Полимеран биргӀанаш

ХӀокху версин 3 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2022, 14 декабрь).

Полиме́ран би́ргӀанашполимеран материалах бина цилиндр кепара чухула беса болу, бохалла диаметрал шортта беха болу гӀирс.

Полимеран биргӀанаш лелоран область чӀогӀа шуьйра ю. Полимеран биргӀанаш лелайо бахаман, маларан довха а, шийла а хи лела биргӀааса еш, тоеш, полимер химин агӀора мегаш елахь кхин коча а, газкепара а хӀуманаш лела а. Полимеран биргӀанаш лелайо йогу газ юьллуш, хӀусамаш йохъяран системаш, канализацеш йохкуш, хи дигаран машанаш бохкуш. ТӀаьхьарчу заманахь полимеран биргӀанаш сих-сиха лело яьхна гидротранспортехь. Полимеран биргӀанаш лело тарло электрийн, зӀен, хьесийн-оптикан кабелаш дохкуш а.

Полимер — йукъара цӀе ю. Полимеран биргӀанашна йекъало термопластан а, реактопластан а биргӀанашна.

Полимеран биргӀанаш ян тарло тайп-тайпанчу термопластикан материалех а, церан композицех а, масала: полиэтилен (ПЭ), поливинилхлорид (ПВХ), полипропилен (ПП), полиамид (ПА), полибутилен (ПБ), кхин а. Реактопластех йина биргӀанаш — аьнгалипластикан а, аьнгалихьесийн а, эпоксидан я полиэфиран силамех йинарш.

Коьрта амалаш

бӀаьра нисйан

Габаритан

бӀаьра нисйан
  • Dn Диаметр номиналан — коьрта бараман амал хи-газйилларан биргӀанийн а, уьш вовшахтосу дакъойн а
  • Дб (ID) Диаметр билламан чеккхенан — миллиметрашкахь болу чоьхьара диаметран барам я цунна гергадина терахь (16,20,25,32,40,50 мм, кхин дӀа а)
  • Д (OD) Арахьара диаметр — миллиметрашкахь болу арахьара диаметран барам я цунна гергадина терахь
  • En Пардонан стоммалла
  • SDR (Standart Dimension Ratio) — биргӀан стандартан бараман юкъаметтиг, гайта таро ю биргӀан арахьара диаметран юкъаметтиг биргӀан пардонан номиналан стоммаллийн екъна SDR = dn / en. Полимеран биргӀанашна тӀеэцна хӀара барамаш SDR 41; 33; 26; 21; 17,6; 17; 13,6; 11; 9; 7,4; 6

ЧӀогӀаллийн

бӀаьра нисйан
  • PN (Nominal pressure) Номиналан (билламан) Ӏаткъам
  • MRS (Minimum Required Strength) биргӀа йина материалан минималан чӀогӀаллин хенан йохалла
  • С — чӀогӀаллин запасан коэффициент (биргӀа йилларан коэффициент), йозуш йолу йилларан хьолех, тӀеоьцу барам: 1,25 — шийла хи луш йолу полиэтиленан биргӀанашна; 2.. 3,15 — йогу газаш луш йолу полиэтиленан биргӀанашна.
  • MOP (Maximum Operation Pressure) Максимум белхан Ӏаткъам МОР=2 MRS/[C(SDR-1)]
  • SN ХӀозан чӀогӀалла, кН/м²
  • Озийча иэхаран доза, Мпа
  • Хедучу хенахь кхечунца юьстина яхъяр, %
  • БиргӀанийн йохалла йохйича хийцаялар, %
  • БиргӀанийн термоцхьаьнаэшаралла
  • Меллаша ятӀар яржарна дуьхьало
  • Чехка ятӀар яржарна дуьхьало
  • Бужу кира тӀекхетаран дуьхьало

Температуран

бӀаьра нисйан
  • Температура белхан, максималан, минималан. БиргӀан чухула дӀахьучу хьолан гуттаренна йолу белхан температура дукха къастало 20˚С температурал, температура хийцаялар лара деза проект йеш, хӀунда аьлчи цуо йохоран Ӏаткъам бо биргӀан материалан;

Полимеран биргӀанийн тайпанаш

бӀаьра нисйан

Арахьа хи латторан полиэтиленан биргӀанаш

бӀаьра нисйан