Национализм
Национализм (фр. nationalisme) — XVIII бӀешо чекх долуш хенахь Европехь кхоллаелла политикин принцип ю. Национализман чулацам бу иза, Даймехкан дозанаш лардар а. ДегӀ а, са а цакхоош, шен къоман муьтӀахь хилар. Къоман маьрша дахар лардар. ТӀаккха къомах дог а лозуш, шен къоман дахар та далита некъ лахар, тӀаккха оцу некъан тӀаьхь къа а хьоьгуш хилар. Оцу политикин принципо жима верг, воккха верг, таро ерг, къен-миска верг къаьста ца во. Коьрта дерг ду — цхьан къоман нах уьш хилар. Национализман коьрта Ӏалашо ю, цхьан къомах болу неха уьйр хилийтар. ХӀоранне, шен дай баьхна латта дезар — тӀедиллина декъар хилар а къастадeш.
Национализм XIX—XX бӀешерашкахь йаьржина Европехь. Европин юккъе йогӀуш йолу пачхьалкхан политикин дахаран боккху Ӏаткъам а беш. Оцу хенашкахь хилла йолу национализм идеологи хилла аьлла таханлера историкаша бина сацам бац. Ткъа иштта XIX бӀешо чекх долуш хенахь (1870 шо дуьйна дӀа) йукъа доьвла сий доцучу агӀора йаьккхина йолу национализмах шайн бух а болуш, керла некъаш —шовинизм а, ксенофоби а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |