Палчакх
Палчакх (абхаз. ахҭарԥа; абаз. хъатарпа; жӀай. башлихъ; адыг. шъхьарыхъон; азерб. başlıq; лаьзг. башлух; гӀалгӀ. палчакх; гӀебарт.-чергаз. щхьэрыхъуэн; кхарач.-балк. башлыкъ; гӀум. башлыкъ; ногӀ. баслык; хӀир. басылыхъхъ — исхаран ира бохь болу коьрта туьллург[1], йочанаш йа шелонаш йолуш куьйн тӀехула туьллург, цуо ларво шелонах, догӀанах, маьлхан товх[2][3]. Хуьлу шуьйра тӀемаш лаг гуонаха хьарчо. Исторехь лелора Къилбаседа Кавказан ламанхоша, цаьргара схьаэцна гӀазакхаша[4].
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Латтан тӀоьхулара эскаршна башлакхан сурт, 1862 шо]] |
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Башлакхан сурт, 1899 шо |
Башлакхаш Россехь моде йевлира 1830—1840 шерашкахь Наполеонан тӀемаш чекхдевлча. 1862 шарахь башлакхаш гӀазакхийн эскаршкахь йукъара коьрта тохкурш хилира, цул тӀаьхьа Российн тӀеман ницкъийн кхечу тайпанашкахь а[5]. Бабур-намеца (XVI бӀешо), башлакх совгӀатна лора кетарца цхьаьна[6]. Российн Императоран эскарехь иза йукъайаьккхира 1862 шарахь[7] а, 1877—1878 шерашкара тӀемехь чӀогӀа оьшуш хилира, малхбузаевропин эскаршкахь а зиен йолийра. Иштта, 1881 шарахь Тунисе хьажийна французийн эскаран йерриг тоба, башлакхашца йара[3].
Оьрсийн эскарехь лахара чинаша башлакх лелайора чоанца цхьаьна, тайп-тайпанара хьесапашца шайгахь болу гӀирсе хьаьжжина, коьрта тӀекхуссура йочанан хенан-хӀоттам хилча йа −5 °С лахара шело хилча[8].
Тюркаша башлакх олу томах — зуда йалочо нускалан дена-нанна ло мах, иза хуьлура ира бохь болу куй деха лергаш а долуш, лергаш логах хьарчадора коьртан тӀетуьллуш[3].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ В некоторых регионах башлыком в просторечье называют капюшон вообще.
- ↑ Башлык // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
- ↑ 1 2 3 Башлык // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ А. Булатова, С. Гаджиева, Г. Сергеева. Одежда народов Дагестана: историко-этнографический атлас / Пущинский научный центр РАН, 2001. — С. 87—88.
- ↑ РУССКИЙ ВОЕННЫЙ МУНДИР XVIII-XIX веков . web.archive.org (2007 шеран 12 март). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 17 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 12 мартехь Архивйина 2007-03-12 — Wayback Machine
- ↑ ЗАХИР АД-ДИН БАБУР->БАБУР-НАМЕ->СОБЫТИЯ 934-935 г. х. www.vostlit.info. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 25 августехь
- ↑ Просмотр документа — dlib.rsl.ru . dlib.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 8 сентябрь.
- ↑ Устройство войск, служба и довольствие солдата: Сост. для полк. учеб. команд, ротных, эскадронных и батарейных школ. — Санкт-Петербург: кн. маг. «Нар. польза», 1891. — 81 с.
Литература
бӀаьра нисйан- Андреева Р. П. Башлык // Энциклопедия моды. — СПб.: Издательство «Литера», 1997. — С. 102. — ISBN 5-86617-030-2.
- Беловинский Л. В. Башлык // Иллюстрированный энциклопедический историко-бытовой словарь русского народа. XVIII — начало XIX в. / под ред. Н. Ерёминой. — М.: Эксмо, 2007. — С. 41. — 784 с. — 5000 экз. — ISBN 978-5-699-24458-4.
- Буровик К. А. Башлык // Красная книга вещей: Словарь. — М.: Экономика, 1996. — С. 72—73. — 215 с. — ISBN 5-282-01639-7.
- Кеп:Книга:Словарь забытых слов
- Кирсанова Р. М. Башлык // Костюм в русской художественной культуре 18 — первой половины 20 вв.: Опыт энциклопедии / под ред. Т. Г. Морозовой, В. Д. Синюкова. — М.: Большая Российская энциклопедия, 1995. — С. 32—33. — 383 с.: ил. с. — 50 000 экз. — ISBN 5-85270-144-0.
- Кеп:Книга:Розовая ксандрейка и драдедамовый платок
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Палчакх — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
- Традиционная одежда и форма терских, кубанских казаков
- Черкеска, бешмет, чекмень, башлык — одежда казаков