Праган дефенестрацеш
Дефенестраци (латинан маттера de — схьадаккхар, fenestra кор) — стаг йа цхьа хӀума аракхоссаран сацам бу. Чехийн историн а, политикин а феномен ю. Гена дӀайоьдуш тӀаьхье йолу хилларг ду.
Чехин исторехь шозза хилла Прагин дефенестраци: хьалхара 1419-чу шарахь, шолгӀа 1618-чу шарахь. Дефенестраци бахьана долуш Чехехь а, йистерчу пачхьалкхашкахь а дехха литтина девнаш. Чехийн исторехь кхиъ ши хилларг «дефенестраци» санна лара мегар ду.
Прагин хьалхара дефенестраци — динан къийсаман эпизод ю. Оцу муьрехь 1419-чу шеран мангалан (июлан) 30-чохь гуситийн радикалаш байина гӀалин кхеташонан декъашхой. Хьалхара дефенестраци тӀера болабелла гуситийн тӀемаш. Уьш литтина 1436 шо кхаччалц.