Намруд, Нумруд, Намруз (Ӏаьр. نمرود‎‎, мацахлерачу жуьг. נִמְרוֹד — мад. «гӀовттар») — эскархо а, таллархо а, паччахь а ву. Намрузан паччахьалла долчу заманахь хилла ИбраьхӀим пайхамар وصلة=, Намрудан да хилла Куш ибн Хьам.

Намруд
נִמְרוֹד
Говзалла паччахь, эскархо, таллархо
Вина терахь 1751 в. э. хьалха[1]
Кхелхина терахь 1638 в. э. хьалха[1]
Пачхьалкх
Къам, некъе Жуьгтий
Да Куш ибн Хьам
ГӀарадевлла белхаш Вавилонская башня[2]

Намруд дуьненчу ваьллачу хенахь, цуьнан йуьхь тӀехь жоьжахатин мухӀар хилла. И бахьана долуш, цунах кхерам хила мега бохуш, цуьнан дас-нанас хьуьнхахь дӀакхоьссина хилла иза. Цу берех кхераелла хилла боху акхарой. Цхьана нахана карийна хилла и бер (Намруд).

Жимчохь дуьйна, шен оьздангаллех ваьлла хилла иза, нахаца муьтӀахь а воцуш, оьзда а воцуш, чӀогӀа вон адам хилла иза. ТӀаьххьаре а, цуьнга паччахьалла кхечна. Цхьана дийнахь цунна хала гӀана гина хилла. ГӀан-тидархоша и тидина: «Цхьана дийнахь, цхьа къонах вогӀур ву хьан паччахьалла дохо». И хезча цо омра дина, дуьненчу бевлла кӀентий дийна а цабуьтуш байъа, аьлла. Иштта ИбраьхӀим дина висина хилла, цуьнан нанас хьехан чохь вина хилла иза.

ИбраьхӀимас Намрузхойн цӀун деланаш бохийна, аьтта хилла. И бахьана долуш Намруза иза цӀарга кхоссийтина, амма АллахӀ-дала иза кӀелхьара ваьккхина оцу йоккхачу цӀеран баланах.

Намруд хьехош ву Къуръанан аяташкахь, амма цуьнан цӀе хьахийна йац. Дукхах долчу историн дийцаршкахь дуьйна, цуьнан цӀе Намруд хилла.

ИбраьхӀиман Делаца къовсавелла хиллера иза, тӀаккха АллахӀ-дала цунна эскарна тӀе, цхьа мацъелла кегийра чуьркаш йахийтира. Иштта хӀаллакьхилира-кх Намруд а, цуьнан эскар а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан