Нохчийчоь
Но́хчийн Респу́блика, Но́хчийчоь (оьрс. Чеченская Республика, Чечня) — Российн Федерацин субъект, цунна юкъара республика. Лаьтта Къилбаседа Кавказан малхбалехь. Майда — 16 165 км²[комм. 1]. Къилбаседехьара къилбехьа яхъелла 170 км гергга, малхбузехьара малхбалехьа — 100 км гергга. Доза ду РФ субъекташца: малхбузехь — ГӀалгӀайчоьнца, къилбаседа-малхбузехь — Къилбаседа ХӀирийчоьнца а, Ставрополан мехкаца а, къилбаседа-малхбалехь, малхбалехь, къилба-малхбалехь — ДегӀастанца; къилба-малхбузехь а, къилбехахь а НР доза ду маьрша пачхьалкхаца — Гуьржийчоьнца .
Российн федерацин субъект | |||||
Нохчийчоь | |||||
---|---|---|---|---|---|
![]() | |||||
|
|||||
Шатлакхан Илли | |||||
43°24′ къ. ш. 45°43′ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | |||||
Адм. центр | Соьлжа-ГӀала | ||||
Корта | Кадыров, Рамзан Ахматович | ||||
Истори а, географи а | |||||
Кхоллар | 1993 шеран 9 январь | ||||
Латта |
|
||||
Сахьтан аса | MSD[d], Европа/Москва[d][3] | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой | |||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Код ISO 3166-2 | RU-CE | ||||
Телефонан код | +7 871 | ||||
Автомобилан код | 20, 95 | ||||
Официалан сайт(оьр.) | |||||
![]() |
|||||
![]() |
|||||
![]() |
![]() | |
---|---|
![]() |
Гимн Чеченской Республики |
Юкъайоьду Къилбаседа-Кавказан федералан гуона, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.
1978 шеран Российн Федерацин — Российн (РСФСР) Конституцин хийцамашца, кхоьллина 1993 шеран 9 январехь[5]. НР тӀеман гӀуллакхаш чекхдевлча референдум йира, цигахь, 2003 шеран 23 мартехь, бахархоша алсама кхаж тасарца гайтира шеш РФ декъахь диса лаар .
Республикин корта — Р. А. Кадыров (2007 шарахь дуьйна), Парламентан Председатель — М. Х. Даудов (2015 шарахь дуьйна), Правительствон Председатель — М. М. Хучиев (2018 шарахь дуьйна). НР ю РФ юкъара суверенни[6] республика .
1,4 млн сов вахархо ву, коьрта шахьар — Соьлжа-ГӀала. Пачхьалкхан меттанаш: нохчийн а, оьрсийн а. Сахьтан зона МСК, UTC тӀиера дӀахилар ду +3:00.
Этимологи
Республикин нохчийн маттара цӀе, Нохчийн Республика я Нохчийчоь, йоьзна ю нохчийн эндоэтнонимца.
Географи
Нохчийн Республика лаьтта Европин Россехь къилбехахь — Къилбаседа Кавказан малхбален декъехь, регион наггахь билгал а йоккху Къилбаседа-Малхбален Кавказ олий. Нохчийн Республикин дозанийн дохалла ду 841 км. Республикин майда — 16 165 км², 2018 шо кхачале тайп-тайпана хьосташа лора тайп-тайпана хаамаш цуьнан майданах лаьцна, хӀунда аьлча, чаккхенца хӀоттийна доза дацара Нохчийн Республикин а, Республика ГӀалгӀайчоьн а юкъахь[7], масала, 2017 шарахь арахецна ЙОьЭ гойтура 15,6 эз. км²[8]. 2018 шеран 26 сентябрехь ГӀалгӀайчоьнан коьрто Ю.-Б. Б. Евкуровс а, Нохчийчоьнан коьрто Р. А. Кадыровс а куьйгаш яздира республикашна юкъахь дозанаш хӀитторан барт кӀелахь, цул тӀаьхьа майданаш нийса гайта йолийра[9][10]. Къилбаседехьара къилбехьа Нохчийчоь яхъелла 170 км гергга, малхбузехьара малхбалехьа — 100 км гергга. Доза ду РФ субъекташца: малхбузехь — ГӀалгӀайчоьнца (153 км 400 м), къилбаседа-малхбузехь — Къилбаседа ХӀирийчоьнца (13 км 300 м) а, Ставрополан махкаца (119 км 300 м) а, къилбаседа-малхбалехь, малхбалехь, къилба-малхбалехь — ДегӀастанца (471 км); къилба-малхбузехь Нохчийн Республикин доза ду маьршачу пачхьалкхаца — Гуьржийчоьнца (84 км).
Геологи а, рельеф а
Геоморфологин агӀора Нохчийн Республикин мохк билгала боккху кхаа йоккхачу структураца (къилбаседехьара къилбехьа) — Хьалхара Кавказ, Ломан кӀажош, Йоккха Кавказ; кхин а дика гойту рельефан амал деа декъе екъча — Теркан-ГӀумин чутаӀе, Теркан-Соьлжин лакхиэ, Нохчийн аре, Ломан Нохчийчоь[11].
