Петран а, Павлан а гӀап

(Петран а, Павлан а гIап тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Пётран а, Павлан а гӀап (леррина йолу цӀе- Санкт-Петарбухан; 1914-чу-1917-чу шерашкахь Петроградан гӀап; оьрсийн маьттахь Петропавловская крепость) — Петарбухан архитектурин уггаре шира хӀоллам бу. Российн Империн гӀепийн классификацица 1-чу классан гӀап ю. Пхьагалан гӀайренан тӀехь лаьтташ ю. ГӀап йиллина 1703-чу шарахь хӀутосург (май) беттан 27-чу дийнахь. Иза иштта Санкт-Петарбух гӀала йиллина шо ду.

ГӀала
Петран а, Павлан а гӀап
Петропавловская крепость
59°57′00″ къ. ш. 30°19′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Оьрсийчоь
Лаьтта меттиг Петарбух
Архитектор Доменико Трезини
Йиллинарг Пётр I
Йиллина терахь 1703 шеран 16 (27) май
Статус  ОТӀО № 7810390000№ 7810390000
Сайт spbmuseum.ru
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Цкъа а тӀамехь пайда ца эцна гӀап йац иза. 18-чу бӀешаран хьалхара чийрик дуьйна- 20-чу бӀешаран 20-гӀа шераш кхаччалц набахти санна лелош яра гӀап. Ткъа 1924-гӀа шо дуьйна пачхьалкхан музей ю.

Петропавлан гӀап — оьрсийн гӀишлош яран исбаьхьаллин хӀоллам бу. Дукхачу архитекторш къахьегна цуьнан гӀишло йеш.

Таханлерачу гӀопан юкъайогӀуш ю: Петран а, Павлан цӀарах килс а, Элийн кешнаш а, Жимачу хикеман цӀа а, Комендантан цӀа а, Инженеран цӀа а, Ахчан цӀа а, Петарбухан историн музей а, артиллерин а, инженерийн эскарийн а, уьйрийн эскарийн а

тӀеман-историн музей а, Космонавтикан а, ракетийн техникин а музей а.

Санкт-Петарбухан гӀалан историйн декъе чуйогӀуш ю гӀап. Цуьнан йистехь лаьтташ йолу хӀолламийн комплексца Дуьненайукъара хазанаш лардечу ЮНЕСКО-н тептаре яьккхинера Петран а, Павлан а гӀап[1].

Туристаш эзарнашкахь лела гӀап ган.

  1. Historic Centre of Saint Petersburg and Related Groups of Monuments (инг.). ЮНЕСКО. — Исторический центр Петербурга в списке Всемирного наследия ЮНЕСКО. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 21 октябрь. Архивйина 2012 шеран 24 январехь