Ортодоксан керсталла
Ортодоксан керсталла йа Ортодокс-дин (желтойн маттер схьадеъна ὀρθοδοξία дош ду[1]; нохчийн матте гочдича «бакъ долу хастамбар» бохург ду; историн маьӀница «нийса ойла»)- керстачу динан коьртачарех а, ширачу боламах цхьаъ ду. Ортодоксийн керста дин кхолладелла хьалхарчу эзар шарчохь Византехь, ворхӀачу Дерригдуьненан килсийн муьрехь[2]. Керстанан боламийн дукхаллехь 3-гӀа меттиг йу цуьнан, кхо бӀе (300) миллион стаг ву ортодоксан ийманехь[3]. Цулла дукха тешарш бу католицизмехь (1,25 миллиард) а, протестантизмехь (800 млн) а.
Дукхачу хенахь дуьйна Малхбузера Килсан а, Руман империн Малхбалера Килсаш йуккъахь а херо йара. Цуьнан бахьан дара килсаш йуккъахь динан къовсамаш хилар а, руман епископш Малхбалера килсаш шай долалле йаккха гӀертар а. Ткъа цу херонан жамӀ дара 1056 шарахь хилачу Килсийн йекъар.
Сийлахь-йоккха йекъар хилачу тӀаьхьа Ортодоксийн килсаш йуккъахь хьалхара меттиг бу Керлачу Руман-Константинополан епископин кафедран. Ткъа йекъар хилале Дерригдуьненан килсан бакъонца хьалхара меттиг Риман кафедран бара[4][5].
Ортодокс-дин — Делан Йозанашкахь дӀайаздина долу бакъ апосталийн тешар ду, иштта иза Ортодоксийн килсан дин ду. Ткъа цуьнан маьӀна ду- йуккъахь евхаристин зӀе йолу хьукмаллица шайн лаамехь йолу автокефалин меттигерчу килсийн йукъарло.
Ортодоксан килсо къобалйо Никейн-Константинополан тешаран билгало. Иштта декъалбо Дерригдуьненан килсийн ворхӀ сацам. Ткъа ша къастайо Ӏийсас бухбиллина а, иза куьйгалхо волуш а цхьаъ бен йоцу килс санна[6][7][8].
Ортодокс-дин таханлерачу дийнахь цхьайолчу пачхьалкхашкахь коьрта дин ду, царна йукъахь- Оьрсийчоь а, Балканийн axгӀайpeнан дакъа а (Желтойчоь а, Серби а, Болгари а, Румыни а, Къилбаседа Македони а, Ӏаьржаламанчоь а), Украина, Белорусь а, Молдави а, Гуьржийчоь а, Кипр а[9].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Аверинцев С. С. Православие // Новая философская энциклопедия / Ин-т философии РАН; Нац. обществ.-науч. фонд; Предс. научно-ред. совета В. С. Стёпин, заместители предс.: А. А. Гусейнов, Г. Ю. Семигин, уч. секр. А. П. Огурцов. — 2-е изд., испр. и допол. — М.: Мысль, 2010. — ISBN 978-5-244-01115-9.
- ↑ Meyendorff J. Eastern Orthodoxy (инг.). Encyclopædia Britannica Online. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 май.
- ↑ Кеп:Cite encyclopedia
- ↑ Позиция Московского Патриархата по вопросу о первенстве во Вселенской Церкви. patriarchia.ru
- ↑ Роберсон Р. Восточные Христианские Церкви. III. Православная Церковь.
- ↑ Митрополит Филарет (Дроздов). О девятом члене Символа веры. // Пространный Православный Катехизис Православной Кафолической Восточной Церкви.
- ↑ Митрополит Иларион (Алфеев). Раннее христианство. Христос — основатель Церкви. // Православие : В 2 т. — М.: Сретенский монастырь, 2009. — 1840 с. — ISBN 978-5-7533-0502-2.
- ↑ 1. Единство Церкви и грех человеческих разделений Архивйина 2020-07-08 — Wayback Machine // «Основные принципы отношения к инославию» — документ, принятый Юбилейным Архиерейским Собором РПЦ МП 2000 года.
- ↑ Table of Christian Population as Percentages of Total Population by Country Архивйина 2017-05-11 — Wayback Machine. Pew Research Center.