Пу́шкаш Фе́ренц (маж. Puskás Ferenc, винчу хенахь тиллина цӀе Фе́ренц Пу́рцельд Би́ро[7] (маж. Purczeld Bíró Ferenc); 1927 1 апрель, Будапешт, Мажаройчоь2006 17 ноябрь, циггахь) — Мажаройчоьнан а, испанин а футболист, тӀелатархо, мажарийн «Дешин командин» ловзархойх цхьаъ, 1954 (Мажаройчоьнан гулйина командин йукъахь) а, 1962 (Испанин гулйина командин) а шерашкара дуьненан чемпионатийн декъахо.

Футбол
Пушкаш Ференц
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Ференц Пурцельд Биро
Харц цӀе Öcsi[6]
Вина терахь 1927 шеран 1 апрель({{padleft:1927|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})[1][2]
Вина меттиг Будапешт, Мажаройчоь
Кхелхина терахь 2006 шеран 17 ноябрь({{padleft:2006|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})[3][4][…] (79 шо)
Кхелхина меттиг Будапешт, Мажаройчоь
Гражданалла Мажаройчоьнан байракх (1949—1956) Мажаройчоь
Байракх Испанин (1945—1977) Испани
Локхалла 172 см
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
1937—1943 Мажаройчоьнан байракх (1919—1946) Кишпешт
Клубан карьера[* 1]
1943—1956 Мажаройчоьнан байракх (1949—1956) Гонвед[5] 354 (357)
1943  Мажаройчоьнан байракх (1919—1946) Кишпешт М 3 (4)
1958—1967 Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид 180 (155)
1942—1967 Йерриг 537 (516)
Къоман гулйина команда[* 2]
1945—1956 Мажаройчоьнан байракх (1949—1956) Мажаройчоь 85 (84)
1961—1962 Байракх Испанин (1945—1977) Испани 4 (0)
Тренеран карьера
1967 Байракх Испанин (1945—1977) Эркулес
1967 АЦШн байракх Сан-Франциско Голден Гейт Гейлс[en]
1968 Канадин байракх Ванкувер Ройалс[en]
1968—1969 Байракх Испанин (1945—1977) Депортиво Алавес
1970—1974 Желтойчоьнан байракх (1970-1975) Панатинаикос
1975 Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мурсия
1975—1976 Чилин байракх Коло-Коло
1976—1977 СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан байракх СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
1978—1979 Желтойчоьнан байракх АЕК (Афина)
1979—1982 Ӏаьрбийн Республикийн Федерацин (1972—1977) а, Мисран (1972—1984) а байракх Аль-Масри
1985—1986 Парагвайн байракх (1954—1988) Соль де Америка
1986—1989 Парагвайн байракх (1988—1990) Серро Портеньо
1989—1992 Австралин байракх Саут Мельбурн Эллас[en]
1993 Мажаройчоьнан байракх Мажаройчоь
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Деши Хельсинки 1952 футбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Швейцари 1954
Пачхьалкхан совгӀаташ
ГӀуллакх дарна 5 классан орден (МХР) ГӀуллакхийн орденан седа болу командор ГӀуллакхийн орденан командор
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

МФФИИС хеттаршца 6-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран бӀе уггаре дика дуьненан футболисташна йукъахь. 7-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран бӀе уггаре дика ловзархошна йукъахь World Soccer журналан версица. 6-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь Guerin Sportivo[8] версица. 7-гӀа меттигехь ву йерриг футболан исторера уггаре дика футболисташна йукъахь Placar журналан версица[9]. 7 меттигехь ву XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь France Football версица[10]. XX бӀешеран 50 уггаре дика ловзархойн испискин йукъа воьду Planete Foot версица[11]. Футболан исторера уггаре дика ловзархойн испискин йукъавоьду Voetbal International версица[12].

Пушкаш Ференц дийна волуш къобал вира уггаре дика мажарийн футболист ву йерриг заманахь. Пушкаш Ференцан цӀе лелайо Будапештера мультиспортан стадионо а, футболан командо а. ФИФАн версица шеран уггаре хаза голан совгӀато футболистан цӀе лелайо[13].

Клубан карьера

бӀаьра нисйан
 
Пушкаш 1954 шарахь

Пушкаш Ференц вина дунайн шваб волчу Пурцельд Ференцан къечу доьзалехь. Ша Пушкаш вина 1 апрелехь Узцоки госпиталехь[14], амма шен дерриг дахарехь вина де даздора 2 апрелехь, хӀунда аьлча документашна тӀехь и терахь дара[15]. Пушкашан да (1903 шеран 11 май — 1952 шеран 12 июнь)[16] а вара футболист, ловзуш вара «Кишпешт»[7] йукъахь, ткъа цул тӀаьхьа клубехь тренеран гӀоьнча болх бира. Цуьнан нана, Маргит Биро (1904 шеран 21 декабрь — 1976 шеран 21 апрель)[17] тегархо болх беш йара. Немцойн фамили Пурцельд хийца сацам бира 1937 шарахь мажарийн йукъараллехь къомананаллин дог-ойла чӀагйалар бахьнехь, иза доьзна дара оцу хенахь хиллачу мажарийн коьртан, Хортин гӀуллакхца[15]. Цул сов, ПурцельдгӀеран доьзало немцойн мотт бийцар а дитира. Кхин а Ференцан йиша йара — Ева[16].

Хьалхара шераш Пушкаш дӀадаьхьира будапештан кӀоштара «Кишпештан» кечаман аренан уллера жимачу цӀа чохь[18][15], цигахь бехара дукха къона доьзалаш, шортта бераш а долуш. Циггахь Ференц футболех ловза волавелира; дукха хьолахь буьрка йора горгамех, цул тӀаьхьа бераш дӀадоьлхура луларчу кӀошта Грундиге[18], цигахь доккхура дийнахь итт сахьт. Пушкашан лулахойх цхьаъ а, уггаре дика доттагӀ а вара Божик Йожеф[18][15]. 12 шо долуш Божиках хилира «Кишпешт» кегийрхойн командин ловзархо. Иза хиина, 10 шо долу Пушкаша, дӀаэца бохуш дехарш дира, 1925 шарахь виначу Миклош Ковачан цӀарах дина варах долу тешалла, клубан белхалочуьнга[15], цуо аьшпаш боьттира, ша клубан хилла ловзархочун кӀант ву, ден къоналлехь санна говза а ву бохуш[19]. Клубо дӀаийцира Пушкаш, дохко а ца йелира: 15 шо долуш Ференц, ткъа шо долчу гражданинан Милош Ковачан цӀарца, кхайкхира клубан коьртачу команде. Ткъа 1943 шеран 5 декабрехь цуьнан дебют хилира коьртачу командин йукъахь «Орадя» командин дуьхьала, оцу хенахь коьртачу хӀоттаман доккхаха долу декъан жӀаьлин уьнан эпидеми кхеттера. Коьртачу хӀоттаман кхоалгӀачу ловзарехь, 12 декабрехь, Пушкаша туьйхира шен хьалхара йоккхачу футболера гол[18]. 1949 шарахь «Кишпештан» цӀе хийцира «Гонвед» аьлла, 1949 шеран 1 декабрехь Пушкашах хилира мажарийн эскаран тӀеман гӀуллакххо.

1956 шеран мажаройн гӀаттамал тӀаьхьа кхелхира Испане, цигахь шарахь сов ца левзира лакхарчу тӀегӀанехь, мадридан «Реалца» контракт даллалц, цунна йукъахь левзира 1958 - 1967 шерашкахь. Цуо кхин а тӀеийцира испанин гражданалла, цуо таро йелира цунна оцу мехкан къоман командехь ловза.

  — нагахь со галл ца ваьллехь, Пушкаш «Реал» йукъа дӀаэца ца лаьара?
— Ференц къона вацара. 31 шо оцу хенахь – хӀинца долу 41 шо санна дара. Амма Эмиль Остерехера собарца «кечвора» туьйра хилла «Реалан» президент Бернабеу: «ДӀаэца Пушкаш, дохко девра дац шу». Цуо бат сеттайора: «Къена ма ву иза, 30 кила сов веза…». Амма Остерехер йуха ца волура: «Ференцан чӀогӀа лаьа шух кхета» — цу тӀе бакъдерг дийцича Ференцан хӀумма а ца лаьара, футбол йита гӀерташ вара иза. Пушкаше Эмила олура, Бернабеун чӀогӀа лаьа иза шен командехь ган[20].
Шандор Варга
 

Мажаройчоьнан а, Испанин а гулйина командашна йукъахь левзина 89 матчехь, чутоьхна 84 гол, Мажаройчоьнан а, Испанин а лакхарчу лигашкахь левзина 534 матчехь, чутоьхна 512 гол[21].

1952 шеран Олимпийн чемпион. Пхоьазза Мажаройчоьнан чемпион, пхоьазза Испанин чемпион. Кхузза баьккхина Европин чемпионийн кад (1959, 1960, 1966).

ФИФАс кхайкхийна XX бӀешеран уггаре дика бомбардир. 2009 шеран октябрехь ФИФАс кхоьллина хӀора шеран Пушкаш Ференцан совгӀат уггаре хазчу голан[22].

Тренеран кхиамаш: Европин чемпионийн кедан (1971, «Панатинаикос») финалхо, Желтойчоьнан шозза чемпион (1970, 1972, «Панатинаикос»), Желтойчоьнан кад баьккхинарг (1979, АЕК Афина), Австралин чемпион (1991, «Саут Мельбурн Эллас[en]»).

1981 шарахь Пушкаше официалан кхайкхира Мажаройчу, цигахь иза хиланза 25 шо дара. Уггаре хьалха иза шен ден-ненан коше велира Кишпештехь. Цуьнан сийнна хӀоттийра гайтаман матч «Непштадионехь», цигахь гулвелира 60 эзар сов хьажархо.[23] [24] [25]

1993 шарахь чеккхенца цӀавирзира Мажаройчу, цхьаьна хенахь къоман командан тренер а лаьттира. Цул цхьа шо хьалха, 1992 шеран сентябрехь Пушкаш чеккхенца цӀанвира мажарийн Ӏедало, подполковникан чин а йелира.[26] 2002 шарахь будапештан «Непштадионан» иза дийна а волуш Пушкашан цӀе тиллира.

Ференц велира 2006 шарахь пневмонех, 6 шарахь Альцгеймеран цамгар а лелийна; дӀавоьллина къоман сийлаллийца Сийлахь Иштванан базиликехь Будапештехь. Веллачул тӀаьхьа цунна йелира бригадан инарла чин.[27]

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. https://scottishfootballmuseum.org.uk/ferenc-puskas-nobodys-fool/
  2. https://web.archive.org/web/20070714170916/http://www.nsport.hu/cikk.php?cikk=127775
  3. http://www.nytimes.com/2006/11/18/sports/soccer/18puskas.html
  4. Ferenc Puskas // Encyclopædia Britannica (инг.)
  5. 1949 шо кхачале цӀе хилла «Кишпешт».
  6. Olympedia (инг.) — 2006.
  7. 1 2 Гордость и боль венгерского футбола Архивйина 2014-02-21 — Wayback Machine
  8. Guerin' Sportivo's. 50 Grandi del Secolo by Adalberto Bortolotti. rsssf.com (5 февраля 2001). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 26 май. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  9. Placar's 100 Craques do Século. rsssf.com (5 февраля 2001). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 11 май. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  10. France Football's Football Player of the Century. rsssf.com (5 февраля 2001). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 26 май.
  11. Planиte Foot's 50 Meilleurs Joueurs du Monde. rsssf.com (5 февраля 2001). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 26 май.
  12. Voetbal International's Wereldsterren by Raf Willems. rsssf.com (5 февраля 2001). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 26 май.
  13. ФИФА назвала претендентов на приз имени Пушкаша
  14. Isten futballistának teremtette Архивйина 2009-08-03 — Wayback Machine
  15. 1 2 3 4 5 Puskás (Purczeld) Ferenc
  16. 1 2 Ferenc Purczeld Puskás
  17. Margit Bíró
  18. 1 2 3 4 puskás ferenc (1927—2006)
  19. 84 éve született a Száguldó Őrnagy
  20. «Меня выносили из самолёта, а Лобановскому – хоть бы хны!»
  21. 354 матч а, 357 гол а будапештан «Гонвед» йукъахь (хьажа RSSSF.com), 180 матч а, 155 гол а «Реал Мадрид» йукъахь (хьажа сайт статистики клуба Архивйина 2020-07-26 — Wayback Machine). Амма, берриг Пушкашан гайтамаш шинне а клубан йукъахь хуьлу 533 матч а, 511 гол а.
  22. За самый красивый гол будут присуждать приз Ференца Пушкаша. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 23 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 12 сентябрехь Архивйина 2011-09-12 — Wayback Machine
  23. История мирового футбола: Ференц Пурцельд (Пушкаш) Биро
  24. Биография, история жизни Ференца Пушкаша
  25. Легендарные игроки. Ференц Пушкаш
  26. Нискач Л. Ференц Пушкаш: Подполковник сборной Венгрии // Спорт-экспресс. – № 88-89 (27 апреля). – с. 3.
  27. Funeral Ceremony for Puskás on 9 December

Кеп:Мажаройчоь ОЛ 1952 Кеп:Мажаройчоь ДЧ 1954

Кеп:ФК Алавес тренераш Кеп:ФК Панатинаикос тренераш Кеп:ФК Реал Мурсия тренераш Кеп:Футболех ловзаран СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан гулйина командин тренераш Кеп:ФК Соль де Америка тренераш Кеп:ФК Серро Портеньо тренераш Кеп:Футболех ловзаран Мажаройчоьнан гулйина командин тренераш Кеп:Футболех ловзаран Мажаройчоьнан чемпионатан уггаре дика бомбардираш

Кеп:УЕФА Чемпионийн лигин уггаре дика бомбардираш Кеп:Шеран футболист Мажаройчохь

Кеп:Футболех ловзаран дуьненан чемпионатийн «Дешин буьрка» йаьккхинарш Кеп:Футболех ловзаран дуьненан чемпионат 1954 — символан гулйина команда