1905 шеран оьрсийн революци, я Хьалхара оьрсийн революци, — 1905 шеран январера 1907 шеран июнь кхаччалц болчу муьрехь Российн имперехь хилла хиламаш.

1905—1907 шерашкара революци Россехь
Якобстадера гайтам. 1905 шеран гуьйре
Якобстадера гайтам. 1905 шеран гуьйре
Меттиг
Меттигаш
Терахь  1905 9 (22) январь —   1907 3 (16) июнь
Бахьна Латтан къоьлла; белхалойн бакъонаш йохаяр; болчу гражданийн маршонан тӀегӀанан реза ца хилар; либералийн а, социалистийн а партийн болх; контрреформаш. Императоран абсолютан монархи, къоман йукъара векалийн меже а, конституци а ца хилар.
Коьрта Ӏалашо Белхан хьолаш тодар; ахархойн пайденна латташ юхадекъар; мехкан либерализаци; гражданийн маршо шоръяр;
ЖамӀ Парламент кхоллар; КхоалгӀа июнан харцам, паччахьан бакъонашна доза тохар; уггаре кхиина реформаш дӀаяхьа хьажийна йолу Ӏедалийн барамера-реакцин политика; мелла а латтан бала дӀабаккхар[1][2], белхалойн баланаш дисар[1], къаьмнийн гӀуллакх дисар[3][4].
Вовшахтохархой Социалистийн-революционерийн партия, РСДБП, Маршаяккхаран барт, СДКПиЛ, Польшин социалистийн парти, Литван, Польшин, Российн йукъара жуьгтийн белхалойн барт, Латышийн хьуьнан вежарий, Латвин социал-демократин белхалойн парти, Белоруссин социалистийн громада, Финляндин жигара дуьхьало яран парти, Поалей Цион, «Бепиг а, паргӀато а», обаргаш, кхин берш
ДӀайахьаран ницкъаш белхалой, ахархой, интеллигенци, эскаран цхьацца дакъош
Декъахойн барам 140 эзар — 2 миллион
МостагӀий Эскаран дакъоша; императоран Николай II-гӀачуьн агӀончаша, тайп-тайпан черносотенцийн кхолламаша.
Кхелхина 9000
Чов йина 8000
Лецна хаамаш бац
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Адам политикин лозунгашца алссама гӀаттаран бахьна хилира «КӀиранан дийнан ций Ӏанор» — 1905 шеран 9 (22) январехь Петарбухехь императоран эскарша коьртехь мозгӀар Гапон Георгий волу белхалойн машарен демонстрацин тоьпаш тохар (96 вийна, 333 човйина, царех тӀаьхьа вела кхин а 34 стаг, — Полицин департаментан директоро А. А. Лопухина хаам бина 9 январан хиламех чоьхьарчу гӀуллакхийн министран А. Г. Булыгине шен февралан докладехь)[5].

Оцу муьрехь стачкин болам шуьйра баьржира, эскарехь а, флотехь а карзаха бовларш а, гӀаттамаш а хилира, иза бахьнехь монархин дуьхьала массаш евлира. Николай II-гӀачун 1905 шеран 6 августан «Пачхьалкхан Дума кхолларах» манифестаца, [6] кхоьллира Пачхьалкхан Дума паччахь волчохь законаш дийцаре доху меже санна. Амма карзахдийларш ца совцура.

ГӀаттаман жамӀ хилира конституцин хийцамаш — 1905 шеран 17 октябран манифест, цуо совгӀат дира гражданийн маршонца: стагах куьйгаш ца Ӏиттар, эхь-бехкенан маршо, дешан маршо, гуламийн маршо, ассоциацийн маршо. Манифестаца йира Пачхьалкхан кхеташонах а, Пачхьалкхан думех лаьтта Парламент.

Революцин тӀаьххье реакци хилира: 1907 шеран 3 (16) июнан «КхоалгӀа июнан харцам». Йоцучу хенахь, цхьан баттахь, кхоьллира правительство, цунах дукхах болчара олу «Хьалхара хана йолу»

Иза йолуш хийцира Пачхьалкхан думе харжаман бакъонаш паччахьегахьа болу депутаташ совбахархьама; меттигера Ӏедалша 1905 шеран 17 октябран манифестехь юьйцу маршонаш тергал ца йора, дукхаха болчу мехкан бахархойн уггаре ладамениг юьртабахамах дерг дара, иза кхочуш ца дира.

Иштта, Хьалхара оьрсийн революци кхоьллина социалан дуьйлина хьал, дуьззина мадина дацара, цуо некъ биллира тӀаьхьа 1917 шарахь революцин гӀаттамна.

Революцин бахьнаш

бӀаьра нисйан

Промышленность йожаро, ахча лелар дохаро, ялта ца кхиаро, Оьрсийн-туркойн тӀом болуш тӀекхетта доккха пачхьалкхан декхаро Ӏедалан меженаш хийца еза хьал хӀоттийра. Натуралан бахаман ладамаллин мур чекхбалар, промышленностан хьесапийн прогрессан жигара кепан, XIX бӀешахь оьшура радикалан керла хӀуманаш администрированехь а, бакъонехь а. ГӀопаллин бакъо дӀаяккхарца а, бахамаш предприятешца хийцарца а оьшура законашдахаран Ӏедалан керла институт. Ӏедалан реза ца хилар доьзна дара кхин а тӀеман аьтту ца хиларца а (оьрсийн-японин тӀом), мехкан доккхаха долу декъехь дахаран тӀегӀа лахара хиларца, къоьллица, ткъа кхин а гражданийн маршонан тӀегӀанах тоам цабарца: яцара дешан а, зорбанан а маршо, законехь цхьабосса хилар, стагах хьакхавала цамагар.

Ахархолла

бӀаьра нисйан

Ахархой уггаре доккъа чкъор дара Российн имперехь — берриг бахархойх 77 % гергга[7]. 1860—1900 шерашкахь бахархой сиха тӀекхетаро, цхьанна кхочу лаьттан дакъа охьадаьккхира 1,7 – 2-зза[8][9][10], ткъа оцу хенахь ялтин юккъера барам 1,34-зза бен тӀе ца кхеттера[11]. Оцу дисбалансан жамӀ хилира гуттуренна а бужу ахархойн цхьаьна синна кхочу бепиган барам бара, цуьнца доьзна, берриш ахархой эцча экономикин хьал талхар.

Цул сов, Европехь баккхий экономикин хийцамаш хилира, цуьнан бахьна дара цига дораха америкин буьртиган ялта кхачар. Цуо Российн доккха зулам дира, хӀунда аьлча ялта коьрта экспортан сурсат дара.

Стага муха гойтур бу, кхиор бу шен къинхьегам, шена хууш хилча, ша лелош долу латта цхьа хан яьлчи кхечуьнца хуьйцур хилча (йукъаралла), цуьнан къинхьегаман «стоьмаш» законашца а доцуш доькъур хилча весетан бакъонца, Ӏадатца[12][13][14]. Иза жоьпаллехь вара кхечу стага охьа ца йехкина налогех… иза дӀасаваха йиш йоцуш, шениг дита йиш йоцуш вара, цӀа дукха хьолехь олхазаран бенал къиен дара, паспорт дацара, иза далар хьаькаман ламе хьаьжжина дара[15], цхьаьна дешца аьлча, цуьнан Ӏар-вахар цхьаьна агӀора хьайбанчух тера дара, башхалла яра хьайбанан дас шен даьхний кхобура, хӀунда аьлча иза цуьнан бахам болун дела, ткъа Российн пачхьалкхан и беркат сов долуш дара, ткъа сов хӀуман мах ца хуьлу[16].

1880-гӀа шераш чекхдовлуш бепиган жигара экспорте курс йина российн правительство, хилира ахархойн даарийн сурсатийн хьал талхийна кхин цхьа фактор. Финансийн министро Вышнеградскийс аратеттина, «ДӀадуур дац, амма ара-м доккхур ду» боху лозунго, гойтура правительство хӀуъу а дина а бепиган экспорт ян гӀертар, цу тӀе чохь ялта ца кхиача а. Иза дара 1891—1892 шеран мацаллин цхьа бахьна. 1891 шеран мацаллин тӀера йуьртан бахаман къоьлла тӀаьхь-тӀаьхьа лорура яхъелла а, Юккъера Российн экономикин кӀорга цамнар а[17].

