«О́рга» — хӀора баттахь арадолу нохчийн литературин а, исбаьхьаллин а журнал. Тираж 2 500 экземпляр, формат А4.

Журналан редакци чохь йолу Зорбанан ЦӀа

Журналас зорба туху байташ а, проза а, публицистика а, литературин а критикан а материалаш, историн а, Ӏилманийн а талламаш, кхийолу нохчийн йаздархоша а, Ӏилманчаша а йазйина хӀумнаш.

Журнал арахеца долийна 1958 шарахь. Цуьна коьрта редактораш бара боьвзуш болу нохчийн йаздархой: Магомет Мамакаев, Шайхи Арсанукаев, Алвади Шайхиев, Муса Ахмадов, Ильман Юсупов (1993 шо дуьйна 1994 шо кхаччалц).

Хьалхара тӀом бахьнехь журнал арахецар сацинер. Амма 1995 шарахь иза юха а арахеца долийнера. Цуьнан коьрта редактор вара йаздархо Ислам Эльсанов. ШозлугӀа журнал арахецар доладелира шозлугӀа тӀом чекхбеллачул тӀехь. Цу хенахь журналан куьйгалхо яра журналист Сацита Юсупова.

Тахана журналан коьрта редактора ву йаздархо, литературин критик, гочдархо Эльбрус Минкаилов.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра