Оьрсийчоьнан эзар шо кхачаран эсалла
Оьрсийчоьнан эзар шо кхачаран эсалла (оьрсийн маттахь Памятник Тысячелетию России) — Сийлахь-Йокххачу Новгородехь лаьтташ болу борзанан хӀоллам бу. Эсалла йоьттина 1862-чу шарахь, Рюрик Новгороде веана эзар шо кхачаран сийнна.
Сийлахь меттиг | |
Оьрсийчоьнан эзар шо кхачаран эсалла | |
---|---|
58°31′16″ къ. ш. 31°16′31″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Велики Новгород |
Архитектурин хатӀ | неовизантийский стиль |
Йиллина терахь | 1862 |
Статус | ОТӀО № 5310033027 |
Локхалла | 15,7 метр |
ГӀирс | борза[d] |
Викиларми чохь медиафайлаш |
1859-чу шарахь дӀабаьхьира хӀолламан проект хоржуш къийсамаш. Цигахь толам баьккхира архитектор волу Гартман Викторо а, суртдиллархо волу Микешин Михаило а. Микешин проектаца эсалла горгалин кепехь хила езаш яра, цунна пхийтта метр локхалла яра. Горгалин боххьехь паччахьан Ӏедал гойтуш жӀара хӀоттийра. Горгалин гонаха тайп-тайпанчу оьмаршкахь хилла, оьрсийн исторехь доккха дакъа лаьцна паччахьаш а, мозгӀарш а, инарлаш а, суртдиллархой а гойтуш магӀарш ду. Микешин скульптор вацара, цундела эсаллин цхьа бӀе ткъе исс статуй йира цу заманан оьрсийн коьртачу скульпторш — Шредер Ивано а, вевзаш волчу Опекушин Александро.