Ахархойн лаам бацара айа шен белхах хуьлу эвсаралла. Бахьнаш охьадехкира Виттес шен дагалецамашкахь иштта:

Демографин агӀора тӀекхета бахархой бахьнехь, гуттара а жима хуьлу лаьттан декъан барамо («латта ца тоар») далийра 1905 шеран революцехь российн ахархойн йукъара латта дехаран лозунгашка, мехкадайшкара схьа а даьккхина латта декъар.

Революцин юьхьиг

бӀаьра нисйан
 
Г. А. Гапон «Оьрсийн фабрикийн-заводийн белхалойн гуламехь». Булла Карлан сурт

1904 шо чекхдолуш махкахь ирбелира политикин къовсам. П. Д. Святополк-Мирскийн правительствос кхайкхийна йукъараллех тешаран курсо жигарабаьккхира оппозицин болх[18]. ХӀетахь оппозицин коьрта ролехь яра либералан «Маьршадахаран барт»[19]. Сентябрехь «Маьршадахаран бертан» а, революцин партийн а векалш гулбелира Парижан конференцехь, цигахь дийца даьккхира паччахьан Ӏедалца цхьаьна дов латтор[20]. Конференцин жамӀашца тактикин барт бира, цуьнан формула яра: «цхьацца тӀе а лата, цхьанне етта а етта»[21]. Ноябрехь Петарбухехь «Маьршонан берто» кховдорца, ткъа резолюци хӀоттийнера Земски гуламо[22], тӀедуьллура халкъан вакилат а, политкин маршонаш а[23]. Гуламо метах йаьккхира земски петицийн кампанеш, цара тӀедуьллура чинхойн Ӏедална доза тохар, йукъаралле пачхьалкхан урхалле кхайкхар[23]. Правительство цензура лагӀъяр бахьнехь земски петицийн тексташ зорбане кхочура, уьш массара йийцаре йохура[24]. Революцин партеш гӀолоцура либералашна, студентийн гайтамаш хӀиттабора.

1904 шо чекхдолуш хиламашна йукъаозийра мехкан уггаре боккха белхалойн кхоллам — «Петарбух гӀалин оьрсийн фабрикийн-заводийн белхалойн гулам». Кхолламан коьртехь лаьттара мозгӀар Гапон Георгий[25]. Ноябрехь «Мукъабахаран бертан» декъахойн тоба цхьаьнакхийтира Гапонца а, «Гуламан» куьйгаллера гуонца а[26], кховдийра цаьрга политикин чулацам болу петицица арабовлар[23]. Ноябрехь-декабрехь петицица арабовлар дийцадаьккхира «Гуламан» куьйгаллехь[27]. Декабрехь Путиловн заводехь дар-дацар хилира виъ белхало дӀавоккхуш. Вагонийн цехан дечиг кечйаран пхьолгӀин говзанчо Тетявкина хьалхий-тӀаьхьий дӀаваьккхира виъ белхало — «Гуламан» декъахой[28]. Дар-дацар талларо гайтира, говзанча харц хилар, кхолламан мостагӀалла долу дешнаш алар а[27]. Заводан администрацина тӀедиллира дӀабаьхна белхалой метахӀиттабе, говзанча Тетявкин дӀаваккха балхара аьлла. Администрацис тӀедиллар кхочуш ца дича «Гуламан» куьйгалло болх сацо кхерам тесира[25]. 1905 шеран 2 январехь «Гуламан» куьйгалхойн хийшаршкахь сацам бира Путиловн заводехь забастовка йан, ткъа тӀедиллинарг кхочуш ца дахь — цунах массеран забастовка йан, иза петицеш йан лело[29].

«Хьомсарнаш, даларх кхера оьшуш дац! Далар хӀун ду! Вайн дахар даларал кхераме дац? Маьхкарий, хьомениш, ма кхерийша даларх…».

В. М. Карелинин Василеостровски кӀоштан белхалойн гуламал хьалхара къамел[30]

1905 шеран 3 январехь сецира 12 500 белхало волу Путиловн завод, ткъа 4 а, 5 а январехь царна тӀекхийтира кхин а масех завод[28]. Путиловн заводан Администрацица дина дийцарша жамӀ ца дира[25], 5 январехь Гапон массашна йукъакхоьссира паччахье гӀо дехаран ойла[31]. 7 а, 8 а январехь забастовка дехьайелира гӀалин йерриг предприятешна, цунах йукъара забастовка хилира. Забастовкехь дакъалецира Петарбухан йерриг 625 предприятис, 125 000 белхалочо[32]. Оцу деношкахь Гапона а, белхалойн тобано а хӀоттийра императоран цӀарах Белхалойн хьаштех лаьцна петици, цунна чохь экономикичаьрца цхьаьна могӀара дара политикин амалера тӀедахкарш[33]. Петицис тӀедуьллура къайлаха, цхьабосса дуьххьала дӀа харжамашкахь халкъан вакилат кхайкхар, гражданийн маршо йаккхар, халкъан хьалха министраш жоьпаллехь хилар, урхалла законашца хиларан гарантеш, 8 сахьтан белхан де хӀоттор, пачхьалкхан чоьтах дерриг йукъара дешар хилар, кхин шортта а[34]. 6, 7, 8 январехья петици дӀадийшира «Гуламан» дерриг 11 декъехь, цунна кӀелатесна дара иттаннаш эзарш куьйгаш[24]. Белхалошка кхойкхура кӀирандийнахь, 9 январехь, Ӏаьнан гӀалин майдане, паччахье петиции массара а дӀайалархьама[35].

 
"ЦӀий Ӏанийна кӀиранде". Коссак Войцехан сурт.

7 январехь петицин чулацам бевзира паччахьан правительствон[25]. Цунна чуьра паччахьан Ӏедална дозатохаран политикин тӀедахкарш, тӀеоьцийла дацара урхаллера ражан[36]. Правительствон хаамашкахь церан маххадабора «кӀоршаме» аьлла[37]. Урхаллера гуонехь петици тӀеэцар хьехош а дацара[38]. 8 январехь Святополк-Мирский председатель волчу правительствон хийшамашкахь сацам бира белхалой Ӏаьнан гӀалин тӀе ца кхачийта[39], ткъа эшахь уьш ницкъашца совцор[18]. Оцу Ӏалашонца сацам бира коьртачу новкъашкахь эскаран гӀарулаш хӀитто, цара белхалойн гӀалин йукъа догӀу некъаш къовла дезара. ГӀалин чуозийра эскар, барам 31 000 сов салти а волуш[40]. 8 январан сарахь Святополк-Мирский вахара Паччахьан Йуьрта император Николай II волчу бинчу балхах дерг дийца[41]. Паччахьо дӀайаздира цунах дерг шен тептарехь[42]. Операцин йукъара куьйгалла тӀедиллира Гвардин корпусан баьччин эла С. И. Васильчиковн[43].

Революцин жамӀаш

бӀаьра нисйан
  • Россехь парламентаризм кхиаран йуьхьиг: кхоьллина Пачхьалкхан Дума, ткъа хьалха хилла Российн империн Пачхьалкхан кхеташонах йина парламентан лакхара палата;
  • паччахьан Ӏедална доза тохар;
  • йукъайаьккхина демократин маршонаш, царна йукъахь дешан а, дин лелоран а маршо;
  • магийна говзберташ, кхоллало къайлаха доцуш политикин партеш;
  • юридически дӀайаьккхина цензура;
  • буржуазин таро хилира мехкан политикин дахарехь дакъалаца;
  • белхалойн хьал тоделира, белхан де дацдира 9—10 сахьте кхаччалц;
  • тодина цхьа могӀа кегийра къаьмнийн (полякийн, латышийн, литвахойн) хьал, цуо къоман кхетам айина;
  • ахархойн таман махбалар дӀадаьккхина, уьш дӀасалеларан маршо йаьлла;
  • Земски хьаькаман Ӏедална доза тоьхна;
  • белхан алапа айар[44]

Ибаьхьаллин литературехь сурт гайтар

бӀаьра нисйан

Иллюстрацеш

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Итоги революции 1905—1907 годов // Всемирная история в 10 томах. — М.: Госполитиздат; Соцэкгиз; Мысль, 1955—1965.
  2. 1. Аграрный вопрос в России в начале 20 в. Политика самодержавия. xserver.ru. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 октябрь.
  3. Национальный вопрос в России в начале XX века (1900-1918 гг.). ido.tsu.ru. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 24 октябрехь
  4. Лызлова Татьяна Сергеевна. Национальный вопрос в России в начале XX века и создание еврейских национальных партий. sibac.info. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 октябрь.
  5. Дела № 4 ч. 1 департамента полиции (четвертого делопроизводства) за 1905 год. Доклад директора Департамента полиции Лопухина министру внутренних дел о событиях 9-го января.
  6. Высочайший манифест от 6 августа 1905 г.
  7. «Распределение населения по сословиям и состояниям» с сайта Демоскоп.ру: численность крестьян — 96,9 млн человек, общее население империи — 125,6 млн человек, доля крестьян — 77 %
  8. с 4,8-5,1 десятин на душу мужского населения до 2,6-2,8 десятин, Пушкарёв С. Г. Россия в XIX веке (1801—1914). — Нью-Йорк: Издательство имени Чехова, 1956.
  9. Фёдоров В. А. История России 1861—1917. Социально-экономическое развитие пореформенной России. Изменения в землевладении и землепользовании Архивйина 2012-04-28 — Wayback Machine
  10. «The size of landholdings allotted by the commune to each member has shrunk, in comparison with 1860 (the figure fo the latter year being taken for 100), to 54.2 per cent.»Милюков П. Н. Russia and its crisis (1905). — Chicago: University of Chicago Press, 1905. — С. 436.
  11. с 29 пудов на десятину в 1861—1870 до 39 — в 1891—1900. / Кондратьев Н. Д. Рынок хлебов и его регулирование во время войны и революции. — М.: Наука, 1991. — 487 с. — С. 89.
  12. Реформой 1861 года об отмене крепостного права большинство имущественных отношений крестьян регулировалось волостными судами, действовавшими на основании обычного права, то есть сложившихся в крестьянской среде традиций и обычаев. Нормы общегражданского законодательства, то есть нормативное право, в отношении крестьян практически не применялись. К концу XIX в. неустойчивость и неопределенность имущественных отношений, основанных на обычном праве, стала объектом критики со стороны как буржуазно-либеральных изданий, так и части правительства
  13. к. ю. н. Горин А. Г. Обычное право России в начале XX в.: Правительственная политика // Правоведение. — 1989. — № 1. — С. 43—49. Архивйина 2020-06-16 — Wayback Machine
  14. «Волостные суды решали дела не по общегосударственным законам, но по крестьянскому „обычному праву“; между тем, право это никогда не было кодифицировано и отличалось неполнотой, неясностью и разнообразием, что открывало широкие двери судейскому усмотрению и произволу. Невежественные и малограмотные судьи с трудом разбирались в делах, и главную роль в волостном суде играл его делопроизводитель, волостной писарь, — в результате чего дела в волостном суде нередко решались за взятку (деньгами или водкой). Неудивительно, что авторитет волостных судов стоял очень низко, и что они приобрели у крестьянского населения дурную славу» / Пушкарёв С. Г. Россия в XIX веке (1801—1914). — Нью-Йорк: Издательство имени Чехова, 1956.
  15. «В получении паспорта эти лица бывших податных состояний (мещане, ремесленники и крестьяне) были поставлены в зависимость от мещанских и крестьянских обществ. При наличности недоимок паспортные книжки выдавались им не иначе, как с согласия обществ. А неотделённым членам крестьянских семейств для получения и возобновления вида надо было ещё заручаться согласием хозяина крестьянского двора» / Елистратов А. И. Административное право. — М.: Типография И. Д. Сытина, 1911. Архивйина 2012-01-07 — Wayback Machine
