Моденан герцогалла
Мо́дена Герцогалла (итал. Ducato di Modena) — 1452 - 1859 шерашкахь хилла италин пачхьалкх, оцу йукъара 1796 - 1814 шерашкара мур йукъара баьлла революцин а, наполеонан а тӀемаш бахьнехь.
Историн пачхьалкх | |||||
Моденан Герцогалла | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
Коьрта гӀала | Модена | ||||
Мотт (меттанаш) | Италийн мотт | ||||
Урхаллин тайпа | Монархи | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Истори
бӀаьра нисйанГерцогалла дуьхьанца кхоьллина хилла 1597 шо кхаччалц Ферраран урхалла динчу Эстен цӀенна.
1796 шарахь герцогалла дӀалаьцна хилла французийн Наполеон Бонапартан эскаро, цуо кхоьллина оцу махкахь Циспаданан республика. Эстен цӀийнах волу тӀаьххьара герцог Эрколе III-гӀаниг хоьттина Германин (Брейсгау) къилба-малхбузера австрийн хиллачу мехкийн урхалча, велла 1803 шарахь. Иза веллачул тӀаьхьа Модена кхаьчна цуьнан невцан, эрцгерцоган Фердинанд Австрийски-Эстен, императоран де вешин Франц II-гӀачун, цуьнгахь марехь хилла Эрколе III-гӀачун йоӀ герцог-аьзни Мария Беатриче д’Эсте.
1814 шарахь Италера наполеонан система йоьжначул тӀаьхьа Фердинандан кӀант Франческо IV-гӀачух хилла Моденан герцог. Цул тӀаьхьа дукха хан ялале цунна шен ненера ирсанна кхаьчна Массан а, Карраран а мехкаш.
Шозза, 1831 а, 1848 а шерашкахь, революцин Ӏаткъам бахьнехь герцоган дийзира Модена йита, амма хӀоранза а монархи меттахӀоттийра. Австрин дуьхьала болу франкан-пьемонтан тӀом чекхбаьлчи, 1859 шарахь, герцоган дийзира юха а вада — хӀинца гуттаренна а. 1859 шеран декабрехь Модена Тосканица а, Пармица а цхьаьнакхетта кхоьллира Юккъерчу Италин цхьаьнатоьхна провинцеш, уьш дӀатуьйхира Сардинин паччахьаллех 1860 шеран мартехь.
ДӀаяккхале хилла герцогаллин провинцеш
бӀаьра нисйан- Модена (Моденан герцогалла);
- Реджо (Реджон герцогалла);
- Гвасталла;
- Фриньяно;
- Гарфаньяна;
- Луниджана;
- Масса а, Каррара а (Масса а, Каррара а герцогалла).
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанХӀара Италин исторехула чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |