Шовинизм[1] (фр. chauvinisme) — тӀех патриотизм тӀаккха тӀех национализм хиларна билгало ю иза. Шен мохк боцург кхи хӀумма а ца гуш. Шен къомах бац а бохуш кхечу къомах болу нахана инкарло йан кийча хилари сов, цаьрна тӀаьхь ницкъ бан, тӀаккха Ӏазап латто лууш волу стагах олу шовинист.

Дуьххьарлера французийн импери йолчу хенахь(1804—1814) и дош схьадаьлла «Nicolas Chauvin» цӀарх. Французийн армин (фр. La Grande Armée) салташа дуьйцуш долу дийцаран чуьра, иллешкахь вуьйцуш, турпал хилла иза. Ша валарна са а ца гатдеш, шен мехкан дуьхьа мостагӀна ницкъ беш хилла. Цунна шен яхь дӀацалуш, буьрса тӀемало хилла бохуш, вуьйцу иза оцу дийцаран чохь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 705