  16. Витте С. Ю. Воспоминания. — М.: Издательство социально-экономической литературы, 1960. — С. 454.
  17. Т. Шанин. Революция как момент истины. Россия 1905-1907 гг. - 1917-1922 гг. — М.: Весь Мир, 1997. — С. 36. — ISBN ISBN 5-7777-0039-X.
  18. 1 2 А. И. Спиридович. Записки жандарма. — Харьков: «Пролетарий», 1928. — 205 с.
  19. Р. Пайпс. Струве. Биография. — М.: Изд-во Моск. школы полит. исследований, 2001. — Т. 1, Струве: левый либерал. — 549 с.
  20. Д. Б. Павлов. Русско-японская война 1904—1905 гг. Секретные операции на суше и на море. — М.: «Материк», 2004. — 464 с.
  21. В. М. Чернов. Перед бурей. Воспоминания. — М.: «Международные отношения», 1993. — 408 с.
  22. Постановление Земского съезда 1904 года // И. П. Белоконский. Земское движение. — СПб., 1914. — С. 221—222.
  23. 1 2 3 И. П. Белоконский. Земское движение. — М.: «Задруга», 1914. — 397 с.
  24. 1 2 Л. Я. Гуревич. Народное движение в Петербурге 9-го января 1905 г. // Былое. — СПб., 1906. — № 1. — С. 195—223.
  25. 1 2 3 4 Г. А. Гапон. История моей жизни. — М.: «Книга», 1990. — 64 с.
  26. А. Е. Карелин. Девятое января и Гапон. Воспоминания // Красная летопись. — Л., 1922. — № 1. — С. 106—116.
  27. 1 2 К истории «Собрания русских фабрично-заводских рабочих С.-Петербурга». Архивные документы // Красная летопись. — Л., 1922. — № 1. — С. 288—329.
  28. 1 2 Начало первой русской революции. Январь-март 1905 года. Документы и материалы / Под ред. Н. С. Трусовой. — М.: Изд-во АН СССР, 1955. — 960 с.
  29. В. В. Святловский. Профессиональное движение в России. — СПб.: Изд-е М. В. Пирожкова, 1907. — 406 с.
  30. И. И. Павлов. Из воспоминаний о «Рабочем Союзе» и священнике Гапоне // Минувшие годы. — СПб., 1908. — № 3—4. — С. 21—57 (3), 79—107 (4).
  31. С. Сухонин. 9 января 1905 года // Всемирный вестник. — СПб., 1905. — № 12. — С. 142—169.
  32. Б. А. Романов. Январская забастовка 1905 г. в Петербурге. (Материалы для календаря) // Красная летопись. — Л., 1929. — № 6 (33). — С. 25—44.
  33. А. А. Шилов. К документальной истории петиции 9 января 1905 г // Красная летопись. — Л., 1925. — № 2. — С. 19—36.
  34. Петиция рабочих и жителей Санкт-Петербурга для подачи царю Николаю II // Красная летопись. — Л., 1925. — № 2. — С. 33—35.
  35. Н. М. Варнашёв. От начала до конца с гапоновской организацией // Историко-революционный сборник. — Л., 1924. — Т. 1. — С. 177—208.
  36. С. С. Ольденбург. Царствование Императора Николая II. — М.: «Феникс», 1992. — С. 265—266.
  37. В. Г. Короленко. Хроника внутренней жизни. 9 января 1905 года // В. Г. Короленко. Собрание сочинений в пяти томах. — Л., 1989. — Т. 3.
  38. Д. Н. Любимов. Гапон и 9 января // Вопросы истории. — М., 1965. — № 8—9.
  39. С. Ю. Витте. Воспоминания. Царствование Николая II. — Берлин: «Слово», 1922. — Т. 2. — 571 с.
  40. В. Д. Бонч-Бруевич. Девятое января 1905 г. (По новым материалам) // Пролетарская революция. — М., 1929. — № 1 (84). — С. 97—152.
  41. Е. А. Святополк-Мирская. Дневник кн. Е. А. Святополк-Мирской за 1904—1905 гг // Исторические записки. — М., 1965. — № 77. — С. 273—277.
  42. Дневники императора Николая II. 1905 г.
  43. С. Н. Валк. Петербургское градоначальство и 9 января // Красная летопись. — Л., 1925. — № 1. — С. 37—46.
  44. fantazer. Результат и итоги революции. supernovum. http://supernovum.ru+(2018 шеран 4 май).
  45. (Распутина А. М., Лебедева Е. Н., Лебединцев В. В., Синенгуб Л. С., Стуре Л. А., Баранов С. Г., Смирнов А. Ф.) Б. Розенфелд. «К истории создания Леонидом Андреевым „Рассказа о семи повешенных“» // Журнал Terra Nova, № 17. Ноябрь, 2006

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Кеп:Йаккхиййн пачхьалкхийн дипломати 1871—1919