Морозов, Ринат Викторович (укр. Рінат Вікторович Морозов; 1968 24 октябрь, Харьков, Украинийн ССР, ССРС) — советийн, украинин футболист.

Футбол
Морозов Ринат
Йуьззина цӀе Морозов, Ринат Викторович
Вина терахь 1968 шеран 24 октябрь({{padleft:1968|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) (55 шо)
Вина меттиг Харьков, УССР
Гражданалла  ССРС
 Украина
Кегийрхойн клубаш
0000 Байракх ССРС Металлист (Харьков)
Клубан карьера[* 1]
1986 Байракх ССРС Маяк (Харьков) 1 (0)
Тренеран карьера
2003-2004 Украинин байракх Гелиос
2010 Украинин байракх Харьков
2012 Украинин байракх Арсенал-2 (Харьков)
2012 Украинин байракх Арсенал (Харьков)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Карьера игрока нисйе бӀаьра

Вина Харьковхь, кхиийна харьковн «Металлистан» кегийрхойн академис. 1986 шарахь гӀоьртира профессионалан футболан карьера йоло. Левзира ССРС ШолгӀа лигехь харьковн «Маяк» йукъахь 1 матч.

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

Карьера чекхйаьккхина тренеран болх болийна. 1991 шарахь чекхйаьккхира физикин оьздангаллин а, спортан а пачхьалкхан институт. Йуьхьанца тренер болх бира Харьков гӀалин Спортан № 1 йолу ишкол. 2002 шеран декабрера 2005 шо кхаччалц харьковн «Гелиосан» тренеран штабехь вара. 2003 шеран 2 августехь ШолгӀачу лигин дебютан къовсамехь куьйгалла дира «маьлхачарна» «Авангарда» (Ровеньки) командин дуьхьала, ткъа цул тӀаьхьа Крячко Валентинан гӀоьнча хилира[1]. Крячко дӀаваьлча, 2004 шеран апрелера июнь кхаччалц ша тренировкаш йира «Гелиосан», цул тӀаьхьа белхан тӀехь гӀодира Надеин Игоран. 2005-2006 шерашкахь тренер вара «Харьков-2». 2006-2010 шерашкахь российн «Горняк-Строитель» (Белгород) клубан спортан директор болх бира, ткъа 2010 шеран июнехь дуьйна – ФК «Харьков» коьрта тренер[2]. Оццу шарахь коьрте хӀоьттира марзахойн «Арсенал-Политехник» (Харьков) клубан. 2011 шарахь гӀодира тренировкаш йан харьковн «Арсеналан». ШолгӀачу шарахь коьрте хӀоьттира хьалха клубан шолгӀа командин, цул тӀаьхьа «Арсеналан» хьалхара командин.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра