Фёдор Никифорович Радус (1911 шеран 2 январь, Новгород-Северский, Черниговн губерни — 1988 шеран 2 август, Житомир) — хӀордан кеманхо, полковник, советско-финскин а, советско-японскин а, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман а декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Фёдор Никифорович Радус
Вина терахь 1911 шеран 2 январь({{padleft:1911|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1988 шеран 2 август({{padleft:1988|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (77 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа морская авиация
Дарж Полковник
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина Орден Красного Знамени орден Отечественной войны Орден Отечественной войны I степени Орден Красной Звезды медаль «За боевые заслуги» медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «За оборону Севастополя» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Тридцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Сорок лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «За победу над Японией» юбилейная медаль «30 лет Советской Армии и Флота» юбилейная медаль «40 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «50 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «60 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «70 лет Вооружённых Сил СССР»

Радус винера 1910 шеран 20 декабрехь Новгород-Северский гӀалахь (хӀинца Украинин Чернигован областехь) белхалон доьзаллехь. Хьалхара дуьненан тӀом болабелча уьш Армавире дӀабагӀара. Цигахь Радусас чекхйаьккхира школа а, аэроклуб а. Иза эскаран авиацин школе ваха лууш вара, амма лоьрийн комиссехь чекх ца валавелира. ТӀаккха иза Соьлжа-ГӀале схьавеара. Кхузахь цо чекхйаьккхира гӀишлой йаран школа, цул тӀаьхьа цо болх бира «Грознефть» трестехь. 1930 шарахь иза ВКП(б) велира. 1931 шеран декабрь дуьйна иза вара Ейскехь йолу ХоӀрдан кеманхойн эскаран школехь доьшуш[1].

ХӀордан кеманхойн школа чекхйаьккхинчул тӀехьа иза оцу школехь витира хьехархо болх бан. И болх Радусас бира 3 шарахь сов. 1937 шеран январь дуьйна Радус Балтикан флотехь. Иза вара 47-гӀ а, 46-гӀа а бомбанаш тухуш эскадрильяшкахь звенон а, отрядан а куьйгалхо. 1938 шеран апрель дуьйна Радус вара 57-гӀа бомбанаш тухуш авиацин полкехь. 1938 шеран июлехь иза хӀоттийра эскадрильян куьйгалхон гӀонча[1].

Советско-фински тӀом бола ма белла иза фронтехь вара. Цо массийттуза дакъа лецира стратегин объекташан бомбанаш тӀетухуш. 1940 шеран 29 февралехь Радус йукъахь волу кеманийн тоба цӀа йорзуш йара. Оцу тобанехь долу цхьа кема мостагӀаш чудожийра. Радусас шен кема уллехь охьа а хаийна, чудожина кеман тӀера кхо кеманхо схьа а эцна, шайн аэродроме йухавеара. 1940 шеран 21 апрелехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца капитан Радусан Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].

1940 шеран декабрехь Радус хьажийра СССР ВМФ куьйгалхойн говзалла шарйаран курсашка. И курсаш цо чекхйаьккхира тӀом болабелчул тӀаьхьа. 1941 шеран 10 июлехь Радус хӀоттийра Балтийски флотан 10-гӀа ийина авиацин бригадан 73-гӀа Ӏункархахкаран бомбанаш тухуш йолу полкан эскадрильян куьйгалхо. Иза вара Пе-2 кема лелош. Цо дакъа лецира Таллин а, Ханко а, Эзель а, Даго а ларйаран тӀемашкахь. 1942 шеран сентябрехь иза хьажийра Ӏаьржа хӀордан флоте. 1941 шеран 29 сентябрь дуьйна Радус вара Севастополь ларйарехь дакъа лоцуш. Массийттуза иза тӀема велира ша-тайпа омраш кхочуш дан. Севастополь ларйаран тӀамехь иза 30 сов тӀеман тӀема велира мостагӀийн салтий а, бронетехника а хӀаллак ян, цхьаъ Ме-109 чудаийтира. Оцу тӀемашкахь цуьнан полкан доккха зен хилира. И зен меттахӀоттадан полк тӀеман йукъара дӀайаьккхира. Дисина кеманаш 63-гӀа бомбанаш тухуш деза кеманийн бригадан 40-гӀа бомбанаш тухуш кеманийн полкан йукъадагӀара. 1942 шеран февраль дуьйна Радус вара оцу полкан 1-ра эскадрильян куьйгалхо[1].

Полк Крымера дӀайигча Радусан майоран дарж а делира, Камышин гӀала а хьажийра. Цигахь иза волавелира 28-гӀа Ӏункархохку бомбанаш тухуш полк кхолла. 1942 шеран июнехь и полк Кольски ахгӀайре дӀайахара. 1942 шеран октябрь кхаччалц полк йара хӀордан конвойш ларйаш. Октябрехь полк тыле дӀайахийтира йухахӀоттайархьам[1].

1943 шеран 23 июнехь Радус хӀоттира Сахалинехь йолу Къилбаседе Тийна хӀордан флотилин 42-гӀа ийина авиацин полкан куьйгалхо. 1945 шеран апрелехь Радус хӀоттира 55-гӀа къастина Ӏункархохку авиацин полкан куьйгалхо. Советско-японски тӀамехь 30 дийнахь кемахойс мостагӀашна 81650 кг бомбанаш чу а кхоьссира, 12 эзар тонн деза 2 транспорт а хӀаллакдира, кхиъ 2 талха а дира. Радус ша 7 тӀеман тӀемавалар кхочуш а дира, 2 ягорг чохь йолу ларма а, 15 эскар а, герз а тӀехьдолуш машен а, 50 гергга салтий а хӀаллак а вира. 1945 шеран 9 августехь цо 6000 тонн йеза йолу мостагӀийн транспорт хӀаллакйира[1].

ТӀом чекхбелча Радус 1946 шеран октябрь кхаччалц вара шен полкан куьйгалхо. 1947—1950 шерашкахь иза вара 19-гӀа минин а, торпедийн а авиацин дивизин куьйгалхонан когаметтаниг. 1951 шеран декабрехь цо чекхйаьккхира Ригехь йолу хӀордан авиацин эпсарийн говзалла шарйаран курсаш. 1952—1954 шерашкахь иза вара эскаран хьехамча Болгарехь. 1960 шеран дуьйна Радус тӀаьхьалоне веккхира. ТӀаккха иза Соьлжа-ГӀала схьавеара. 1964 шеран маехь иза Гудауте дӀавахара. 1964 шеран ноябрехь цо болх бира цигара аэропортан диспетчер. Могшалла талхаран бахьнехь цуьна болх бита дизира. ТӀаккха иза Сочи дӀавахар. 1967—1968 шерашкахь Радус вара Сочин пионерийн цӀенон кеманийн кружокан куьйгалхо. 1968 шо дуьйна иза Соьлжа-ГӀала веара. Кхано иза Краснодаре дӀавахар. Иза цигахь велира 1988 шеран 22 ноябрехь[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии: очерки о Героях Советского Союза. — 3-е изд., доп. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1985. — С. 277—291. — 327 с.
  • Кубани славные сыны: очерки о Героях Советского Союза кубанцах, совершивших подвиги в годы Великой Отечественной войны: в 4 книгах. Книга 2. — Краснодар: Краснодарское книжное издательство, 1985. — С. 193—195. — 250 с.
  • Героев подвиги бессмертны: очерки о Героях Советского Союза — уроженцах Черниговской области / сост.: М. Ф. Церковный, А. Д. Шиганов, Б. Ф. Юрьев. — Киев: Политиздат Украины, 1982. — С. 259—261. — 422 с.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан