Оьрсийн гва́рди, я Росси́йн импера́торан гварди, я Лейб-гварди (итал. guardiaха, гӀарула) — хаьржина Оьрсийн императоран эскаран а, Флотан тоьллачех дакъа, аьлчи а импери тӀеман ницкъийн.

Франц Крюгер. Оьрсийн гварди 1832 шарахь Паччахьан Юьртахь суьртан дакъош. 1841, Камероновн галерей, Пушкин

Гвардийн дакъош шеш хаьржина хиларна а, императоран герга хиларна а ладаме роль ловзайора XVIII бӀешеран гӀаланан харцамашкахь; иза коьрта ницкъ бара Елизавета I Ӏедале ялийна харцамашкахь ( Преображенски полкан Лейб-гвардин гренадерийн рота, Екатерина II — Измайловски а, Семёновски а полкаш, ткъа дукхаха болу бартхой, Павел I вийначарех, бара гвардин эпсарш я лахара даржашкарниш (масала, ямартлон барт юкъахь дакъа лецира Семёновскин, Кавалергардскин, Преображенски полкийн бӀаьччанаш).

1800 шарахь дуьйна гвардехь чӀагӀъелира шефийн полкийн система (сийлахь баьччанийн). Цхьа могӀа гвардин полкийн шефаш хӀиттийнера император, император-аьзни, сийлахь эланаш. Иштта, император язвина вара Преображенски, Егерски, Павловски, 1-ра а, 4-гӀа кхийсархойн а, Кирасирски Цуьнан Сийлаллин, Дошлойн гвардин полкийн шеф, император-аьзни — кавалергардийн а, Кирасирски Цуьнан (император-аьзнин) Сийлаллин полкан шеф, иштта кхин дӀа. Полкийн шефийн бакъо яра шайна «куьйгакӀела еллачу» полкан мундир лело, кхин тӀе тоьгура башха мундираш император-аьзнин, стушна.

1813 шарахь гвардера кхолламаш тӀекхетча иза екъаелира «къеначун» а, «къуоначун» а.

Гварди бара ша-лаьтта кхоллам, цигара схьа, дара цуьнан лакхара хьал кхечу Оьрсийн императоран эскаран а, флотан а эскаран дакъошца дуьстича, таро яра гӀуллакхца дарже хьалавала сихха: 1883 шарахь эскаран эпсаран оьшура 30 шо сов, полковникан чине кхача, гвардин — 15 - 18 шо, ткъа кхаа уггаре гӀолечу гвардин полкашкахь — 10 шо.

XIX бӀешо чекхдолуш гвардин эпсаралла лаьттара коьртаниг дайшкара охьабогӀу элех: гвардин дошлошна юкъахь 96,3 %, гвардин гӀашлошна юкъахь 90,5 %. Ткъа эскаран гӀашлошна юкъахь элий эпсарех 39,6 % бен бацара. Луьра тергонехь дара гвардин эпсарша зуда ялор: совдегаран, банкиран, биржахочун, йоӀ ялийча, мел дукха бахам цара буьтуш хилча а, гвардин полкан йукъара воккхура.

Хьалхара дуьненан тӀом болалуш Российн императоран гвардех йира йиъ гвардин гӀашлойн дивизи, шиъ гвардин дошлойн дивизии, цхьа могӀа шеш долу гвардин дакъош а, полкан тӀегӀанера дакъош а — батальон (дивизион) — рота, царна баьччал деш вара инарла-адъютант, Гвардин эскаран а, Петарбухан тӀеман гуон коьрта баьчча, дошлойн инарла Сийлахь эла Николай Николаевич.

Петр I-чун заманахь

бӀаьра нисйан

Оьрсийн гвардел хьалхарниш хилира «кхечу мехкан могӀанашка» Ӏамош долу Пётр I-чун ловзаран эскарш. Хьалхара оьрсийн гвардихо лору ловзаран эскаре дуьххьала 1683 шарахь дӀаязвелла Сергей Леонтьевич Бухвостов.

1692 шарахь ловзаран эскарш юкъатуьйхира 3-гӀа Москохан хаьржина полкан коьртехь А. М. Головин волуш (шина полке екъарца: Преображенски а, Семёновски а). 1700 шарахь оцу шина полках ала долийра лейб-гвардин полкаш.

1700 шарахь Нарвера тӀамехь шина гвардин полко кхаа сахьтехь, берриш боьхна, чевнаш йина, штаб-эпсарш берриш карабахана хиларе хьаьжна ца Ӏаш, иштта кхин масала доцуш майраллийца, юха ца бовларца сецийра шведийн тӀелатар (цуо кӀелхьара даьккхира юхадолу оьрсийн эскар дуьззина хӀаллакдарх), иза бахьнехь оцу полкийн обер-эпсаршна совгӀат дира накхана тӀеухку «1700, 19 ноябрь» йоза долу эпсаран хьаьркаца: пальман генашца (шведийн эскарехь и генаш штаб-эпсарийн хьаьркаш тӀе бен ца тухура). Гвардихоша «голлелц цӀийлахь» тӀом барна, Пётр I-чо омар делира церан баьццара пазаташ хийца цӀен пазаташца аьлла.

Къилбаседа тӀеман юьххьехь гвардин полкаш лелайора оьрсийн эскаран коьрта тӀелатаран ницкъ санна: Нотебурган (1702), Ниеншанца (1703), Нарвин (1704), гуо лацарехь, Добрера а, Леснера (1708) тӀемашкахь. 1701—1706 шерашкахь оьрсийн гвардин полкашна баьччалла лелош вара И. И. Чамберс, 1706 шарахь дуьйна — эла М. М. Голицын.

Петра I-чун 1706 шеран 20 августан омарца гвардин чинашна лора эскаранчул цхьа тӀегӀа локхалла; Рангех табельца (1722 шеран) и башхалла сов яьккхира 2 тӀегӀане кхаччалц.

Пётр I-чо лелайора гвардин полкаш шен долара гӀарол санна, олура царех «паччахьаш Ӏалашбийриш», ткъ кхин а гвардин эпсарш гуттаренна хьовсаборазуламаш лелорна таллам бан, суьдан а, тӀеман контракташна а терго ян.

Иштта, паччахьан кӀантана Алексейн тӀаьхьа, дозанал арахьа, хьажийра Преображенски полкан капитан, ткъа 1721 шарахь императора Семёновски полкера салти а хьажийра Киевн а, Орелан а губернешка «губернаторшка, вице-губернаторшка, воеводашка, камергерашка, комиссарашка, кхин болу урхаллашка гулдайта массо а ахчанан налогаш 1719, 1720, 1721, 1722 шерашна тӀиера»[1].

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  1. Л. В. Беловинский. Русская гвардия в XVIII—XIX веках. // Вопросы истории, 1983, № 9. — С. 94-105.