Миссисипи (хи)
Миссисипи (инг. Mississippi, МФА: [ˌmɪsəˈsɪpi]; оджибве misi-ziibi йа gichi-ziibi — «доккха хи») — АЦШ эрк, дуьненан даккхийчех цхьа эрк. Миссисипи — Къилбаседа Америкин даккхийчех эркан система йолу коьрта эрк[3][4]. Охьадоьду деккъа Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташкахула, хӀетте цуьнан бассейн йаьржа Канадехула а.
Миссисипи | |
---|---|
инг. Mississippi River | |
Амал | |
Дохалла | 3770 км |
Бассейн | 2 981 000 км² |
Хи дайар | 12 743 м³/с |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | Николетт-Крик |
• Локхалла | 530 м |
• Координаташ | 47°14′23″ къ. ш. 95°12′27″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Мексикин айма |
• Локхалла | 0 м |
• Координаташ | 29°09′13″ къ. ш. 89°15′03″ м. д.HGЯO |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Мексикин айма |
Пачхьалкх | |
Регионаш | Миннесота, Висконсин, Айова, Иллинойс, Миссури, Кентукки, Теннесси, Арканзас, Миссисипи, Луизиана |
— хьост, — хикхоче | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Миссисипин хьост лору шовда Николетт-Крик[5], йа Ӏам Айтаска[6], цу чу иза кхета. Хьост лаьтта Миннесота штатехь, локхаллехь 530 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Эрк охьадоьду къилба агӀор, дохаллехь 3370 км кхочу[4][7][8], чекхдолу шуьйрачу дельтица Мексикин айман чохь, иза чекхдолу 10 штатан махкахула, ткъа цуьнан бассейно дӀалоцу 31 штат Тархийн лаьмнаш тӀера ламанан система Аппалачи кхаччалц. Миссисипис боккху кхойтталгӀа меттиг шен дохаллица, ткъа эркан системо Миссисипи-Миссури — кхоалгӀа, иссалгӀа — дуьзина хиларан испискехь. Миссисипи ду дозанийн дакъа йа чекхдолу штаташкахула Миннесота, Висконсин, Айова, Иллинойс, Миссури, Кентукки, Теннесси, Арканзас, Миссисипи, Луизиана.
Техника
бӀаьра нисйанКхайкхаран сигналаш америкин радиостанцийн, Миссисипин малбалех йолу йолало элпаца W, ткъа малбузехьа — элпаца K[9].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Служба национальных парков США Mississippi River Facts
- ↑ Геологическая служба США Lengths of the major rivers
- ↑ United States Geological Survey Hydrological Unit Code: 08-09-01-00- Lower Mississippi-New Orleans Watershed
- ↑ 1 2 Lengths of the major rivers (инг.)(йоьхна хьажорг — истори). United States Geological Survey. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 14 март.
- ↑ Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- ↑ Кеп:Британника онлайн
- ↑ По официальным данным американского географического справочнка длина Миссисипи составляет 2320 миль, что соответствует 3734 км
- ↑ Тайны, загадки, факты. Река Миссисипи . www.factruz.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 1 май. Архивйина 2018 шеран 22 октябрехь
- ↑ RADIO CALL LETTERS (FCC) (инг.). www.fcc.gov. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 1 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 6 ноябрехь