Металлополимеран биргӀанаш

ХӀокху версин 2 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2022, 21 октябрь).

Металлополимеран биргӀанаш — шиъ я алсама компонентех лаьтта композитан биргӀанаш: полимеран биргӀа, сварканца йина металлин серийн бойн арматура йоьллина я, масала, наштаран дашанца[1]. Металлополимеран биргӀанаш дуккха а кепара ю, уьш къаьста йинчу материалаца, яран технологица, Ӏалашонца, кхечу параметрашца.

БиргӀан полимеран дегӀ до дукхах дерг термопластех. Гура лаьтта йохалла а, пурх а йолчу элементех: йохалнаш лаьтта биргӀан юкъан концентраци йина, пурхнаш билгалчу гӀулчца тӀетосу йохалчарна, спираль хуьлу цунах.

Металлополимеран биргӀанаш лелайо чӀогӀа шуьйрачу областашкахь. Наштаран дашан арматура йоьллина, жимачу диаметран (16—40 мм) металлополимеран биргӀанаш, аьттонца лелайо хӀусамийн-коммуналан бахамехь (хи дуьллуш, йовхонан система хӀоттош, канализацина). Яккхийчу диаметран металлополимеран биргӀанаш лелайо маьхкдаьттабиргӀана, газбиргӀана, агрессин хьолан (мусталла, щелочь, туьхан лакхара барам сурсаташ чохь болу и продуктов с высоким содержанием Соль|солей) транспортан технологин биргӀанашна ческих трубопроводов для транспортировки агрессивных сред [2]. Металлополимеран биргӀанаш лелайо лаьттан бухара а, оьланашкахь бесара а, нилхалаьттан а металлийн щелочь дӀадаларехь; иштта лело таро ю гидротранспортан а, пневмотранспортан а. ХӀордан инфраструктурехь лело меттиг карайо бӀогӀамашна меттана тайп-тайпанчу гӀишлош тӀехь.

Металлополимеран биргӀанийн тайпанаш

бӀаьра нисйан

Наштаран дашанца арматура йина металлополимеран биргӀанаш

бӀаьра нисйан

БиргӀан гӀирс бу дукха хьолахь экструзица тоеш йолу полиэтилен (PERT, PEX, кхин а). Наштара дашан тахтанаш (стоммалла миллиметран итталгӀа дакъанаш) ультраозан сварканца чучча лалайой хӀутту. Полимеран а, металлан а юкъахь чӀогӀа уьйр хилийтархьама лелайо адгезив.

Наштаран дашанца арматура йина металлополимеран биргӀанийн дика гайтам бу:

  • наштаран дашан эвна чӀогӀа хилар;
  • полимеран металлаца йолу лакхара адгези;
  • биргӀанан тӀехулонан тӀехулара а, чоьхьара а лахара шогалла;
  • гура гоьрга хилар, ткъа иштта полимер цхьабосса екъар гуоца а чухула а, тӀехула а.

Наштаран дашанца арматура йина металлополимеран биргӀанийн дика агӀо

бӀаьра нисйан
  • коррозин а, химин а дуьхьала дика латтар;
  • Вовшахтаса атта хилар а, вовшахтеснариг онда хилар а;
  1. Металлопластовая труба. Большая Энциклопедия Нефти и Газа
  2. Новые отечественные технологии при изготовлении и монтаже трубопроводных систем нефтегазовой инфраструктуры из комбинированных труб на основе термопластичных полимеров. Журнал «Нефтегазовое дело», 2005. УДК 622.692.4 Архивйина 2011-08-21 — Wayback Machine