Поливода Анатолий Иванович (вина 1947 шеран 29 майхь, Енакиевохь, Сталинан областехь, Украинийн ССР) — советийн баскетболхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1971). левзина киевн «Строитель» йукъахь а, ССРС гулйина командехь а.

Поливода Анатолий Иванович
укр. Анатолій Іванович Поливода
Карьера чекхйаьккхина
Позици Форвард
Локхалла 200 см
Возалла 105 кг
Гражданалла  ССРС Украина
Вина терахь 1947 шеран 29 май({{padleft:1947|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}) (77 шо)
Вина меттиг Енакиево, Сталинан область, Украинийн ССР, ССРС
Кхелхина терахь: 2024 шеран 22 январь({{padleft:2024|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})[1] (76 шо)

Командаш
1963 Байракх ССРС Авангард (Донецк)
1964—1972 Байракх ССРС Строитель (Киев)
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Мехико 1968 баскетбол
Деши Мюнхен 1972 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Уругвай 1967
Европин чемпионаташ
Деши Финлянди 1967
Деши Итали 1969
Деши Германи 1971
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
"ГӀуллакхаш дарна" ІІІ тӀегӀанан орден (Украина) ССРС Спортан хьакъ долу говзанча

Вина, кхиина Енакиевохь. Спортехь ву бераллехь дуьйна, 14 шо долуш дӀайазвелла баскетболан секце тренер Аракчеев волчу. Жимахойн командашна йукъара областан хьалхейаккхарехь Анатолийн тидам бира донецкан «Авангардан» тренеро Езерский Бориса (ТӀаьхьа Украинин хьакъ долу тренер хилира), цуо реза вира иза Донецке дӀаваха. Киевн «Строителехь» ловза волавелча, цуьнан хьехархо вара гӀараваьлла тренер Шаблинский Владимир[2][3].

Чекхйаьккхира Киевн пачхьалкхан физикин оьздангаллин институт (1975), физикин оьздангаллин хьехархо.

Шозза зудайалийна хилла. Ши йоӀ йу. Веха Полтавин областера Миргород галахь шен доларчу хӀусамехь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан