Петарбухан Гуманитарин говзаллин бертан университет

Петарбухан Гуманитарин говзаллин бертан университет Петарбухера российн лакхара дешаран меттигаш.

Петарбухан Гуманитарин говзаллин бертан университет
(ПГГБУ)
Дацдар ПГГБУ
Халкъашна йуккъера цӀе Saint-Petersburg University of Humanities and Social Sciences
Кхоьллина шо 1991
Тайпа Пачхьалкхан йоцу
Ректор А. С. Запесоцкий
Студенташ 12000 сов[1]
Лаьтта меттиг Российн байракх Петарбух
Юридически адрес Петарбух, Фучикан ур., 15[2]
Сайт http://www.gup.ru

Истори нисйе бӀаьра

Петарбухан гуманитарин говзаллин бертан университет йиллина 1991 шарахь, 65 шарахь лаьттина, Лакхара говзаллин бертан оьздангаллин ишколан бух тӀехь[2]. Кхоллархой хилира Российн маьрша говзаллин бертан федераци а, Регионашна йукъара «Петарбухан а, Ленинградан областан а говзаллин бертан федераци» цхьаьнакхетар а.

Структура нисйе бӀаьра

Университетера дешар дӀахьо дийнан, буьйсанан, дуьхьала боцуш дешаран кепара пхеа факультетехь:

  • Оьздангаллин факультет:
    • Журналистика
    • Реклама а, йукъараллица зӀенаш а
    • Физикин кхетош-кхиор
    • Философи а, оьздангаллалоги
  • Говзаллийн факультет:
    • Озанрежиссура
    • ГовзаллаӀамор
    • Хореографин говзалла
    • Режиссура а, актёрийн говзалла
    • Мультимедиан режиссура
  • Экономикин факультет
    • Ингалсан мотт
    • Информатика а, математика а
    • Немцойн а, романийн а меттанаш
    • Экономика а, урхалла а
  • Юридически факультет
    • Бакъонан отраслаш
    • Бакъонан теори а, бакъо ларъяран гӀуллакх а
    • Зуламан бакъо а, процесс а
    • Къинхьегаман а, говзбертан а бакъо
    • Дуьненайукъара бакъо
    • Гражданийн бакъо а, процесс а
  • Довлистаран факультет
    • Довлистар
    • Социалан-оьзданегаллин технологеш
    • Социалан психологи

Филиалаш нисйе бӀаьра

Ишколашца йукъаметтиг лелор нисйе бӀаьра

Студенташ дӀабахаран дов нисйе бӀаьра

2014 шеран 26 мартехь ПГГБУ официалан сайт тӀехь хаам гучубелира, ректорато 2014 шеран мартехь-апрелехь 150 гергга дийнан дешаран студент дӀаваккха аьлла. ДӀабаха безара кхааннаш дохурш, «низам дохораш, университетан тӀегӀанан стандарташца лела ца хуурш», цунна йукъадогӀура оьзда йоцу тӀехулара кеп, оьзда мотт ца бийцар. Иштта хоуьйтура, «социалан машанашкахь студенташа лелочуьнна а тидам бийриг хиларх. Хьалхарчу рогӀехь — „ПГГБУхь ладоьгӀна“ тайпана форумашкара жигаралла»[3]. Доьшуш хиллачу студенто дийцарехь, коьрта бахьна дара социалан Контактехь машанера нисса оцу «ПГГБУхь ладоьгӀна» агӀонан тӀера жигаралла, «цунна тӀехь законан гуранан чохь буьйцура боккъала а болу ЛДМера баланех»[4]. Российн студентийн барт оцунна тӀегӀерта, ткъа декъашхоша шайн лаам ПГГБУ ректор Запесоцкий Александр дӀаваккхар бу бохара[5][6]. Оццу хенахь ша Запесоцкийс «Аргументаш а, факташ а» газетехь хьолах лаьцна иштта дуьйцура: «ЛартӀахь дац ЛДМ администрацис, студенташ социалан машанашка чукхуьйсу, шена хьажийна емалалла охьатаӀо гӀерта бохуш дийцар»[7]. Ректор дӀаваккха ца велира — 2017 шеран мартехь Запесоцкий шен даржехь вара. Массашкахь дӀабахарах Запесоцкийс элира «балластах кӀелхьарваларан кӀеда кеп»[8]. Петарбухан МХГӀх цхьамма бехке вира ЛДМн ректор Российн Конституцин дешан маршоах болу 29 йаззам бохийна аьлла[8]. Цунна дуьхьала университето суьде белира МХГӀ, шен хаам юхабаккхийтира (динчу зуламан ЛДМе ахча ца даккха делира)[8].

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Справочник абитуриента. СПбГУП. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 7 ноябрь.
  2. 1 2 Синдаловский, 2002, Деаббр. ВПШК: Высшая профсоюзная школа культуры, ныне Гуманитарин университет говзаллин бертан (ул. Фучика, 15)..
  3. 26 марта. Ректорат дал поручение деканатам отчислить в марте-апреле 2014 года до 150 слабых студентов дневного обучения. СПбГУП (2014 шеран 26 март). Архивйина 2014 шеран 10 апрелехь
  4. 149 студентов отчисляют за подписку на паблик в сети «ВКонтакте». Look At Me (2014 шеран 7 апрель). Архивйина 2014 шеран 10 апрелехь
  5. Студенты СПбГУП поплатились за активную гражданскую позицию. МК в Питере (2014 шеран 7 апрель). Архивйина 2014 шеран 10 апрелехь
  6. РСС потребовал отставки ректора СПбГУП Александра Запесоцкого. Росбалт (2014 шеран 7 апрель). Архивйина 2014 шеран 10 апрелехь
  7. Александр Запесоцкий: активность в соцсетях — это штрих к портрету студента. Аргументы и факты. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 16 февраль.
  8. 1 2 3 Петербургский ЛДМ остался без миллиона // Коммерсантъ.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра