Пискерник Ангела (словен. Angela Piskernik; 1886 шеран 27 августехь , Бад-Айзенкаппель Фёлькермаркт Каринти Австро-Мажаройчоь — 1967 шеран 23 декабрехь, Любляна) — австрин-югославин ботаник а, консервационист а.

Пискерник Ангела
Йина терахь 1886 шеран 27 август({{padleft:1886|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})
Йина меттиг Бад-Айзенкаппель Фёлькермаркт Каринти Австро-Мажаройчоь
Кхелхина терахь 1967 шеран 23 декабрь({{padleft:1967|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (81 шо)
Кхелхина меттиг Любляна, Словени, Югослави
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа ботаник
Ӏилманан кхоче Ботаника, энвайронментализм
Альма-матер Венан университет
Ӏилманан куьйгалхо Ганс Молиш
Воьвзу сана
Йоьвзу сана
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Пискерник Ангела йина Бад-Айзенкаппелехь (словенийн маттахь йевза Железна-Капла цӀарца) къилба Каринтехь, иза оцу заманахь Австро-Мажаройчохь хилла, ткъа Дуьненан Хьалхара ТӀом чекхбаьлча иза йоьна Австрин йукъахь йисира. Цунна ботаникан доктор тӀегӀа йелира Венан университетехь 1914 шарахь[1]. Цуьнан хьехархошна йукъахь вара Молиш Ганс. ТӀаьхьа цуо йехира Ӏилманан тӀегӀанаш анатомин а, ораматан физиологин а областехь. Цул тӀаьхьа Пискерника болх бира Люблянехь провинциалан музейхь, тайп-тайпана йуккъерачу ишколашкахь хьеха а хьийхира.

Ша къоман словенех хилар дика хууш Пискерника жигара дакъа лецира Каринтийн плебисцитехь а, мухажирийн клубехь а[2]. 1943 шарахь иза набахти чуйоьллира, латтийра нацистийн Равенсбрюк концлагерехь[3]. Иза хьахийна «Дицделла малик» (нем. Engel des Vergessens) цӀе йолчу автобиографин романехь австрин йаздархочо Хадерлап Майяс[4].

Дуьненан шолгӀа тӀом чекхбаьлча Пискерник Ангела хӀоьттира Люблянера Словений Ӏаламан историн музейн директор, болхбира Ӏалам лардаран гӀуллакхехь[5]. Масала, цуо дакъалецира Альпийн ботаникан беш Юлиана а, къоман парк Триглав а карлайаккхаран а, Ӏалашйаран а балхахь[6][7]. Иза йара италин консервационистан Видесотта Ренцон Ӏаткъам бухахь.

1960-гӀа шерашкахь Пискерник коьртехь йара югославин вакилатан Дуьненайукъара Альпаш Ӏалашдаран комиссин (CIPRA), йукъадиллира Австрица, Савински Альпашкахь а, Караванкехь а транскъоман Ӏаламан парк кхоллар. Амма и проект чекх ца йаккхайелира[8]. Тахана и меттиг Европин баьццара асан дакъа ду. Пискерник Ангела кхелхина 1967 шеран 23 декабрехь Люблянехь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Tina Bahovec (2010): Engendering Borders: The Austro-Yugoslav Border Conflict Following the First World War, in: Agatha Schwartz (Ed.), Gender and Modernity in Central Europe: The Austro-Hungarian Monarchy and its Legacy, University of Ottawa Press, ISBN 978-0-7766-0726-9, pp. 219—234.
  2. Danijel Grafenauer (2009): Carinthian Slovenes´ Clubs and the Contacts between Carinthian Slovenes and Slovene-American Politicians Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine, in: Matjaž Klemenčič, Mary N. Harris (Eds.) European migrants, diasporas and indigenous ethnic minorities, Edizioni Plus-Pisa University Press, ISBN 978-88-8492-653-1, pp. 83-103
  3. Janez Stergar (2004): Dr. Angela Piskernik (1886—1967), Natural Scientist, Environmentalist, and Nationally Conscious Activist from Carinthia Архивйина 2020-12-01 — Wayback Machine (Abstract in English), Institute of Ethnic Studies, Ljubljana. Retrieved October 31, 2013.
  4. Maja Haderlap (2016): Angel of Oblivion (Translated from German by Tess Lewis), Archipelago Books, Brooklyn, New York
  5. Mateja Tominšek Perovšek (2012): Slovene Women in the Modern Era (Exhibition Catalogue), National Museum of Contemporary History, Ljubljana, pp. 63-64
  6. Juliana after 1945 Архивйина декабрь 29, 2011 — Wayback Machine Slovenian Museum of Natural History, Ljubljana. Retrieved November 19, 2013.
  7. Vito Hazler (2010): Protection and Presentation of Cultural Heritage in the Triglav National Park and in Regional and Landscape parks in Slovenia, Etnološka istraživanja (Ethnological Researches), Vol. 1 No. 15, pp. 53-67
  8. Carolin Firouzeh Roeder (2012), Slovenia’s Triglav National Park: From Imperial Borderland to National Ethnoscape, in: Bernhard Gissibl, Sabine Höhler, Patrick Kupper (Eds.), Civilizing Nature: National Parks in Global Historical Perspective, Berghahn Books, New York and Oxford, ISBN 978-0-85745-525-3, pp. 240—255.