Муниципалан кӀошт
Муниципа́лан кӀошт[1] я муниципалан гуо[2] — шена тIехь бахархой беха билгалдаьккхина административан-мехкан дакъа. Иза хила тарло гIала, юрт, масех юрт я юртийн кIошт.
Россехь
бӀаьра нисйанРоссехь муниципалан кӀошт — цхьаьна тайпана муниципалан кхоллам бу, меттигера урхаллин меженийн кеп ю, цуо цхьаьнатуху масех г1алийн а, яртийн а нах беха меттигаш, хила тарло, йукъара латташ цхьаьнатоьхна ярташна йукъара латта а.[3]
Муниципалан кӀоштан административан центр ю нах беха меттиг, иза билгалйоккху меттигерчу Ӏадатийн чоьтаца а, хӀора муниципалан кхолламан Ӏедалан меженахь хӀоьттинчу социалан инфраструктурица а.
«Муниципалан кӀошт» кхетам йукъабаьлла 2003 шеран 6 октябрехь «Российн Федерацехь меттигера урхалла кхолларан йукъара принципех» цӀе йолчу № 131-ФЗ Федералан закон тӀеэцначул тӀаьхьа.
Муниципалан кӀошташ кхоьллина РСФСР 1920—1950-гӀа шерашкахь кхоьллинчу РФ субъектийн административан-мехкан хӀоттаман гуран чуьра административан кӀоштийн дозанашкахь. Цхьаццанхьа кӀоштийн латташ тӀехь кхоьллира гӀалин гуонаш, иза дира я областан (мехкан, республикин, гуон) куьйга кӀелара гӀалийн (масала Москвохан область) административан кӀошташ пайденна дӀайохуш, я административан кӀошташ юьтуш церан дозанашкахь гӀалин гуонаш кхуллуш (масала Магаданан область). Свердловскан областехь цхьайолчу административан кӀоштех кхоьллира шишша муниципалан кхоллам: муниципалан кӀошт а, гӀалин гуо а. Перман махкахь муниципалан кӀошташ кхоьллира цхьайолчу мехкан маьӀна долчу гӀаланашкахь.
Муниципалан кӀоштан бакъонаш
бӀаьра нисйан«Российн Федерацехь меттигера урхалла кхолларан йукъара принципех» цӀе йолчу Федералан законан 15-гӀа статьяхь билгалбаьхна муниципалан кӀоштийн тӀегӀанехь бан беза меттигерчу Ӏедалийн белхаш. Уьш бу, уггар хьалха, кӀоштахь медицина а, дешар а хилийтар, ярташ коммуникацешна тӀетесна хилийтар, архиваш, библиотекаш кхоллар. Муниципалан кӀоштийн декхар ду кӀоштахь автомобилан некъаш латтор а, уьш дахкар а, транспортца нехан хьашташ кхочуш дан а, хӀусамашкара а, промышленностан а кхьаллеш утилизаци ян а, уьш тоян а. Муниципалан кӀошт декхарехь ю йукъараллин низам латто шен муниципалан кӀоштехь муниципалан полицица.
Таханлерчу дийнахь дукхахйолу муниципалан кӀошташ, кӀоштахь бюджетан доладеш ю, оцу йукъахь йу йарташ: кӀоштан йукъара шен бюджет йоцу, харжийн смети бен йоцу ярташ а. Законаца, муниципалан кӀошто шена чуйогӀучу яртийн бюджетан тоам нисбо, муниципалан кӀоштан бюджетан бахаман чоьтех.
Барам
бӀаьра нисйан2010 шеран 1 январехь Россехь яра 1829 муниципалан кӀошт[4], 2011 шеран 1 январехь — 1824 муниципалан кӀошт[5], 2012 шеран 1 январехь — 1821 муниципалан кӀошт[6], 2013 шеран 1 январехь — 1817 муниципалан кӀошт[7], 2014 шеран 1 январехь — 1815 муниципалан кӀошт[8].
Муниципалан гуо
бӀаьра нисйан2012 шарахь Москвохахь кхоьллина 125 муниципалан гуо. Иштта Петарбухехь бу 81 муниципалан гуо. 2014 шарахь Севастополехь кхоьллина 10 муниципалан гуо.
Доминикин Республикехь
бӀаьра нисйанДоминикан Республикехь муниципалан кӀошт (испан. distrito municipal) — муниципалитет[en], лаьтта цхьааннал сов гӀалийн центрех[en].
Ирландехь
бӀаьра нисйанИрландехь 2014 шеран «Пачхьалкхан урхаллин меттигерчу меженийн хийцамех»[en] законаца 2014 шеран 1 июлехь кхоьллина муниципалан кӀошташ (инг. municipal district) хьалха хиллачу гӀалин советан меттана пачхьалкхан урхаллин меттигерчу меженийн системан дакъа санна. Ирландера муниципалан кӀошт — шолгӀачу тӀегӀанера административан дакъа ду, графаллал лахара, Дублинан кӀошт а, кхин а кхоъ йисина Голуэй, Дублин, Корк гӀалийн советаш а дӀаяьхчхьа. Йиъ муниципалан кӀоштех (Клонмел, Дроэда, Слайго, Уэксфорд) — гӀалийн кӀошташ олу (боро кӀошташ; инг. borough district), Лимерик а, Уотерфорд а — метрополитенийн кӀошташ (инг. metropolitan district)[9].
Канадехь
бӀаьра нисйанКанадехь муниципалан кӀошт (инг. municipal district (M.D.)) — Альбертан провинцехь йуьртан муниципалитетан[en] тайпана йу, урхалла до хоржучу кхеташоно[10]. Канадан статистикин гӀуллакхо лелайо 64 муниципалан кӀошт[en] Альбертехь а, 12 муниципалан кӀошт Керлачу Шотландехь а дагардаран областаш санна лелайо уьш статистикин Ӏалашонна[11]. Манитоба провинцера Флин-Флон гӀалин 1933—1946 шерашкахь иштта хилла муниципалин кӀоштин статус[12].
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Л. П. Кураков, В. Л. Кураков, А. Л. Кураков. Муниципальный район // Экономика и право: словарь-справочник. — М.: Вуз и школа, 2004.
- ↑ Л. П. Кураков, В. Л. Кураков, А. Л. Кураков. Муниципальный округ // Экономика и право: словарь-справочник. — М.: Вуз и школа, 2004.
- ↑ А. К. Голиченков. Муниципальный район // Экологическое право России: словарь юридических терминов.. — М.: Городец, 2008.
- ↑ Росстат. База данных показателей муниципальных образований. Характеристика субъектов Российской Федерации по типам муниципальных образований и видам муниципальных учреждений на 1 января 2010 года.Кеп:Ref-format
- ↑ Росстат. Распределение муниципальных учреждений по типам муниципальных образований на 1 января 2011 года. Архивйина 2013-06-28 — Wayback Machine
- ↑ Росстат. Распределение муниципальных учреждений по типам муниципальных образований на 1 января 2012 года. Архивйина 2013-02-27 — Wayback Machine
- ↑ Росстат. Распределение муниципальных учреждений по типам муниципальных образований на 1 января 2013 года. Архивйина 2014-10-17 — Wayback Machine
- ↑ Росстат. Распределение муниципальных учреждений по типам муниципальных образований на 1 января 2014 года. Архивйина 2019-07-11 — Wayback Machine
- ↑ Local Government Reform Act 2014 (инг.). Department of the Environment, Community and Local Government (2014). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль. Архивйина 2015 шеран 24 сентябрехь Архивйина 2014-06-02 — Wayback Machine
- ↑ Types of Municipalities in Alberta (инг.). Government of Alberta. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль. Архивйина 2015-02-15 — Wayback Machine
- ↑ Interim List of Changes to Municipal Boundaries, Status, and Names: From January 2, 2012 to January 1, 2013 (инг.). Statistics Canada (2013). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль.
- ↑ Gordon Goldsborough. Manitoba Municipalities: Flin Flon (инг.). Manitoba Historical Society (2015 шеран 1 январь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Федеральный закон от 6 октября 2003 г. № 131-ФЗ «Об общих принципах организации местного самоуправления в Российской Федерации» . «Российская газета», № 3316 (2003 шеран 8 октябрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль.