Ӏилманан методологи

(Iилманан методологи тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 2 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 4 январь).

Ӏилманан методоло́ги, ма-дарра кхетийча, — иза Ӏилманан гӀуллакхийн методех а, процедурех а лаьцна Ӏилма ду, ткъа иштта йукъара хааран теорин декъах (гносеологи) а, кхин а башха Ӏилманан хааран теори (эпистемологи) а, Ӏилманан философи а.

Методоло́ги, прикладни маьӀнехь, — иза талламан белхан хьесапийн а, тӀеваран а система (вовшех йоьзна цхьана хиларан комплекс) ю, цунна тӀетевжа талламча (Ӏилманча) билгалчу дисциплинан гуранчохь физикехь, химехь, биологехь, кхечу Ӏилманан дисциплинашкахь хаарш гулдарехь а, кечдарехь а. Ца оьшу методологи методикаца иэян.

Ӏилманан методологин коьрта Ӏалашо ю къовламе нисйина а, чекхъевлла а хьесапийн, кепийн, бакъонийн, нормийн системийн апробацица эвристикин кепара хаар латтор. Талламан балхахь аьтту хилийта (масала, бакъаӀаморан областехь) Ӏилманчан хаа еза кепан «къайле», хила еза Ӏилманан ойлан эвристикин[1]. Хаа еза йолуш йолу методологи, хӀунда аьлча хӀора талламчан аьтту бац шен, оригиналан тӀехьахитта тоъал нах болуш Ӏилманан талламан методологи кхолла, буьззина бух болуш, цуо иза кхайкхо йиш йолуш шен Ӏилманан ишкол кхолла. Цундела талламчийн коьрта дакъа, Ӏилманан жамӀашка кхачархьама зийна методологин кепаш лелош, тӀетовжа деза болчу некъашна (кепашна).


Кхиаран специфика

бӀаьра нисйан

Ӏилманан методологи кечъяран уггар доккха дакъа лаьцна Платона, Аристотела, Бэкона, Декарта, Канта, Гегела, кхин а философин классикаш. Оцу хенахь церан белхашкахь Ӏилманан методологи хӀоттара вовшехтоьхна, гӀийла къаьстачу кепехь, Ӏилмаллин йукъара ойланашца а, цуьнан ораман хьесапашца а талламаш цхьана нислуш. Масала, Аристотела а, Бэкон а классификаци йо Ӏилманан хаарш, Ӏаламах а, адамах а лаьцна бакъ хаамаш бахархьама кховдайо шиъ коьрта кеп: логикин-дедуктиван а, эксперименталан-индуктиван. И.Канта кечдо хааран корматаллин йукъара дозанаш, ткъа Шеллинг а, Гегел а кхолла гӀерта Ӏилманан хаарийн универсалан система. Оцу талламийн яра алсамо дӀатаьӀна амат, хӀунда аьлча Ӏилма, XVIII бӀешерана юккъара XIX бӀешо доладаллалц, йоккха роль йолуш дацара социалан дахарехь.

Йукъараллин юкъаметтигийн прогрессаца цхьана, технологин сфера а, промышленностан кхолларш а социумехь хьалхара плане таттарца Ӏилманан доккха маьӀна хуьлу керла технологи ярехь а, кхолларан балхехь кепаш нисъяр рационалан хьесапашца дарехь а. Доккха маьӀна долуш хуьлу иштта теоретикин талламаш Ӏилманан методологин областехь. Контан, Спенсеран, Дюркгейман, кхечу а авторийн белхашкахь кхоьллина ца Ӏа деккъа Ӏилманан хаарийн хьесапаш, амма кхуллу Ӏилманан-хаарийн белхан билггала вариантийн кепаш, кхин тӀе дукхах дерг социалан уьйрашна а, юкъаметтигашна а тӀейирзина а йолуш.

Ӏилманан методологи хӀуттуш башха маьӀна долуш хилла талламхой Буль, Фреге, Пирс логикин-математикин хааран областехь. Оцу авторша ойланан белхийн нормийн а, процедурийн а формализацин бух боьттира, цуьнца дӀайиллина формализацин а, математизацин а логикин хааршан аре, логикин-методологин ӀаламӀаморехь гуманитаран Ӏилмананашкахь бина белхаш лело аьтту бина.

КӀезиг маьӀна дацара Ньютонан классикан физикин бухан хеттарш хӀиттийна электродинамика, релятивистан а, квантан а механика хӀоттаран. Фарадейн, Максвеллан, Эйнштейнан, Планкан, кхечу Ӏилмананчийн керланиш гучудахаро таро йира цхьаболчу хиламийн а, процессийн а бухан (электричество, серло, кхин а) Ӏалам къасто, амма дуьззина эцча Ӏаткъам бира Ӏилманан методологин хӀиттамийн областан. Масала, квантан-релятивистан механикин кхиаро, теоретикин хӀоттам дӀататтархьама а, бух гайтархьама а, совдехира деккъа математикин некъаш. Иштта меттигаш гӀуллакхдина ца Ӏара деккъа талламан экспериментан жамӀаш вовшехтохаран Ӏалашонна, амма лелара шеш регулятиван Ӏилманан-хааран процесс хилла. Хьекъал гаран конструкцеш арататтар цхьатерра бакъо йолу Ӏилманан талламан декъашхой ларар цхьана тергоца а, экспериментаца а къобалдан буьйлабелира, дукха хьолахь иза гӀоле а лоруш, хӀунда аьлча практикехь теореш арататтаран, кхолларан, зеран йукъара хан яцъян таро ло дела.

Оцуо шадолчо йира Ӏилманан йоккха прогресс ХХ бӀешарахь, йира цунах марзвеллачун хааран хьаштонах («цӀеначу бакъдолчух») профессионалан юкъаметтигийн сфера.

Ледаме кхетамаш

бӀаьра нисйан
  • Ӏилманан метод (грек. methodos) — керла хааршан а, муьлххачу Ӏилманан гуранчохь Ӏалашо кхочушъяран а методаш коьрта некъаш цхьана
  • теори (грек. theoria тидам, таллам) — иза чолхе дуккха а аспектан хӀоттам бу, шена чохь йолу:
    • зеделлачун жамӀ дар, йукъараллин практикин Ӏалам а, йукъаралла а кхиар гойтуш долу объективан законаш
    • муьлхха цхьа Ӏилма я цуьнан дакъа кхуллуш йолу жамӀ даран хӀоттамийн цхьаалла
  • гипотеза (грек. hypothesis бух, хетарг) — иза аратеттина долу муьлххачу хиламна кхетам балархьама Ӏилманан хетарг ду, иза зер зеделаргашца, ткъа иштта теоретикин бух бар бакъ йолу Ӏилманан теории хилийтархьама
  • терго — Ӏалашонна хьажийна гар, Ӏалашонан гӀуллакхна диллар дина, ткъа Ӏилмананехь — хаам прибораш тӀехь гар, объективан аматаш йолу а, шолгӀа тергонан чоьтаца ларъян ялар, я кхин талламан методаш лелор (масала, эксперимент)
  • эксперимент (лат. experimentum — чам баккхар, зеделларг) — иза нийсса лоруш долчу хьолехь хилам Ӏаморхьама хӀоттийна зеделларг ю, хиламан боларан терго яран аьтту беш долу

Литература

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Гуляихин В. Н. К вопросу о методологии диссертационных работ в юридической науке // Юридические исследования. 2012. № 1. С. 92-106.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан