Российн социал-демократин белхалойн парти
Российн социал-демократин белхалойн парти (РСДБП) — кхоьллина 1898 шеран 1 мартехь Российн имперехь Минскерачу гуламехь.
Российн социал-демократин белхалойн парти (РСДБП) | |
---|---|
Российская социал-демократическая рабочая партия | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
- Урхаллин меженаш
- Лакхара меже — Российн социал-демократин белхалойн партин гулам, Российн социал-демократин белхалойн партин конференци;
- Демократин Белхалойн Партин кхочушдархо (1903—1905), Российн социал-демократин белхалойн партин Центран Комитетан Оьрсийн Бюро (1905—1917), Российн социал-демократин белхалойн партин Центран Комитетан Политикин Бюро (1917);
- Меттигера кхолламан лакхара меже — Российн социал-демократин белхалойн партин меттигера конференци;
- Меттигера кхолламан кхочушдаран меже — Российн социал-демократин белхалойн партин меттигера комитет.
Истори
бӀаьра нисйан1883 шарахь Г. В. Плехановс, 1879 шарахь йоьхна «Латта а, маршо а» халкъахойн тӀома кӀелара «Ӏаьржа декъаран йукъахь» хиллачу декъахошца а, мухажираш-революционерашца цхьаьна, Женевехь кхоьллира российн хьалхара марксистийн кхоллам — тоба «Къинхьегам маьршабаккхар». 1894 шо чекхдолуш — 1895 шо долалуш Плехановс кховдийна кхоьллира «Оьрсийн социал-демократийн барт дозанал арахьа». 1880-гӀа шерашна йуккъехь Российн империн махкахь гучубовлу хьалхара социал-демократин гуонаш: Д. Благоевн «Оьрсийн социал-демократийн парти» (1883—1887), П. В. Точисского «Петарбухан пхьерийн доттагӀалла» (1885—1888), Н. Е. Федосеевн тоба (1887—1889), М. И. Брусневн «Социал-демократин йукъаралла» (1889—1892). Оцу гуонийн декъахоша Ӏамайора марксистийн литература а, белхалошна йукъахь хьехамаш а бора; гуонийн декъахошна Ӏедало таӀзар дора, дӀаоьхуьйтура уьш набахте, арабахара, амма хӀаллакбина гуонийн меттана керланаш кхоллалора[2].
1887 шарахь Киевхь хилира киевн социал-демократин «белхалой гӀуллакх» тобанан а, Петарбухан, Москохан социал-демократийн а кхеташо. Оццу 1887 шарахь жуьгтийн Къилбаседа-Малхбузан а, Вислинйистера а мехкийн социал-демократин тобанаш цхьаьнакхийтира «Литван, Польшин, Российн Йерриг Йукъара Жуьгтийн Белхалойн Барте», йа «Бунд».
1895 шарахь Петарбухан социал-демократин тобанах кхоллабелира «Белхалойн класс маьршаяккхаран къовсаман барт» — Российн марксистийн партин хӀу, оцу гӀуллакхехь доккха дакъа дара В. И. Ульяновн (Ленинан)[3].
Хьалхара (Минскан) гулам
бӀаьра нисйан1898 шеран 1 - 3 мартехь Российн тайп-тайпана марксистийн кхолламийн 9 векало къайлаха Минскехь бира кхолламан гулам, цуо цхьаьнатоха йезара дуккха а социал-демократин тобанаш цхьаьна парти[4]. Цигахь дакъалецира: «Белхалойн класс маьршаяккхаран бертан» 4 стаг — Степан Радченко, Александр Ванновский, Павел Тучапский, Казимир Петрусевич, Бундан 3 стаг — Шмуэл Кац, А. Кремер, А. Мутник, «Киевн Белхалойн газетан» 2 стаг — Б. Эйдельман а, Н. Вигдорчик а.
Гуламо кхайкхира Российн социал-демократин белхалойн парти кхоллар, тӀеийцира Струве Петра йаздина «Российн социал-демократин белхалойн партин манифест». Партин официалан меже хилира «Белхалойн газет»[5]. Амма дукха хан ялале берриг аьлча санна гуламан векалш, коьртехь хаьржина Центран Комитетца (А. И. Кремер, С. И. Радченко, Б. Л. Эйдельман) лийцира полицис, тӀаккха гуламе цхьаьна ца тохайелира йекъайелла тобанаш цхьаьна парте.
1900 шеран декабрехь кхоьллира «Су» газет. Редакцин йукъабахара: П. Б. Аксельрод, В. И. Засулич, В. И. Ленин, Ю. О. Мартов, Г. В. Плеханов, А. Н. Потресов. Газетехь, уггаре хьалха лерина долу белхалошна, зорба тухура пропагандин а, агитацин а материалаш, белхалойн шайн бакъонаш къийсаран хаамаш; цуо ловзийра йоккха роль парти когахӀоттарехь[5].
ШолгӀа (Брюсселан) гулам
бӀаьра нисйан1903 шеран июлехь гуламе хаьржина векалш гулбелира Брюсселехь, амма полицис гулам дӀа ца беллийтира, векалийн дийзира Лондоне дехьабовла. Верриг вара 57 векал, царех 43 гуламан декъахо, 14 дагаваларан кхаж болуш[6]. Гуламехь бекъабелира большевикийн а, меньшевикийн а тобанашка. Гуламехь тӀеийцира партин программа. 1903 шеран 1 ноябрехь Ленин аравелира «Су» газетан редакцин йукъара, хӀунда аьлча газет меньшевикийн карадахара.
1905 шеран революци
бӀаьра нисйанКхоалгӀа (Лондонан) гулам
бӀаьра нисйан1905 шеран 12—27 апрелехь (25 апрель — 10 май керлачу хотӀаца) Лондонехь Российн революци йолайаларан хьолашкахь хилира III гулам, цигахь социал-демократаша жигара дакъалецира. Гуламе ца баьхкира большевикийн фракцин векалш бен. Цигахь вара 24 векал сацаман а, 14 дагаваларан кхаж болуш. Гуламехь тӀеийцира герзашца гӀаттаман резолюци а, кхин ладаме сацамаш а. Сацам бира «Пролетарий» газет дан. Меньшевикаш шайн конференци йира Женевехь.
Революцин хиламашкахь РСДБП дакъалацар
бӀаьра нисйанСоциал-демократаша Одессехь кегарий бира, уьш буьйлабелира 10 июнехь, бахбелира цхьана кӀиранна. ХӀаллакйина, ягийра Одессин порт. ГӀирманан социал-демократин берто а, Севастополан РСДБП тӀеман кхолламо а кечбира гӀаттам ӀаьржахӀордан флотехь, амма флотан йукъара гӀаттам бохийра цӀеххьана болабеллачу бронлело «Эла Потёмкин-Таврийн» кеман тӀера гӀаттамо.
КЭП
бӀаьра нисйанГражданийн тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа 1921 шеран февралехь — Кронштадтан гӀаттам хила бутт болуш — «Социалистийн хаамчо» шен хьалхарчу лоьмарехь йаздира, «Советийн Россехь къоьллин мур бу». Рожан реза бацарша дӀалецира бахархойн дерриг чкъоьраш.
1921 шо долалу петроградан белхалоша, 1918 шарахь дуьйна гина йоцу, митингаш хӀиттийра урамашкахь, ткъа фабрикашкахь а, заводашкахь а дӀайоьлхура массийн забастовкаш. Белхалой карзахбуьйлура Москохахь, Киевхь, Тулехь, кхечу гӀаланашкахь. Белхалошна оьшура бепиг, маьрша махлелор, коммунистийн ячейкаш заводашкахь хӀаллакйар, гуламийн а, дешан а маршо. И хиламаш пропагандин лелийра РСДБПс.
Кронштадтан гӀаттамо дизийтира Ленинан КЭП кхайкхо. Оцу хенахь РСДБП ЦК агӀо сецна йара лецарш бахьнехь, Кронштадтех долу гӀуллакхо ЦК тайп-тайпана ойланаш кхоьллира, оцу хьокъехь болу кхайкхам гӀуон хилира. «Социалистийн хаамчехь» кийсигаш бен зорба ца туьйхира, амма Петроградан комитетан прокламаци редакцис къобал а йина, ерриг зорбане яхийтира. Прокламацис дӀахьедора Кронштадтан дуьхьала болу тӀом сацабе бохуш.
РСДБПс правительстве дӀахьебина экономикин хийцамаш, дӀакхайкхийра КЭПан хьалха VIII Ерригроссийе Советийн гуламехь 1920 шеран декабрехь, Ленина дӀатеттира уьш. Кронштадтан гӀаттамал тӀаьхьа иза реза хилира дукхаха болчу оцу хийцамашна, уьш йукъабахара керла экономикин политикин официалан системин. Амма КЭПо тӀеэцна реалан кепехь а, иза кӀезиг тера бара РСДБПс кховдийначух. ТӀеман коммунизмех йухадовлар цабевлла а дара, доггаха а дацара, меттигера Ӏедалаша дукха хьолахь саботаж йора цунна, ткъа Ленина, шен партин могӀарш мусбаларца, кхайкхадора КЭПан чеккхе тӀекхочу бохуш, йуха, иза йукъайаьккхина ладаме а, ехачу заманан а. Кхин дӀа КЭПан зиеделлачо тешийра меньшевикаш, иза тӀеман коммунизмал дикка гӀоле хилар, амма ах хилар, осала а, тоам боцуш а хилар.
Амма КЭПан йолу РСДБПн коьрта оппозици йара политикин асанца. Реформаш йан йезара политикин террор а, цхьаьна партин диктатура а дӀайаьккхаран базин тӀехь. Политикин хийцамаш боцуш КЭП хуьлийла дацара еха, бовра цуьнан берриг мах. 1921 шеран 30 мартехь Мартовс С. Д. Щупакега йаздинчу кехат тӀехь боху, «Ленина лелайо, цӀена зубатов политика: экономикехь йухавалар политикин диктатура а латтош».
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ БРЭ.
- ↑ История России, 1994, с. 169—170.
- ↑ Российская социал-демократическая рабочая партия (большевиков) // Великая Октябрьская социалистическая революция: энциклопедия. 3-е изд. — М.: Сов. энциклопедия, 1987. — 639 с. — С. 440—442.
- ↑ История международного коммунистического движения, 2016, с. 137.
- ↑ 1 2 История России, 1994, с. 190.
- ↑ Делегаты II съезда РСДБП 17.7—10.8 (30.7—23.8).1903 . ТӀекхочу дата: 2009 шеран 18 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 31 июлехь
Литература
бӀаьра нисйан- Российская социал-демократическая рабочая партия // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
- История международного коммунистического движения. — М.: Изд-во «Весь Мир», 2016. — 472 с. — ISBN 978-5-7777-0606-5.
- {{книга|заглавие=История России|ответственный=Под ред. М. Н. Зуева|место=М.|издательство={{Высшая школа |год=1994 |страниц=431 |isbn=5-06-003281-7 |ref=История России }}
- Программы главнейших русских партий: 1. Народных социалистов. 2. Социал-демократической рабочей партии. 3. Социалистов-революционеров. 4. Партии народной свободы. 5. Партии октябристов (Союз 17 октября 1905 г.). 6. Крестьянского союза. 7. Национальной демократическо-республиканской партии. 8. Политических партий различных национальностей России («Украинцев», «Бунда», и др.): с приложением статей: a) О русских партиях, б) Большевики и меньшевики. — М., 1917. — 64 с.
- Сервис, Роберт. Ленин. Биография = Service R. Lenin: a Biography / Пер. с англ. Г. И. Левитан. — М.: Попурри, 2002. — 624 с. — (Тема). — ISBN 985-438-591-4.
- Тютюкин С. В. Меньшевизм: страницы истории. — М.: РОССПЭН, 2002.
- Зива Галили, Альберт Ненароков, Кеп:Нп4, Виктор Миллер РСДРП(о) в 1917 году. Документально-исторические очерки. — Новый хронограф, 2007. — 504 с.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- История политических партий в России (ч. 2). Зарождение и образование социал-демократической партии. (видео)
Цхьа могӀа доцу билгалдахарш йаззамехь дац йа «Литература» декъе ца кхачаво. |