Пи терахьан де
Пи терахьан де — математика йезачара 14 мартехь 1:59:26 математикин константин — пи терахьан лерамна дазден официалан доцу Ӏида.
Пи терахьан де | |
---|---|
Терахь | 14 март |
Викиларми чохь медиафайлаш |
И Ӏида дагадеина 1987 шарахь Сан-Францискора физикна Шоу Ларрина[1], цуо тидам бина, америкин терхьаш дӀайаздаран системехь (бутт /де) терахь 14 март — 3/14 — хан 1:59:26 нисло хьалхарчу терхьашца π = 3,1415926…
Дукха хьолехь даздо 1:59:26 делкъана (12 сахьтан системехь), амма 24 сахьтан система лелочара лору, оцу хенахь 13:59 хуьлу, Ӏида буса даздар гӀоле хета.
Оцу дийнахь π терахь хесторан къамелаш до, адамаллин дахарехь цуьнан эшар дуьйцу, дохку антиутопин π доцу дуьненан суьрташ, йоттий «чуда» йуу («Pi pie») желтойн элпан «пин» йа ша «пин» хьалхара терхьийн суьрташ дой, маларш муьйлу, пих долало ловзарех ловзу, хьовлонаш а, хӀетал-металш а до, хӀумнашна гуонаха хороводаш йом.
БӀаьрла ду, оццу дийнахь Эйнштейн Альберт — дустараллин теори кхоьллинарг — вар, ткъа кхин а велла Стивен Хокинг.
Кхин а даздо π гергара маьӀнан де — 22 июль. Билгаладаккха деза, 22/7 дакъойн кепара йаздина терахь, 3,14 терахьал нийсо гергадаладо π терахь. Цу тӀе терахь дӀайаздаран формат ДД/ББ йа Д/Б шуьйра даьржина, ББ.ДД,14 март терахь бух тӀедиллина долу.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- PiDay.org Официальный сайт 14 марта
- Антонюк, Павел Математики празднуют «пи» . Вокруг Света (2008 шеран 14 март). — О празднике, замечательных и странных свойствах математической константы. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 14 март.
- Dr. Wilson Celebrates Pi Day (3/14) at The Maine School of Science and Mathematics(ингалс.)