Нохьан кема
Но̄хьан ке̄ма, Нохьан хинке̄ма, Нӯхьан хӀордке̄ма (Ӏаьр. سَفِينَةُ نُوحٍ, Сафӣнату Нухь; Ӏеб. תֵּבַת נֹח, тева̄т Hо̄axь; схьадаьлла Ӏеб. תֵּבָה-х, тева̄ — «гӀутакх, тӀорказ, кема») — Къуръано а, Библино а ма-бохху, иза кема ду, Нохь пайхамаро Делан омранца шен доьзал а, ийман диллинарш а, массо а дийнаташ а Дерригдуьненан хитІедаларх кӀелхьардаха дина долу[1][2].
И тайпа кема хьахийна ду масех ширачу туьйранашкахь, царах ду шумарийн/аккадийн хитӀедаларан туьйра, цу тӀехь хьахийна хилла Нухь пайхамаран хитӀедаларан дийцарх тера дийцар.
ХитӀедаларан дийцарш
бӀаьра нисйанСумерийн хитӀедаларан дийцар
бӀаьра нисйанДӀадаханчу бӀешеран чаккхенга кхаччалц, нах тешаш хилла Товрат ХитӀедаларан дийцаран уггаре а шира хьоста ду аьлла, амма 1853-чу шарахь цӀеххьана карийна хилла Бабилан хитӀедаларан дийцаран копи. Ткъа 1889—1900-чу шерашкахь Ӏиракъехь ахкарш дечу хенахь, дуьххьарлерчу америкин археологин миссина карийна хилла Ниппур-гӀалахь Сумерийн хитӀедаларан дийцар тӀехь долу поппаран экъа (у). Цул тӀаьхьа кхиберш а цунна тӀаьхьабевлла. Ткъа сумерийн дийцар йаздинчу йозанан таммагӀах (лар) гуш ду, иза гергарчу хьесапехь, гӀараваьллачу Бабилан паччахьан «Хьаммурабин» заманера хилар, шеко йоцуш иза цул хьалха хилла хилар а.
Хьостанаш
бӀаьра нисйан- ↑ The Impossible Voyage of Noah's Ark | NCSE . web.archive.org (2019 шеран 5 август). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 11 июль.
- ↑ Noah's Ark Found? Turkey Expedition Planned for Summer . web.archive.org (2018 шеран 24 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 11 июль.