Навальный Алексей
Навальный Алексей Анатольевич- юрист а, политикин а, йукъараллин гӀуллакхо а, Российн оппозицин хьалхаваьлларг а ву. Вина 1976-чу шеран асаран-беттан (июнь) 4-чу дийнахь Москохан областехь, Одинцовски кӀоштан Бутынь йуртахь. Дуьненахь вевзаш ву Россехь йолу кхаъбаккхарах (коррупцех) лаьцна талламаш барна.
Навальный Алексей Анатольевич | |
---|---|
оьрс. Алексей Анатольевич Навальный | |
ГӀуллакхан тайпа | юрист а, политикин а, йукъараллин а гIуллакхо а |
Вина терахь | 1976 шеран асаран 4-гIа де |
Вина меттиг | Бутынь эвла, Одинцовски кIошт, Москохан область, ССРС |
Кхелхина терахь | 2024 шеран 16 февраль[1][2][…] (47 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Гражданалла | Росси |
Парти | ТӀейогӀучу хенан Росси |
Да | Навальный Анатолий Иванович |
Нана | Людмила Ивановна Навальная |
Зуда | Навальная Юлия Борисовна |
Бераш | Дарья Алексеевна Навальная а, Захар Алексеевич Навальный а |
Динлелор | Ортодоксан керсталла |
Сайт | navalny.com |
Куьг таӀор | |
Навальный Алексей Анатольевич Викилармехь |
«Хьекъале кхаж тасар» а, «Навальныйн профбарт» а, «РосПил» а, «РосЖКХ» а, «РосОр» а, «РосХаржамаш» а, «Бакъонан дика машен» а проекташ йукъайогӀуш йолу «Коррупцин дуьхьал йолу фондан» кхоллархо а ву. Ткъа 2021-чу шарахь Россехь цо кхоьллина «Коррупцин дуьхьал йолу фонд» экстремизман цхьаьнакхетаралла хилар сацам бина.