«Нана» — Нохчийн Республикехь арадолу зударийн литературан а, исбаьхьалла а журнал. Журнал 20082012 шерашкахь юкъадахан Российн «Прессин дашо фонде». Кхоьллича дуьйна журнал ду нохчийн зударийн болу массо а бала буьйцуш.

Журналан редакци чохь йолу Зорбанан ЦӀа

Журналас юцу дика литература а, истори а, бераш кхиор а, царна гӀиллакх хьехар а, республикан дахар а, экологи а, болх боцурш балха дӀахӀоттор а, кхидолу а республикан а, пачхьалкхан а лараме хӀуманаш.

Журнал дӀасадаржош ду массо а нохчий Ӏаш болу меттигашкахь: Нохчийн Республикехь а, Россиехь а, СНГхь а, АЦШхь а, Европехь а, кхоьчу пачхьалкхашкахь а.

ХьажоргашНисъе