Парадигма (лингвистика)
Паради́гма (желт. παράδειγμα, «масала, модель, кеп») — фундаменталан Ӏилманан хӀиттамаш, гарш, терминаш цхьана тоьхна, Ӏилманан йукъараллаш тӀеоьцуш а, доькъуш а йолу, цуьнан дукхаха болу декъашхой цхьанатухуш йолу концепци. Латтадо Ӏилма а, Ӏилманан кхолларалла а кхиор тӀехьене дӀадала. Кхин маьӀнаш:
- Парадигма (лингвистика)
- Парадигма (философи)
- Парадигма программировани
- Дешаран Парадигма
- Риторикера парадигма — масала, исторера я мифологера эцна дустар Ӏалашо йолуш далийна; парабола, лачдийцар.
- Iилманан методологин парадигма — мехаллаш, кепаш, тӀевар, техника караерзар, Ӏилманан йукъараллехь тӀеэцна гӀирсаш, гуранчохь билгалчу хенахь хӀиттинчу Ӏилманан гӀиллакхашкахь цхьанатоьхна.
- Парадигма политологехь — цхьанатоьхна хааран хьесапаш а, хаарш даларан логика луш йолу политикин таханалла гайтаран кепаш а, оцу социалан хиламан тобанан теоретика кхеторан кеп.
Цул сов, парадигма хила тарло абсолютан, Ӏилманан, пачхьалкхан, ша-шен (индивидуалан, субъективан), массара а тӀеэцна:
- Массара тIеэцна парадигмашна юкъайогӀу бартбаран масалан кеп, тӀеоьцуш йолу дукхахчу наха дуьненан я цуьнан декъан (хааран отраслаш, областаш, дахаран а, белхан а сфераш) кеп. Масала: 1993 шеран Российн конституцин некъан парадигма, йукъара программированин парадигма.
- Ша-шен парадигма — ю бартбаран духхера кеп, билгалчу стеган менталан кеп, цуьнан хетарг. Нийса доцу чӀагӀдар ду, «естествон кепаца иза къаьсташ хир ю массара а тӀеэцначух, хӀунда аьлчи лору субъектан зеделларг, ткъа иштта юьззина а ца хуьлу — цхьанне а хуийла дац масоо а массарех а лаьцна» бохуш. ГӀуллакх доьзна ду массара а тӀеэцначу парадигмо «шадерг хаар» ца гойтарх, ткъа гойтарх социалан хьал а, хьекъал эцаран стеган эволюцин гӀуллакхан оьшуш долу духхера хаарш а.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйанДешан йа дешнийн цхьаьнакхетаран маьӀнийн церца богӀуш болчу йаззамашка хьажоргаш йолу исписка. Нагахь шу Википедин кхечу йаззаман могӀамера кхуза кхаьчнехь, дехар ду, йуха а гӀой хьажорг нисйе, цуо оьшу йаззаме кхачитархьама. |