӀатхо а.


Аминат Масхадова
Шех лаьцна
Стен-боьршалла зударийн[d]
Пачхьалкх  Росси
Говзалла еза атлетика
Йина терахь 1985 шеран 21 август({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (38 шо)
Йина меттиг Красноярск, Красноярскан мохк, Росси
Спортан карьера 2002 шо дуьйна
Тренераш
Локхалла 159 см
Йозалла 48 кг, 53 кг

Биографи нисйе бӀаьра

Школера ялча цо чекхйаьккхира олимпийн резерван доьшийла (училище) цӀен дипломца. Цуьнан говзалла йу тренер-хьехархо, физикин культурин а, спортан а говзанча.

Йеза атлетике аьха йолаелла 2002 шарахь. Цуьнан хьалхара тренер вара Сергей Кузовов. БархӀ бутт баьлча цо кхочуш йира спортан говзанчан кандидатан норма. Цхьа шо ах шо даьлча иза спортан говзанча хилира.

Иза 2004, 2006, 2008, 2011 шерашкахь Российн чемпион хилира, 2009 шарахь Российн чемпионатан борзан совгӀатхо. 2008 шарахь цо Российн Кубок йаьккхира, 2007, 2009, 2010 шерашкахь иза Российн Кубкан дато совгӀатхо хилира.

2009 шо кхаччалц цо йахьаллонашкахь дакъа лоцура «Юлия Артемьева» цӀарца (иза йу цуьнан ненан фамили).

2010 шарахь иза йолайелира паргӀата кепар латар Ӏамо. Цуьнан тренер вара Михаил Гамзин. Гамзинс дукха чемпионаш кечбира, масала, Олимпиадан чемпион Назир Манкиев.

2013 шарахь Аминат хилира Российн йеза атлетикин чемпион 48 кг кхаччалц йозаллин категорехь. Амма иза дисквалифицировать йира 2013 шеран 26 июнь дуьйна шина шеран допинг могуьйтуш йоцу бакъонаш талхайаран[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра