Наталья Алексеевна (сийлахь сту)

Ната́лья Алексе́евна, йинчу хенахь принцесса Вильгельмина Луиза Гессен-Дармштадтан (нем. Wilhelmina Luisa von Hessen-Darmstadt; 14 (25) июнехь 1755, Дармштадт15 (26) апрелехь 1776, Петарбух) — сийлахь сту (1773), Гессен-Дармштадтан ландграфан Людвиг IX а, Каролина Цвейбрюкен-Биркенфельдан а йоӀ, сийлахь элин Павел Петровичан хьалхара зуда (тӀаьхьа император Павел I-ра).

Романова Наталья Алексеевна
Романова Наталья Алексеевна
Сийлахь сту
Хьалха хилларг Екатерина Алексеевна
Когаметтаниг Мария Фёдоровна
Дин керста
Йина терахь 1755 шеран 14 (25) июнь({{padleft:1755|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Йина меттиг Дармштадт
Кхелхина терахь 1776 шеран 15 (26) апрель({{padleft:1776|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (20 шо)
Кхелхина меттиг Петарбух
ДӀайоьллина
Тайпа ГессенгӀеран цӀа, РомановгӀар
Йича тиллина цӀе нем. Augusta Wilhelmina Luisa von Hessen-Darmstadt
Да Людвиг IX (Гессен-Дармштадтан ландграф)
Нана Генриетта Каролина Пфальц-Биркенфельдан
Майра Павел I
Бераш Велла кӀант вина
Динлелор керста
СовгӀаташ Сийлахь Екатеринин I тӀегӀанара орден
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Йелла доьзалхо хуьлуш, дуьнен тӀеваьккхира велла сийлахь эла[1] .

Вильгельмина Луиза йина 1755 шеран 14 (25) июнехь, ландграфан Людвиг IX Гессен-Дармштадтан (1719—1790) а, цуьнан хьалхара зудчун принцесса Каролина Цвейбрюкен-Биркенфельдан (1721—1774) а доьзалехь пхеалгӀа бер, йоьалгӀа йоӀ.

ЙоӀ кхиийра чӀогӀа тӀаьхь ненан терго йолуш, ненах олура «сийлахь ландграф-аьзни». Иза дика дешна зуда йара, цуьнан цӀахь хиллера Гёте, Гердер, кхин оцу заманахь гӀарабевлла нах. Жимачу хенахь дуьйна йоӀ чӀогӀа хьекъал долуш йара, дика амалаш а,чӀогӀа хьуьнаралла а йолуш йара.

Маренан планаш

бӀаьра нисйан

1772 шарахь сийлахь элин Павел Петровичан кхечира берхӀитта шо, цуьнан нана, император-аьзни Екатерина II-гӀа, йолайелира кӀантана нускал лаха. Дуккха лехна севцира шина кандидатурин тӀехь: София-Доротея Вюртемберган а, Вильгельмина Гессен-Дармштадтан а. Амма Софиян кхойтта шо кхечира, ткъа Екатеринин сихха когаметтаниг везара, цундела император-аьзнис шен харжам бира кхаа принцессех Гессен-Дармштадтан.
Оцу хьоло самукъа цадоккхура император-аьзнин. Ша вахийтинчу Ассебурге шен кехатехь цуо йаздора:

Принцесса Вильгельмина Дармштадтан суна йуьйцу, дукхаха дерг дог дика долуш йу бохуш, Ӏалам санна хаза кхоьллина бохуш; амма иштта хазалла дуьненахь ца хуьлу, сунна ма-хаъара, ахьа боху, цуьнан сиха хьекъал ду барт бохо. Иза цхьаьнатоьхча цуьнан ден а, дуккха а йижарийн а, вежарийн а, дукхаха берш дӀанисбелла, биснарш хӀин-хӀинца бохуш Ӏа, ларйала йезийта со оцу агӀора. Амма аса доьху хьоьга хьайн тергонаш карлайахар…

Пруссин паччахьан Фридрих II-гӀачун лаара и захало дан, цуо Россех а йахана и захало Пруссин ладаме хиларх тешабе аьлла ландграф-аьзни Каролина йахийтира.

1772 шеран октябрехь Екатеринас йаздира Панин Никита Ивановиче:

Ландграф-аьзнин, хастам бу Далла, мааре йала кхин а кхо йоӀ йу; доьхур ду цуьнга кхуза йар шен маьхкарийн жӀуганца; вай чӀогӀа ирс доцуш хир ду оцу кхааннах вайца йогӀушйерг ца харжахь. Цаьрга хьовсур ду, тӀаккха сацам бийр бу. И йоьӀрий: Амалия-Фредерика — 18 шо; Вильгельмина — 17 шо; Луиза — 15 шо… Башха сеца а ца соьцу Гессенан пруссин паччахьа принцессехь йоккхаха йолчун хестамаш тӀехь, цунна оьшурш, цунна хазахетарш, вайна хазахетар ялахь тамаша бу. Цуьнан ойланца — Ӏовдалнаш гӀоле бу: суна гина, бевзина цуо хаьржинарш.

Ландграф-аьзни Каролинин а, цуьнан мехкаршна а тӀаьхьа Екатеринас хьажийра кхоъ фрегат-кема. Царех цхьанна баьччал деш вара граф Разумовский Андрей.

Паччахьан кӀентан принцессашца Амалийца (1754—1832, тӀаьхьа Баденан принцесса), Вильгельминица, Луизица (1757—1830, тӀаьхьа сийлахь Саксен-Веймар-Эйзенахан герцог-аьзни) гар нисделира Гатчинехь 1773 шеран 15 июнехь.

Павела хаьржира Вильгельмина. Екатеринас йаздира:

… Сан кӀантана хьалхарчу минотехь дуьйна йезайелира принцесса Вильгельмина, аса цунна кхо де хан йелира, иза дохко волий хьажа, и принцесса йерриг агӀонашца а шен йижрел тоьлуш хиларна… йоккхаха йерг эсала; жимаха йерг, хета, чӀогӀа хьекъале; йуккъерчуьнгахь дерриг вайна оьшург цхьаьна ду: йуьхь цуьнан чӀогӀа хаза хуьлу, аматаш нийса, иза кӀеда-мерза, хьекъале йу; со чӀогӀа реза йу, сан кӀант иза йезайелла йу …

1773 шеран 27 июнехь герцог-аьзни Каролинин а, цуьнан кхаа йоьӀан а йелира Сийлахь Екатерин орден.

1773 шеран 15 августехь принцессас Вильгельминас тӀеийцира сийлахь цӀе хийцар титулца сийлахь сту Наталья Алексеевна цӀарца, ткъа шолгӀачу дийнахь мах бира сийлахь элица Павел Петровца.

 
Наталья Алексеевна, Рослин Александран болх

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Родословная книга Всероссійскаго дворянства. // Составилъ В. Дурасов. — Ч. I. — Градъ Св. Петра, 1906.

Литература

бӀаьра нисйан