Геологин агӀора Хьалхара Кавказан чутаӀен дакъа, тӀехула дуьзина ду Каспий-хӀордан морскими отложениями Каспийского моря[12]. Ломан даккъаша, лаьмнашна юкъара атагӀаша а, боьранаша а дӀалоцу 35 % гергга Нохчийн Республикин мохк. Бисина мохк — аренаш ю дукхаха долчу декъан чӀогӀа хедийна лакхиэнашца. Лаьмнаша дӀалоцу республикин дерриг къилба дакъа, асан шоралла 30-50 км.
НР къилбаседан дакъа — республикин къилбаседан дозанера Теркан тогӀане кхаччалц — аре ю, иза Теркан-ГӀуман атагӀин къилба дакъа ду (кхузахь ду НогӀийн аренан къилба дакъа), ткъа иза, шен рогӀехь, шуьйра дакъа ду Кавказал хьалхара аренан. Нийса экъа[комм. 2] цхьаьнаэшшара охьатаьӀа малхбалехьа — Каспийн гуонахьара акъарин агӀора, цунна кӀеззиг «тӀейолу» республикин къилбаседа-малхбален маьӀиг (и маьӀиг Дуьненан океанан тӀегӀанал лахахь ю). Теркан-ГӀуман акъарин къилбехахь лаьтта Теркйистан гӀамаран массив, цуьнан рельефехь алсама бу гӀамаран баьрзаш, уьш дахделла шораллехь, нисло алсама долучу мехашца[13][14].
Теркан къилбехьа НР махкахула дахделла Теркан-Соьлжин дукъан доккхаха долу дакъа, иза лаьтта шина антиклиналан лохачу раьгӀнийн хебаршах, уьш дахделла шораллийн агӀора — Теркан а, Соьлжин а (разделены узкой Алханчуртской долиной) даккъех. Теркан дукъан малхбален декъах БоргӀанан дукъ олу, кхин а малхбалехьа, Гуьмсан дукъ; Соьлжин дукъан малхбален декъах Соьлжа-ГӀалин дукъ. Дерриг даккъаш ду кӀеда, гоьрга кепара[13].
Теркан-Соьлжин а, Кавказан хьалхара даккъашна а юкъахь лаьтта хьена Нохчийн аре — Нохийн Республикин уггаре луьста бахархой болу, караберзийна мохк (иза дакъа ду Теркан-Соьлжин аренан, цунна малхбузехьа, НР арахьа, къаьста ГӀалгӀайн/ХӀирийн аре). Аре тӀаьхь-тӀехьа лахло къилбаседа-малхбален агӀонхьа 350 м тӀера 100 м кхаччалц, аре хедийна дуккха а эркийн тогӀенаша, эркаш охьадогӀу меридианаца; чутаьӀна меттигашкахь а, эркийн тогӀенашкахь а кӀеззиг хьаннаш[13].
Ламанан Нохчийчоь олуш долу, НР къилба дакъа, лаьтта Йоккха Кавказан (ламанан махкахь — Кавказан лаьмнаш) системин къилбаседа басен декъехь. Цуьнан амалехь ду, ерриг Кавказан къилбаседа басенан санна, орографин декъадалар — диъ коьрта дукъ (кхин а шортта меттигера ламанийн геннаш), дахделла Доккха Кавказан дукъанна параллелаца къилбаседехьа; хьалхара кхоъ — Хьалхара даккъаш — Хьаннийн (Нохчийчохь девза Ӏаьржа лаьмнаш цӀерца), Байданийн а, Тархийн. Республикин къилба доза доьду доьалгӀачу параллелан дукъан декъан тӀехула — АгӀонан дукъ (НР Гуьржийчоьнца доза а, РФ пачхьалкхан доза а цхьаъ ду, кхузахь лаьтта Малхбузен Кавказан уггаре лекха бохь — ТӀуьли-лам, 4492 м), ткъа кхин а Ишхеш дукъ (Доккха Кавказан дукъ) тӀехула — къилбаседа-малхбален агӀора (НР ДегӀастанца доза). Даккъаш дукхачу меттигашкахь хедийна ду чохь сиха эркаш долу кӀоргачу Ӏаннаша[13].
4 000 метр сов болу Нохчийчоьнан ламанан баххьаш:
- Тӏуьйли-лам, Дакиех корта, Дакиех лам (оьрс. Тебулосмта — 4493 м
- Дуьхьалха корта (оьрс. Диклосмта[15]) — 4285 м
- Даттах-Корта (оьрс. Комито[16]) — 4262 м
- Донойн-Лам (оьрс. Доносмта[15]) — 4174 м
- Мӏайстойн-Лам (оьрс. Маистисмта[15]) — 4082 м
- Галерея
Гора Даттах-Корта
Ӏаламан зонаш а, климат а
Майданца йоккха а йоцу республика къаьста тайп-тайпана Ӏаламан зонашца: къилбаседехьара къилбехьа ландшафт хийцало гӀум-аренашна тӀера бай-арене, лаьмнашна гергахь, хьун-арене; кхин а къилбехьа йолало ламанийн хьаннийн аса, хьуьнан дозанал лакхахьа ламанан бай-аренан зона ю, ткъа кхин а лакхахь ду ламанан даккъаш, уьш лакха довлу лайн асанал — нивалан асанал, кхузахь баххьаш къевлина шалаьмнаша, гуттаренна а долу лайша а. Вертикалан зонаш, гайтина ламанан басешкара Ӏаламан ландшафташ, кӀажошкара баххьаш тӀекхаччалц хийцаяларо, — амален васт ишттачу ламанан регионийн (бахьна ду локхаллица хӀаваан температура, тӀуналла, йочанаш тӀекхетар)[17][14].
ГӀум-арено дӀалоцу Теркан-ГӀуман чутаӀе, Теркан тогӀенера къилба дакъа доцург. Климат кхузахь йокъонан ю (шеран йочанаш 300—350 мм), тӀех йовха а, тевне а ю (июлан беттан йуккъера температурин барам +24— +25 °C), амалехь ду Кхазакхстанера хьоькху декъа мехаш. Аьхкенан лакхара температуро а, хӀаваан бекъа мехо а охьаяьхкина йочанел а, Ӏаьнаралла совйоккху. Ӏай ло кӀезиг хуьлу, дахло — биъ бутт гергга (январан йуккъера температура −3— −3,5 °C). Къилбаседехьара а, къилбаседа-малхбалехьара а хӀаваъ деича хуьлу лайн буранаш, дӀадукъарш, гӀоролаш −32 °C кхаччалц. Сих-сиха йояларца гӀоролаш йогӀу, тӀаккха ша хьокху[14].
Бай-аренан зонан юкъайоьду Теркан аьрру бердан аса, Теркан-Соьлжин акъарин малхбален дакъа а, Нохчийн аренан къилбаседа йист а. Йочанаш хуьлу 400—450 мм шарахь, аьхке йовха — июлан йуккъера температура +23— +24 °C. Ӏа кӀеда, январан йуккъера температура −3,5— −4 °C[14].
Хьун-аренан зонин юкъадоьду Нохчийн аренан доккхаха долу дакъа а, Теркан-Соьлжин акъарин малхбуза дакъа а. Йочанаш хуьлу 500—600 мм шарахь, хьун-аренашкахь йочанаш сов йовлар доьзна ду лаьмнаш гергахь хиларх. Цигахь температурин хаъал Ӏаткъам бо тайп-тайпана локхаллаш, июлан йуккъера температура — +21…+23 °C, январан — −4— −5 °C[14].
Ламанан-хьаннийн зонин юкъадоьду Хьаннийн дукъ а, Байданан а, Тархийн а, АгӀонан а даккъийн лахара дакъош а. Асанан лакхара доза — 1800 м, цхьаццанхьа 2000—2200 м лакха долу. Оцу зонин климат хийцало локхаллега хьаьжжина, иза билламе йекъа мегар ду шина асане: лахара (1200 м кхаччалц) а, лакхара (1200—1800 м) а. Лахара асанехь 600 – 900 мм шеран йочанаш хуьлу, июлан йуккъера температураш хийцало +18 °C тӀера +22 °C тӀекхаччалц, ткъа январан — −1 °C тӀера −12 °C тӀекхаччалц. Лакхара асанехь йочанаш алсама хуьлу — шарахь 900 мм, июлан температура — +18 °C, январан — −12 °C[14].
Ламанийн бай-аренийн зона йекъало кхаа асане: лаьмнийн цанийн бухара (1800—2700 м), лаьмнийн цанийн йуккъера (2700—3200 м), субнивалан (3200—3800 м). Оцу зонера климат бараме-шийла ю, аьхке салкхене, йочанаш хуьлу шарахь 700—800 мм. Зонин лахара дозанера июлан йуккъера температура ю +14 °C, ткъа лакхара — +4 °C. Ӏа деха а, лайне а ду. Лаьмнийн цанийн бухара асанехь йочанаш алсама ю йуккъера асанехьчулла, амма лаьмнийн цанийн бухара асанехь 500 мм кӀезиг йочанаш йолу меттигаш нисло (Тархийн а, Ӏаьндийн а даккъийн къилба басенашкахь[14].
НР махкахь нивалан зонин юкъадоьду АгӀонан дукъан баххьаш. Иза лайнийн а, шабаран а область ю, кхузара климат шийла ю, сих-сиха хьоькху чӀогӀа мехаш, ло-дарц а дахьаш. Йочанаш хуьлу дукхах дерг ло кепара. ХӀора шарахь ло алсама догӀу, ткъа дашар кӀезиг хуьлу, совдаьлла ло зонера охьадоьду лайн хьаьтт я шенан кепара. Йуккъера шеран температура — 0 °C гергга[14].
Латта
Теркан-ГӀуман чутаӀенехь, масала Теркан гӀамаран массивехь, даьржина ду сирла-каштанан латта, иза йовха климат а, бекъа мох а бахьнехь чӀогӀа декъа ду. Кхузара латташ ду тайп-тайпана кхиаран тӀегӀанехь, ю тайп-тайпана кепаш — латта кхиа доладаланза ала мегар долу Ӏена гӀамарш тӀера, кхиина евлла шорта гумус йолу гӀамарийн латтанашка кхаччалц. Ладаме роль ю церан механикин хӀоттаман а: иштта сацкъар-латтан тайпанашна йекъа климатан хьолашкахь туьха дуьллу (царна тӀехь кхоллало латта а, ораматаш а гӀум-аренан тайпанашна гергара), ткъа гӀамарчун туьха ца хаало (царна тӀехь латтанаш а, ораматаш а герга ду бай-аренан тайпанан). Малхбален декъехь, ДегӀастанан дозанна гергахь, хуьлу сирла-каштанан дуьро латтанаш, кӀайн лаьттан тӀедарчашца, ткъа Теркан тиша харшца — байн а, байн-уьшалан а дуьро латтанаш[14].
Аренашкахь алсама ду байн латтанаш. Жимма лакхахь — Ӏаьржа латта, эркийн тогӀенашкахь — уьшалан-байн латта, лаьмнашкахь — ламанан-хьаннийн а, ламанан байн а латтанаш.
Пайден маьӀданаш
Нохчийчоьнан пайден маьӀданех коьрта тайпанаш ду мехкдаьтта а, Ӏаламан газ а. Меттигера бахархоша генара схьа дуьйна леладора Ӏаламе арадаьлла мехкдаьтта бахаман хьашташна — серлонна а, вордан чӀургашна хьокхуш а. Республикин коьрта мехкдаьтта долу а, газ йолу а меттигаш ю Теркан-Соьлжин акъарин тӀехь[18].
Юьхьанца мехкдаьтта доккхура кайнозойн ӀаӀарехь. Амма 1956 шарахь талламан буру тухуш карийра мезозойн породашкара ӀаӀар. Шен хӀоттамца республикин мехкдаьтта дара алсама парафин а, бензин а долуш[18].
Нохчийчоьхь ю гӀишлошъяран материалаш йохку меттигаш. Органан тогӀенехь Ярашмардан гергахь дохкуш карийна дукха мергель тӀулг, иза цеманц яран мехала аьргалла ю. 1974 шарахь оцу меттиган базин тӀехь йина Чуьйри-Эвлан цеманцан завод[18].
Шуьйта а, Итон-Кхаьлла а эвланашна юкъахь ю Къилбаседа Кавказехь уггаре дукха гипс. Теркан-Соьлжин акъарин тӀехь а, Ӏаьржа лаьмнашкахь а йохкуш ю гӀишлошъяран гӀамарш, ткъа иштта цӀена кварцан гӀум, цунах до ангали. Нохчийн аренехь дукха жагӀа боллу, кибирчигийн а, гераган а сацкъар-латта. Шуьйтан кӀоштахь дохку минералан басарш (охра, колькотар)[18].
Республикехь ду дукха Довха хиш, уьш лелон мега хӀусамаш йохъеш, теплицин бахамашкахь. Соьлжа-ГӀалахь советийн заманахь йиллинера довхачу хьостийн йовхо лелон теплицин комбинат[18].
Гидрографи
Эркаш
Республикин мехкара эркаш цхьаьнаэшшара декъна дац. Ламанан декъехь луьста геннашка бекъабелла эркийн маша бу, Теркан-Соьлжан акъарин тӀехь а, Теркал къилбаседехьара кӀошташкахь а эркаш дац. Дерриг ала мегар долуш Нохчийчоьнан эркаш Теркан майданах ду. Юкъара дохур вай Яьсси, Ястий, Ивги. Уьш ГӀурийн майданан эркийн системера ду. Республикин мехкара эркаш цхьаьнаэшшара декъна дац. Ламанан декъехь луьста геннашка бекъабелла эркийн маша бу, Теркан-Соьлжан акъарин тӀехь а, Теркал къилбаседехьара кӀошташкахь а эркаш дац. Дерриг ала мегар долуш Нохчийчоьнан эркаш Теркан майданах ду. Юкъара дохур вай Яьсси, Ястий, Ивги. Уьш ГӀурийн майданан эркийн системера ду. Нохчийн Республикера уггаре даккхий эркаш ду Терк (НР чохь 218 км), Соьлжа, Орга, церан хиш схьадовлу шешкара, деста аьхкенан заманахь. Дукхаха долу эркийн дестар хуьлу бӀаьста а, аьхка догӀанаш даьхкича. Коьрта эркаш:
НогӀийн аренашна а, Ӏаьржа латташна а хи дилла а, хи латто даьккхина Теркан-ГӀуман магистралан татол.
Ӏаьмнаш
- Къоьзана Ӏам (оьрс. Кезенойам) (Веданан кӀошт) — уггаре боккха а, кӀорга а Ӏам Къилбаседа Кавказех;
- Галайн-Ӏам (оьрс. Галанчеж ) — ГаланчӀожан кӀошт;
- Гихтой-Ӏам (нох. Гехи-Ам ) — ТӀехьа-Мартанан кӀошт;
- Чӏаьнтий-Ӏам (нох. Че́нтий-ам ) — Итон-Кхаьллан кӀошт;
- Іуьргюххой-Ӏам (нох. Ургюххой-ам ) — Шуьйтан кӀошт;
- Черкасски Ӏам — Шелковскан кӀошт;
- Боккха Ӏам — Шелковскан кӀошт;
- Дуьра Ӏам — Шелковскан кӀошт;
- Нохчийн Ӏам — Невран кӀошт;
- Капустино Ӏам — Невран кӀошт;
- Майорски Ӏам — Невран кӀошт;
- Инарлин Ӏам — Невран кӀошт;
- Безик-Ӏам (оьрс. Безином ) — Шуьйтан кӀошт;
- Ӏамга (нох. Амга) — Шаройн кӀошт.
Чухчареш
- Органан чухчареш
- Шара-Органан чухчареш
- Гихин чухчареш
- Яьссин чухчареш
- Хулхулон чухчареш
Дийнаташ а, ораматаш а
АхгӀум-аре. Ораматийн кепийн хӀоттамца ю Малхбален Европин бай-аренашкара Йуккъера Азин гӀум-аренашка дехьадовларан зона ю. Аьхка цхьаьна муьрехь ораматаш йогу, уьш хӀаллакйо лакхара температуро а, бекъачу мохо а. Бецан чкъор чӀогӀа нилха ду, кхуьу гӀум-аренан йокъаллехь кхуьу ахкоьллаш — сагал-буц, кохия, кхин а, Йуккъера Азин гӀум-аренан векалех хаало эмкалан баӀ, гӀамаран йоша, гӀамаран сула, кхин а, кхин а кхуьу бай-аренашкахь хуьлу байкепара кенан ораматаш — типчак, огар, кхин а. Нохчийчоьнан малхбалерчу декъера ахгӀум-аренашкахь дурделла латташна тӀехь кхоллаелла сагал-бецан кӀайчу латтан ораматийн тобанаш: сагал-буц, камфоросма, свода, тайп-тайпана кӀайчу латтан ораматаш[14]. Ша кепара ду Теркайистан гӀамаран массиван ораматаш. ТӀехула хи ца хуьлу, атмосферин йочанийн тӀуналла лаьттан кӀоргга чукхочу. ГӀамаран гӀийла капилляралла долун дела, тӀуналла Ӏаьнаръялар кӀезиг хуьлу, тӀуналлин резерв царна юкъахь дика лаьтта чӀогӀа лакхара хӀаваан температураш хилча а. Цул сов, гӀамаршкахь тӀуналла гулъяла тарло хин Ӏаьнаран конденсаци бахьнехь, уьш охьанехьа хӀаваэра юкъайоьду. Цундела, ораматаш гӀамаран латтан тӀехь алсама ю, тайпанашца а, барамца а, аьхкенан йовхонехь вуно дика лаьтта, сацкъар-латтан хӀоттам болчарел а. Цундела Теркайистера гӀамарш шен ораматийн амалца герга ю бай-аренашна.
Бахамера гӀуллакхаш
Теркан-ГӀуман чутаӀе (АхгӀум-аре). Аьхкенан йокъаллашца дов латтош ю кхузахь аренаш ларъен хьуьнан асанаш, хьун кхиайо гӀамарш тӀаьхь, дохку хи дуьллу татолаш. Ӏай кӀезиг догӀучу лайша таро йо уьстагӀийн жеш дажо. Цара, семса ло дӀаса а хьокхуш, атта лоху шайна даар. Амма лайша дӀадукъар а, ша хьахар а боккха бала бу даьхнийлелорхошна. Мацалла уьстагӀий ца далийтархьама, Ӏаьнан байданашкахь ларбалархьама йол дӀаюьллу[14].
Истори
Нохчийчоьнан мохк кхоллабалар
Российн Федерацин юкъахь
Кадыров Ахьмадан администраци
ШолгӀа нохчийчуьра тӀом болабаларца кхоьллира российн агӀора Нохчийн Республикин администраци. Цуьнан коьрте хӀоьттира, 1997 шарахь дуьненаюкъара эмиссараш Нохчийчохь ваххӀабизме орамаш тасийтича, цунна дуьхьала ваьлла волу муфтий Кадыров Ахьмад. 1998 шеран 25 июлехь цуо кховдорца дӀаяьхьира Къилбаседа Кавказан бусалбачеран Конгресс, цуьнан декъашхоша агӀо лецира Нохчийчоьнан муфтийн, емал йира динан экстремизман кепара йолу ваххӀабизм. А. Кадыровн жигара а, тӀаьхьий-хьалхий хила ма-деззара ваххӀабизман дуьхьала динчу белхаша, и идеологи тӀе ца ийцира дукхаха болчу Нохчийчоьнан бахархоша[19]. Нохчийн йукъаралла цхьаьнатоьхна, кхолла а, республика кхиаян а Ӏалашо йолуш, тӀом сацорхьама Нохчийн Республикин хенан администрацин корта хӀоттийра Российн президентан 2000 шеран 12 июнан Омарца Кадыров А. А.. Цуьнан оьшу лерам бара бахархошна, къаношна, динан гӀуллакххошна юкъахь. Цуо кховдийра, Российн Президенто а, Правительствос а, нохчийн юкъаралло – пачхьалкхан Ӏедалийн а, меттигера шайн урхаллин а меженаш, нохчийн социалан институтийн тхьамданаш къобал йина республика машарца юхаденъяран программа. Законехь боцу тӀеман кхолламех, тӀемлойх гӀуо ойла кхуллуш, бакъо ларъяран меженашна гӀо дира, меттигера йукъараллаш[20].
Йийр ю, юттур ю, кхуллур ю, жигара тӀом бийр бу мостагӀашна дуьхьала. Цхьанне а гечдийр дац А. А. Кадыров[21]
|
2003 шарахь тӀеийцира керла республикин Конституци, цуьнца Нохчийчоь хуьлура Российн Федерацин субъект, цул хьалха пхиъ проект хилира, царех цхьаъ йира, иза дерриг къоман референдуме йиллира 2003 шеран 23 мартехь, цигахь дакъа лецира 90 % бахархоша (509 796 стагах 489 257 стага [95,97 %] кхаж тесира Конституци тӀеэцарехьа[22]), цуо гойту бахархоша буьззина тешам балар А. Кадыровна политикин къоьллера аравала бакъонан гӀирсашца, ткъа иштта Нохчийн Республикин пачхьалкхаллин бух кхолла а[23]. Оццу шарахь хилира президентан харжамаш, цигахь толам баьккхира Кадыров Ахьмада (кандидатуран гӀолецира 80,84 % харжамхоша[22]). 2004 шеран 9 майхь Кадыров Ахьмад кхелхира Соьлжа-ГӀалахь террористийн акт яр бахьанехь. Цуьнан когаметтачара дӀаяьхьира республикера машаран дахар а, цуьнан экономикин-социалан сфера меттахӀотторан программаш[20].
Сахьтан аса
Кхузахь сахьт Москваца нийса лелаш ду. Сахьтан аса ю UTC+3.
ГӀаланаш
- Соьлжа-ГӀала (Грозный) — бахархой 230 000 адам.
- Устрада-ГӀала (Аргун) — бахархой 41 000 адам.
- Гуьмсе (Гудермес) — бахархой 42 500 адам.
- Хьалха-Марта (Урус-Мартан) — бахархой 60 500 адам.
- Шела (Шали) — бахархой 45 000 адам.
- Курчалой-ГӀала (Курчалой) — бахархой 26 000 адам.
Нах беха меттигаш
- 10000 дукхо адам деха меттигаш.
|
|
Административан йекъайаларРеспубликин коьрта гӀала ю Соьлжа-ГӀала, цуна ю республикин муьтӀахь аьлла статус. Административано Нохчийчохь ю 2 гӀалин гуо а 15 муниципалан кӀошт а. Соьлжа-ГӀалал тӀехьа республикин муьтӀахь ю — Орга а Гуьмсе а. ЭкономикаДерриг регионан сурсатех (ДРС) (я ДЧС) болу коьрта хаамаш, Российн Федерацин субъектех ша цхьа регион схьаэцча, масала Нохчийн Республика, хаа йиш ю Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан (Пачстат) хаамашкара[26]. Иштта Нохчийчоьнан хаамаш ло Нохчийн Республикера (Нохчстат) Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан меттигера межено[27]. Шинне а кхолламан официалан сайташ ю, цигахь бахархойн синошна декъна ДРС а, ДС а далийна российн соьмашкахь хӀинца долчу коьрта мехашкахь лерина (Оцу ресурсан хаамаш гайтина 2016 шо юкъахь а долуш). Республикера 2017 шеран статистикин гайтамаш бевза Нохчийн Республикин Экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министраллин хаамашкара:
ДинНохчийчуьра ислам бусалба динан чура схьаэцна тайп-тайпана некъаш хилла. ХIунда аьлчи, регионехь хьалха боккха Iаткъам болуш яккхий пачхьалкхаш хилла, масала, шиIийн Иран а, суннийн Iусманан империи а. ХIора а оцу пачхьалкхехь шен Iаткъам баржош яра Къилбаседа Кавказехь, уггаре хьалха, исламан динан гIоьнца. Тахана нохчаша шеш ШафиIийн мазхIабера суннийн охIлара бусалбанаш лору. Амма ала деза, церан динан хаамашкахь дуккха а дисина шиIийн Iаткъамах. Масала, нохчийн фольклорехь Мухьаммад пайхIамаран сахьабехь алсама хеставо Турпал-Iела, аьлчи а Iали бин Абу-ТIалиб. Цул сов, шайн динан а, дуьненан а Iедалан коьртехь болчарех, нохчаша халифаш ца олура, ткъа шиIийш санна имамаш олура. Иштта нохчийн къоман динехь башха меттиг дIалоцу дуьне духуш имам МаьхIди вогIур хиларо, шиIийш а доккха маьIна ло оцунна. Оцу массо а хIумано гойту, нохчашца консерватизм йогIуш ца хилар, уьш бусалбанаш цхьанатохаран агIончаш хилар, ислам партешна декъаран дуьхьала хилар, ПайхIамаран ма-лаъара. Амма нехан ницкъ ца тоьу динан йукъараллаш цхьаьнатоха цхьаьна куьйга кIела ца хилчи. Нахана бусалбан къам цхьаьнатоха лаарах спекуляци йина, дуьненахь дуккха а нах бевлла шеш имамаш бу бохуш, халкъ Iинан йистте теIош. Нохчийчоь а дацара оцу хьокъехь дика масала. Харц «имамаш» цIа кхоьссина ца Iа нохчий йоккхачу Российн империн бага. Ишттачу кхерамечу хьолехь, нохчийн этнос хIаллакхилла дIаялан кхераме долчу хенахь, къам кIелхьара даккхаран роль кхечира суьпийн шайхашна: Кишиев Кунта-Хьажийн, Хантиев Iусман-Хьажийн, Дебиров Элах-Моллин, Гайсумов Соип-Моллин, Хантиев Кана-Шайхан. Цара халкъе олуш хилла: «ГIеза-Махьма, Шемал, ГоцIийн Нажмуддин бакъ имамаш ца хилла, цундела шайн халкъ хIаллакдина, ткъа бакъ имамо бусалбанаш толаме кхачо беза дерриг дуьнен тIехь». Нохчашна юкъахь ислам дин дисар а, даржар а суьпийн болх бу. Ислам дин даржоран юьхьигехь дуьйна суфизмо АллахIан дин кхайкхадаран болх, иза халкъе дIакхачадаран болх а жигара дIакхоьхьура. Пачхьалкхашкахула лелаш суьпийш, генна бусалба мехкашна дIакхачадора АллахIан дош. ДешарНохчийчохь болхбо кхаа лдмо:
Кхуй а лдм ю Соьлжа-ГӀалахь. 2010 шеран 1 апрелехь дуьйна Нохчийчоь дакъалоцуш ю «Динан оьздангаллин баххаш а, дуьненан хӀуман эхь-бехкалла а» (цунна чохь «Православин оьздангаллин баххаш», «Исламан оьздангаллин баххаш», «Буддийн оьздангаллин баххаш», «ЯхӀудийн оьздангаллин баххаш», «Дуьненан динан оьздангаллин баххаш», «Дуьненан хӀуман эхь-бехкаллин баххаш») курсан хьехаран экспериментехь[28]. 2015 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГӀалахь дӀайиллина керла хӀокху заманан дешаран центр ерриг майда 15000 квадратан метр йолуш, цунна чохь ю пхи корпус: шиъ дешаран, хьехархойн, спортан, кхачананцӀа[29]. Нохчийн Республикин йуккъера говзаллин дешаран кхолламаш гайтина энергетикин, кхачанан индустрин, медицинин, оьздангаллин, говзаллин, хьехархойн, автотранспортан, кхечу а техникумаша а, колледжаша а[30][31]. ОьздангаллаНохчийчоьнан оьздангалла ша-кепара ю, эзарш шерийн историца. Цунна чохь ю цивилизацин къаьмнийн хуьлу, ерриг тайпана жанраш, цунна Ӏаткъам бина географин хьоло а, этносан оьздангаллин гуоно а[32]. Нохчийн фольклор гайтина жанрашца: мифологи, турпахойн эпос, туьйранаш, легендаш, эшарш (Ӏадатан, къинхьегаман, аганан, кхин а), кицанаш, берийн фольклор, динан фольклор (назманаш), жухаргийн а, тӀуьйлигин кхолларалла. Нохчийн къоман мифологи йисина дакъошца[32]. ЛитератураНохчийн литература кхоллаялар доьхку цара йоза леладарца, хьалха лелийна гуьржийн а, византийн желтойн йоза. Нохчийн маттара уггаре шира йозанан иэс ю тептар — нохчийн тайпанийн хроникаш. 1866 шарахь араяьлла И. А. Бартоломейн «Нохчийн абат», иза хӀоттийнера кириллицица. ХӀинцалера нохчийн маттара йозанан литература кхоллаелла XX бӀешеран 20-гӀачу шерашкахь: 1923 шарахь араболу Нажаев Ахьмадан «Эшарш а, дийцарш» гулам, 1925 шарахь арахоьцу «Серло» газет нохчийн маттахь Дудин Ӏабди, Ш. Сагаиповн, М. Сальмурзаевн, кхечеран а дийцарш а, байташ а йолуш. 1930-гӀа шерашкахь юкъайолу поэтийн Айсханов Шамсуддинан а, Музаев Нурдинан а, Мамакаев Ӏарбин а кхолларалла. XX бӀешеран 1930-гӀа шераш чекхдовлуш — 1940-гӀа шераш долалуш арайолу Мамакаев Ӏарбин поэма «Нохчийчоьнан лаьмнашкахь». 1980-гӀа шерашкахь кхоллало нохчийн яздархойн керла чкъор: Бексултанов Муса, Ахмадов Муса, Нунуев Сайд-Хьамзат, кхин а. Таханлера нохчийн литература гайтина дуккха а яздархоша а, жанраша а[32].
Ший а библиотека Соьлжа гӀалахь ю. Музыкин-хореографинХалкъан драмин ламасташ (жухургийн а, тӀуьйлигийн театраш) йолушехь, Нохчийчохь театран коллективаш юкъайовлу XX бӀешеран 20-гӀачу шерашкахь. Оцу хенахь кхуллу дуьххьарлера къоман пьесаш: С. Шадиевн а, М. Гайсановн а «Мурид», Эльдархан Ӏийсан а, Бадуев СаӀидан а «Дайн Ӏадат», Шерипов Данилбекан «Зандакъара Ӏелабаг-Хаьжи»,кхин а[32] Нохчийн музыкин оьздангалла йекъало:
Локхура мерзболу, Ӏадхьокху, зурманийн, тохаран музыкин гӀирсашца, XIX бӀешарахь царна тӀекхийтира кехат-пондар, баян, аккордеон. Нохчийн музыкин башхаллин амалех билгалйоккху, масала, халкъан эшарш квартица чекхйовлар, охьабоьдучу боламехь цхьаьнаэшшара секвенцикепара хӀоттор, триолаш а, дуолаш а хийцар, кхаа озаца олу эшаран коьрта узам йуккъерачу озаца алар. Дукхаха йолу халкъан эшарш йолало септиме дехьаоьккхарца, церан амалехь ду эшаран юьххьера узаман цхьаьна озехь сацар[32]. Хореографин оьздангаллин векал ю, 1939 шарахь кхоьллина, къоман хелхаран пачхьалкхан ансамбль «Вайнах», цуо яьхна дуьненаюкъара фестивалашкахь гран-приш (Туркойчохь 1998 шарахь, Италехь 1999 шарахь, Францехь 2002 а, 2007 а шерашкахь, Италехь а, Испанехь а 2003 шарахь, кхин а)[33][34]. Кхин а ю Республикин берийн эшаран а, хелхаран а Алиев Хьасанан цӀарах ансамбль «Башлам», кхоьллина 1967 шарахь, российн а, дуьненаюкъара а къийсамийн декъахо а, лауреат а, дуьненаюкъара фестивалийн шортта гран-приш яьхна[35][36].
Ерриг театраш ю Соьлжа-ГӀалахь. МузейшНохчийн Республикехь музейн гӀуллакх кхиор долийна 1924 шарахь Соьлжа-ГӀалахь Нохчийн Республикин Къоман музей елларца. 1961 шарахь дӀайиллина сурт дилларан говзаллин Захаров Петран цӀарах музей. XX бӀешо чекхдолуш Нохчийн Республикин музейш Къилбаседа Кавказехь уггаре яккхийчех лорура[32].
Факташ2018 шеран ноябрехь Нохчийчоь Российн уггаре кӀезиг вахон малар молу регионийн рейтинган коьрте хӀоьттира[39]. 2020 шеран 27 ноябрехь, Нохчийн Республикин Парламентан 15 шо кхачарна лерина хийшаршкахь, Республикин Куьйгалхочо - Кадыров Рамзана, хаам бира Советийн союзан 4 лакхара совгӀат меттахӀотторах а, республике юхадерзорах а: Ленинан орден (1965), Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орден (1982), Октябран Революцин орден (1972), Къаьмнийн доттагӀаллин орден (1972). Уьш дайинера шина тӀеман компанешкахь Нохчийн Республикин махкахь. Карийначу орденийн удостоверенеш тӀехь ша куьг яздира Российн Федерацин президента – Путин Владимира. Тахана дерриг совгӀаташ Нохчийн Республикин Къоман музейхь Ӏалашъечу цӀечу байракхан асин тӀеоьхкина. 1965 шарахь НГӀАССР, пачхьалкхан хьалха тӀехдика гӀуллакхаш дарна (сурсаташ арахецарехь, Ӏилманехь, могашаллаӀалашъярехь, кхечу дахаран ладаме сферашкахь), совгӀат дина Ленинан орденца (ССРС лакхара совгӀат)[40]. Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
|
ГӀалат дешнаш далорна Тобан «комм.» йолуш йолу тегашца <ref>
йогӀуш йолу тег <references group="комм."/>
ца карийна